Германехь тIаьхьарчу 30 шарахь уггаре а гIовгIане шпионийн процесс ю Штутгардехь дIайолаелларг. Оьрсийчоьнна къайлаха болх барна бехке деш, кхеле озийнарш зудий, марий ду. 54 шо долу борша стаггий, цуьнан цIе Андреас ларалуш ю, цуьнан 48 шо долу хIусамнана Хайдруний тIаьхьарчу 20 шарахь Германехь Iаш дара. Шаьш къомах австрихой ду, бохуш, чIагIдора цу шиммо, амма талламхошна хетарехь уьш оьрсийн бу.
Ур-атталла цара шайн ю бохуш лелийна цIерш а харц ю аьлла тешна бу немцойн Iедалхой, Аншлаг фамили лелош долу и шиъ цу хIуманна даредеш дацахь а. И шеконаш марсайоху иштта цу шиннан немцойн маттахь гаррехь Оьрсийчуьрчу нехан хуьлуш йолу акцент хиларо а.
Талламхоша чIагIдарехь, АншлаггIара Австрехь даьхначу харц документашца Германе деана 1990 шарахь я жимма хьалха. Цкъа хьалха Советан пачхьалкхана, тIаккха, иза йоьхначул тIаьхьа, Оьрсийчоьнна айкханчийн болх беш хилла и шиъ, бохуш, чIагIдо немцойн прокуратурано.
Царна белхаш Iалашбеш а, омранаш луш а хилларг КГБ цIе йолу советийн къайлаха сервис хилла, цул тIаьхьа - Оьрсийчоьнан Арахьарчу талламийн Сервис. Иштта билгадоккхуш ду, цушиннан Германе дар Дрезденехь шпионан болх дIахьош Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир волчу муьрехь нисделла бохург а. Цу хьокъехь дукхаъчу журналистийн садуург ду, Путинна шена девзаш дуй те Хайдруний, Андреасий бохург.
Юьхьанца и шиъ экономикехь а, йоккхачу индустрияхь а айкхалла лелорна шеконе лаьцна дара. Амма талламийн рожехь Iедалхошна гучуделира, цара лоьхуш хилларг дукхахьолехь Евробертан а, НАТО тIеман альянсан а леламех долу хаарш хиллийла.
Цу шайн белхашна тIехь цара дийнна цхьа агентийн маша кхоьллина хилла, Европан тайп-тайпанчу пачхьалкхашкарчу бахархойх а лаьтташ. Иштта, масала, цара Нидерландийн арахьарчу гIуллакхийн министраллехь болх беш хилла Путерай Раймонд шайн агIоне ваьккхина, ахчанна дуьхьал къайлаха хаарш дохка иза реза а веш. Талламхоша дийцарехь, хIора шарахь царна Москохара 100 эзар евро ахча луш хилла, бинчу балхана.
Беламе меттигаш а ю АншлаггIар лацарца доьзна. Ишта, масала, немцойн полисхой и ши айкханча лаца церан хIусаме чулилхича, оцу муьрехь Оьрсийчу къайлаха хаам дIалуш Iаш хиллачу Хайдрун дог гIелделла, ша Iачу гIентара чукхетта. Амма ша йожале цо шен шифраца болх бечу машенан сара токачуьра схьабаьккхина.
Прокуратурано итт-итт шераш далар кхойкху оьрсийн айкхачашна. Ткъа церан адвоката Печке Хорс-Дитера иза дукха ду боху, тIехула тIе и шиъ Оьрсийчохь Малхбузенна шпионалла дина, аьлла, бехке винчу шина стагах Москохано хуьйцург хиларе са а туьсу цо.
АншлаггIар дуьххьаранаш бац кху тIаьхьарчу шерашкахь Оьрсийчоьнна айкхалла лелорна Малхбузехь лечначех. Цхьанатоьхна Штаташ, Нидерландаш, Австри, Финлянди, Белги - шуьйра ю цара шайн баннаш кхоьллинчу меттигийн географи.
Къаьстина Путин Владимир а, цуьнан къайлахчу сервисашкара орамаш долу бIо а Кремлан коьрте кхаьчхьана дуьйна жигара дебна доллучу дуьнентIехь а шпионалла лелочу оьрсийн агентийн терахь. Цу хIуман бахьанех лаьцна дийцира Маршо Радионе Белгехь вехачу нохчийн политолога Шахбазов Лом-Iелас.
Шахбазов: „Тахана дуьне чIогIа хийцалуш ду, геополитика а, идеологи а. Цундела и Оьрсийн пачхьалкхе, доллучу дуьнено къобалйина йолу мехаллаш тIе а ца оьцуш, мелхо а, шена цхьа башха меттиг езаш, хIара дуьне а шена дуьхьал а хеташ, гонахара массо а пачхьалкхаш а, цул совнаха а шен куьйга кIелахь хила еза, аьлла, хеташ ю. И бахьана долуш а ду цара и шпионийн болх жигара баьккхар. Къаьсттина Путин Владимир Iедале веъчахьана цара иза билгал карла а баьккхина, чIагI а бина“.
Европехь бехачу нохчашца белхаш беш а кIеззиг бац оьрсийн айкханчаш. Цара толлу бевдда Ширачу континенте схьабаьхкинчу вайнехан дог-ойланаш а, церан хабарш а, лелар а. Глобала политикехь Европерчу нохчех оьрсийн шпионашна бала пайда бацахь а, амма локалан ловзаршна а, питанашца а, шайн ца товш болу нах юьстахбахарехь а белхаш бо цара царна юккъехь, бохуш дуьйцу политолого кхин дIа а.
Шахбазов: “Цкъа делахь, Европехь церан цхьа стратегикаллин интересаш йолчу меттигашкахь нохчий я балхахь а, я некъехь а бац. Амма, вуьшта, шайн Iедалан мостагIий хеташ болчу нахана дуьхьал, царна цхьа новкъарло ярхьама, я царна цхьа тешнабехк бархьама, я царна тIехь тидам латторхьама а бо цара и болх. Европехь цара и белхаш беш хиларан дуккхаъ масалш а ду“.
Ткъа АншлагIарна тIехь Германехь дIахьош йолу кхел кхин а масех баттахь яхлур йолуш ю. Тергамхошна хетарехь, дагахь а йоцу къайленаш серлаяха а мега цу кхело.