ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сталинан набахтеш "Иван Денисовичан" бIаьргашца

50 шо кхаьчна Солженицын Александра «Иван Денисовичан дахарера цхьа де» жайна яздина. Цо дуьххьара гайтира Сталинан репрессеша мел шуьйра, йоккха меттиг дIалаьцна Оьрсийчоьнан дахарехь, мел деха ду набахтийн кочар. Маьхаза белхаш бен миллионаш нах, бала хIиттина къахьоьгу тутмакхаш – и бара халкъана 1917 - 1960 шерашкахь Советан Iедало беъна «пайда». Антисоветан пропаганда лелорна чувоьллина, Экибастузехь № 282 тутмакх а волуш, ша набахтехь даьккхинчу 8 шеран тидамаш бу автора шен жайнехь бовзуьтуш. Ма-дарра гайтира Солженицына Iазапах долу бакъдерг…

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG