ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сталинан депортацеш лайначара тIедожийна къаьмнаш махках даьхначарна хIоллламаш ма хIиттабайта аьлла


Сталинна хIоттийна хIоллам схьабоьллучохь, архивера сурт
Сталинна хIоттийна хIоллам схьабоьллучохь, архивера сурт

Сталинан репрессеш лайначу ГIалгIайчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а бахархоша кхайкхам бина Оьрсийчоьнан регионийн парламенташка а, аннекси йинчу ГIирме а Советан заманахь халкъаш махках дахарна бехкеболчу нехан сий деш урамийн цIераш ма тахкахьара, хIолламаш ма хIиттабахьара аьлла. И хаамбина "Коммерсант" газето.

Бинчу кхайкхаман авторш бу – шаьш бераш долуш депортацихь нисвелла, йа цигахь вина ворхI къано. Цара билгалдаьккхина, тIаьххьарчу итт шарчохь Оьрсийчохь 48 хIоллам хIоттийна хилар Сталин Иосифна, шайн кхерам балхийна цара, пачхьалкхехь "нах хIаллакбина, сийсазбина, бакъонаш эшийначу нехан культ йухаденъйеш" хиларх.

Депортацеш йинчу нехан сий деш хIолламаш бу, кхайкхамаш бинчара бахарехь, 40 регионехь а, 15 регионалан шахьарахь а. Сталинна хIолламаш къаьсттина дукха хилар лерина бала хьегначу наха Къилбаседа ХIирийчохь а, Дагестанехь а, Якутихь а.

"Оцу кепара хIора меттиг сийдайар дацахь а, репрессеш лайначу къаьмнийн векалех цавашар ду. Цхьацца наха шайн лаамца деш ду и, амма хецна дитахь, меттигерчу Iедалхоша могуьйтуш а лелор долуш хIуманаш ду", - билгалдаьккхина махках баьхна хан йаьккхинчара.

Шайн тIедожор хьажийна цара ГIебарта-Балкхаройчоьнан, ГIалгIайчоьнан, Кхарачой-Чергазийчоьнан, Нохчийчоьнан, ГIалмакхойчоьнан парламенташка – хIунда аьлча, "цигахь бала хьегна хиларх а, харцо лелийна хиларх а кхетам бу".

  • Чиллан-беттан 23-чохь 80 шо кхечира нохчий, гIалгIай Сталин Иосифан омраца даймахках баьхначу оцу бохаман терахьан. Шераш девллачул тIаьхьа репрессеш лайначу йеа регионехь бен диллина дуьйцуш дац хиллачух бехкечех диллина дуьйцу Нохчийчохь, ткъа йоллу Оьрсийчохь, иштта къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а цхьаьна, кхуьуш ду диктаторна хIолламаш хIиттор. ХIун бахьана ду оцу бIостаналлийн, къастийра Кавказ.Реалиин редакцино.
  • Стохка шо довш дуьйна Оьрсийчохь лерина СССР-н хиллачу куьйгалхочунна Сталин Иосифна маса хIоллам хIоттийна. II0 бюстах 48 къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а бу, Сталинан пурбанца цигахь а йира халкъашна депортаци. Цу тIе къаьсттина дукха хIолламаш бу советан диктаторна хIиттийна Къилбаседа ХIирийчохь (24), Дагестанехь (9), хаамбира "Можем объяснить" телеграм-канало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG