ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Спортан министран гIовсаш бовзийтина Кадыровн кIанта – и шиъ ву Даудовн кIант а, Делимхановн вешин кIант а


Даудов Iумар, Кадыров Ахьмад, Делимханов Ахьмад-Хьаьжа. Кадыров Ахьмадан инстаграмера видеон йина скриншот
Даудов Iумар, Кадыров Ахьмад, Делимханов Ахьмад-Хьаьжа. Кадыров Ахьмадан инстаграмера видеон йина скриншот

Дукха хан йоццуш ша дIалаьцначу мехкан спортан министран даржера Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шо долчу кIанта Кадыров Ахьмада бовзийтина шен гIовсаш – Даудов Iумар а, Делимханов-Ахьмад-Хьаьжа а ву и шиъ.

Хьалхарниг – Даудов Мохьмадан кIант ву, регионан премьер-министр волчу, шолгIаниг – Оьрсийчоьнан парламентан депутат волчу Делимханов Адаман вешин кIант ву. Кегийнах болу уьш, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьначу кхеташонехь даьхначу суьрташ тIехь шайл а баккхийчу нахана хьалха хиъна Iаш бу.

Делимханов Ахьмад-Хьаьжин ден цIе Амхьат йу. Кавказ.Реалии сайтан хаамшца, Делимханов Амхьат – лакхахь хьахийначу думин депутатан ваша ву, иза а ву Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь белхаш беш. Спортан министран къона гIовс университетехь доьшуш а ву.

Лакхара доьшийла чекхйаьккхина вац ша Кадыров Ахьмад а, пачхьалкхан балха хIуттучу стеган диплом хила деззашехь. Даудов Iумаран дешна ву аьлла а дац дуьйцуш цхьанхьа а.

  • Кегийрхойн гIуллакхийн министр лаьттина кхо бутт баьллачул тIаьхьа спортан министр хIоттийра Кадыров Ахьмад. Хьалхо оцу даржехь хилла Ибрагимов Iийса – КадыровгIеран гергара стаг ву – мехкан урхалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун гIовс хIоттийна иза. Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллин куьйгалле хIоттийна Висмурадов Рамзан, Кадыровн Рамзанан 20 шо долу нуц.
  • И хийцамаш бинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан премьер-министр хIоттийра Даудов Мохьмад, республикин парламентан спикер хилла волу. Иза дIахIоттийначу дийнахь "Википедихь" хьаькамах лаьцна йаздинчу артиклера дIадайъа гIоьртинера адамийн бакъонаш хьешарна иза бехкехиларх лаьцна дакъа.
  • Пачхьалкхан даржашка гергара нах хIиттор дихкина ду Оьрсийчоьнан низамашкахь, делахь а Нохчийчоьнан куьйгалхочо дуьххьара дац и тоьхна доза тергал ца ден.
  • Делимханов – Кадыров Рамзанан ненехула гергара стаг ву, цуьнан цхьахволу уллора бIанакъост а ву. Делимханов Адам вузу бакъонашларйархошна а, жигархошна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна луьйш болчарна а тIаьхьавийларна, иштта масех стаг цуьнан тIедилларца верца а. Уггар а гIарадаьллачу гIуллакхех дара – Оьрсийчоьнан оппозицин политик Немцов Борис 2015-чу шарахь Кремлан пенаш хьалха вер. Криминалаца а, Украинана дуьхьал болийначу шуьйрачу тIамана а гунахь ву аьлла, Делимхановна дуьхьал йаьхна дуьненайукъара санкцеш. Оьрсийчохь 2022-чу шеран бIаьста пачхьалкхан "Турпалхо" аьлла седа белира цунна. Ткъа кху шарахь инарла-майоран цIе йелира цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG