ТIаьхьарчу тIаьхьенашна а дагахь лаьтта бохам бу – нохчий а, гIалгIай а махках бахар. 80 шо хьалха Сталинан омраца бIеннашкахь эзарнаш нах дай баьхначу латтанашкара лаьхкира: иттаннашкахь эзарнаш царех хIаллакхилира хийрачу мехкашкахь. "Чечевица" операци – вайнехан лазам бу. Шо шаре мел долу жимлуш бу цуьнан тешаш. 2014-чу шарахь фотожурналисто Беляков Дмитрийс берзийра шен "Зераш" проектана тIехь бен болх. Репрессеш лайначийн суьрташ тIехь а, дицарш тIехь а хIоттийнера цо и. Маршо Радионо зорбане доху историн и маьIне долу тоьшаллаш.
Беляковс бахарехь, махках баьхна хиллачийн суьрташ даха волавелира иза 2011-чу шарахь, Къилбаседа Кавказе белхан гIуллакхца ша вахча. Оцу идейн автор а, проектан цхьахйолу продюсер а хилира нохчийн жигархо Исаева Таиса. Ши шо даьлча "Гражданское содействие" организацин куьйгалхочо Ганнушкина Светланас Беляков вовзийтира, оцу заманчохь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекана. Проектана ахчанца гIодар дийхира бакъоларйархочо. Суьрташ дохург цхьана ханна ГIалгIайчохь виссира, ши бутт ца кхоччуш хеначохь 60 портрет даьккхира цо, дийна биссинчу депортацин тешашца 57 интервью а йира. Цхьаболчийн 100-112 шераш дара.
Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовсан дарже веара Евкуров хан йаьлча, Оьрсийчоь Украинана тIелатар а нийса лерира цо, жигара дакъалецира тIамехь, тIетуьйхира фотографо: "Амма хIетте а, ас баркалла олу Евкуровна "Зераш" проектана гIо дарна: Ганнушкинас бохураг цунна "хазарна", тхан аьтто хилира дIабоьдучу цIерпоштан тIегIанах тасадала. Аса 2013-14-чу шерашкахь суьрташ даьхначех цхьа а тахана дийна вац".
Иэс тесна дитарна, 2014-чу шарахь Кадыров Рамзанера бехкбаьккхина бакъоларйархо, историн-энтузиаст Кутаев Руслан льцча, Магасера Мемориалан комплексехь хIоттийра депортацина лерина Беляковн гайтам. Цул тIаьхьа "Зераш" гайтира Москвара Сахаровн центрехь, ткъа 2015-чу шарахь ГУЛАГ-ан Музейхь хIоттйира гайтам.
Довтукаев Амин, Нохчийчоь, 89 шо. Къам махках доккхучу хенахь йагийна хиллачу пхьалгIа дечу меттигехь даьккхина сурт
– Иштта нисделира, сан да вацара, сан деда вара суна цуьнан метта. Тхо махках дохуш, чIогIа цомгаш вара иза, меттахь вара, со вара иза лелош. Салтий баьхкича, дада дуьхьал хилира дIаваха. Со нуьцкъаша дIахьажийра. Дадех хилларг суна ца хаьа… 1957-чу шарахь цIа веара со. ХIусам йацара, йа тхан эвала а йацара. ТIехула даьгначу диттан дакъош, йукъ, нехаш гира суна.
Йоллу тхан Уьш-Кхелли йара иштта. Ахка волавелира со, суна карийра – сайн хьомечу деден корта. Iаржйелла даьIахкаш а… Цу чохь цунна тоьпаш а тоьхна, цIийнах цIе тесначух тера дара. ХIетахь дуккха а йарташ йагийнера аьлла хезира суна. Адамашца цхьаьна...
Евлоев Мухтар, ГIалгIайчоь, 78 шо
– Суна дагадогIу и Iазапе мацалла хьегар, йуург гIенахь дуьхьал туьйсура. Коьртехь цхьа ойла бен йацара: стенгара йер йара-те йаахIума? Суна дуьхьалтуьйсура ГIалгIайчохь тхан нанас йеш хилларг… Цхьана дийнахь, и ду хьуна 48-гIа шо, хьуьнха ваханера со, чIешаш лахьон. Суна вевзаш волу цхьа воккха стаг ву-кх ло кегош. Сан гергара вацара иза, и ша цхьаъ Iаш вуй а хаьара суна, тиф олучу цамгарх цIийнах мел верг веллера цуьнан, махках даьхина далийначу хьалхарчу бIаьста. Цунна тIе а вахна, хьоьжура со: цхьа орамаш лайн бухара схьадохура цо – йуург лоьхура цо. Ас гIо де хьуна хаьттира ас цуьнга, къежна, цо элира, цIа дIакхетавехьа ша, даккхий лайш ду, дIаваха хала ду шена аьлла...ЧIешаш а лахьйина, цунна тIе йухавогIур ву элира ас. Со йухавеъча, батт лайлахь а йолуш, Iуьллуш вара иза. Белшаш меттахъхьайира ас, амма цо дош ца элира. Ас букъа тIе виллира иза…тIаккха доллучух а кхийтира со. Кхеравеллера со – 12 шо бен ма дацара сан. Деца а, ненаца а цхьана дIавоьллира оха иза. Тайп-тайпана ши коч карийра нанна, марчу метта, цу йукъа хьарчийра оха за. Стенах веллера иза? Мацаллина.
Акуева Iайнаъ, Нохчийчоь, 9I шо
– Масийттаза баьхкира сан дена тIаьхьа. Нана ларми чохь лечкъина йара, салташка ас олура, да-нана балха дахна. Сан да шайна карийча, цара цунна динарг дагахь лаьттта суна: кIесаркIаг чу тоьпан бух тоьхна, лаьтта охьавиллира, мийраш беттара… Цул тIаьхьа дийно сарралц тIедогIуш догIа а долуш, лаьттахь латтийра тхо.
Суна йиц ца ло ирча, боьха, хьожа оьху, бежнаш дIасалелон и вагонаш… Тхо дIадуьгучу хенахь цу чохь хIуммаъ а йацара…тхешан некъ бар…шийла йара, массо а Iуьргашкахула мох хьийзара, даим а меца хуьлура тхо... ХIуммаъ а схьаэца пурба ца делира тхан доьзална – йа йуург а, йа тIейухург а. Оха тхешан да лачкъийна латторна оьгIазбахийтинчух тера дара уьш... Павлодарехь сарралц вокзалехь хан йаьккхира оха, цхьана а колхозехь тхуна меттиг бацара – тIаьхьо цхьа казахаш баьхкира тхуна тIаьхьа… Цхьана цIа чу доьлхуш, кхечу цIа чу доьлхуш лийлира тхо масех шарахь, цхьанхьа а тIе ца лоцура тхо, тхо ца оьшура… Нах буу нах бу уьш, цара бераш дуу бохуш, тхох лаьцна массанхьа а даржийнера. Цундела тхох къехкара уьш, нах буучу нахах санна.
Джантаев Баудди, Нохчийчоь, 88 шо
– Тхайн эвларчу массарел а тIаьхьа цIа вирзина ву со – исс шо набахтехь докхуш вара со. Хьостамбоккхург бахьана долуш бархI шо тоьхнера суна, кхин а цхьа шо деа а бахьана а доцуш. Казахийн колхозехь аьчкан пхьар вара со. Цхьана дийнахь балхара цIа вогIуш ву со, урамна йуккъахь Iуьллуш хьостамбоккхург йу-кх. Ас схьаийци-кх иза. Сеттина йара иза, дIа а нисйина, цхьана шарахь сан пхьалгIа лелочухь йара и. Хеттарш дан милице тIекхайкхича, оцу сохьта тIевахара со. Соьга боху: "Джантаев, хьоьгахь цхьа хьостамбоккхург йу, и тхуна хууш ду". Ас боху: "ХIаъ, йолуш йу". ТIаккха соьга боху цара, оцу хьостамбоккхучуьнца сурсаташ йухку жима туьканан догIа а даьккхина, цу чохь къола дина ахь. Ас къола дина дацара! И хьостамбоккхург соьгахь хиларна, бархI шо хан туьйхир-кх суна…
Монголихь хан текхна ас. МаьIда доккхучу меттиге белхашка хьажийнера со. ХIун маьIда ду цигахь, ас хатта а ца хьаттинера. ТIаьхьо дIахьединера соьга, и меттиг къайлах лелош йу, хан йаьккхинчул тIаьхьа а цIа вохуьйтур вац хьо аьлла. Иркутскехь набахтехь латтийра со, йуха Новосибирскехь. Башхалла муха йара хьуна аьлча, чохь хан йаьккхина хиларна, конвой йацара соьца, йуург а маьрша йара. Делахь а, дийнна шарахь шаьш суна хIун дер ца хууш хьийзира уьш: махках ваьккхина хилларг ма вара со.
Ужахова Фатима, ГIалгIайчоь, 84 шо
– 1944-чу шарахь Алма-Ата дIахьовсийра тхо. Нана пхеа шарна хан тоьхна, чуйоьллира административан низам талхорна. Комендантера бакъо йоцуш ша йехачу эвлара дIа а йахана, гергарчунна кхечухьа дехьайолуш гIо динера цо. Со хIетахь 9-чу классехь йара. Со суо йара…Ма йилхира со. ЧIогIа йевзаш йолчу инзаречу АЛЖИРехь (даймахкана йамарт хиллачийн хIусамнаной чохь латтон Акмолинскан лагерь)…
Оздоев Макшарип (Чумакошвили), ГIалгIайчоь, 95 шо
– Кхузарчу, Кавказерчу НКВД-н кхийсархойн дивизин декъехь вара со, цул тIаьхьа кхин дIа вахара со. Берлинехь хилла, Рейхстаг гина… Фамили тIамтIехь стенна хийцирий? Кхин дIа а тIом бан, сайн полкахошца цхьаьна фашист хIаллакван. Уьш боцуш – цIа муха гIур вара со? Оздоев а со вара, Чумакошвили а со вара. ГIалгIа вара со, "Телавира гуьржи" хилира сох. Къам хуьйцура, вина меттиг а. Ишта вехир-кх со, гуьржи волуш санна. Тхан доьзал кхин дIоггара безаш бацара кхузахь: хаьа-кх хьуна: гуьржи, цу тIе НКВД-ра. Цундела дерриг а кехаташ йуха хийцира ас – паспорт а, фамили а, лулахошна дерриг дIа а дуьйцуш…Ткъа сан барзакъ – цIечу камарийн басахь го болу сийна фуражка а, таьIна сийна галифе-хеча а- кIанта йагийра цIе тесна.
Габаев Хьумид, Нохчийчоь, 85 шо
– Сан да Казахстанехь кхелхина ву. Цо сатуьсург цхьаъ дара – шен даймахкарчу лаьтта бухахь Iиллар. Соьгара дош ца даьккхинера цо, амма ас сайнна дага а деана дира и (Нохчийчохь дуккхаъчара дора и). Тхайн моллина тIевахна, къамел дира ас цуьнца, иза дуьхьал вара, амма сайн лулахошца Казахстане йуха а вахна, сайн де каш схьалехна, цуьнан даьIахкаш схьа аьхкира ас. Сан лулахоша зудчун даьIахкаш хьалайехира- церан нана йара и. Ас йоккхачу йаьшки чу йехкира даьIахкаш, цара – чамди чу. Москвахула Нохчийчу кхечира тхо. ДаьIахкаш хих йаьхна, марчу йукъа а хьарчийна, Вашандаре олучу тхайн эвла йаьхьна лаьттах йоьхкира. Оцу тIехула суна гIело йан ца хIоьттира цхьа а. Итт шо хан тоха тарлора суна боу цу тIехула, амма оцу баланах велира со – иза кхалхарх Нохчийчохь тоьшалла ца ийцира ас.
Медов Якъуб, ГIалгIайчоь, 77 шо. Медов Жабраилна реабилитаци йарх тоьшаллин кехат карахь. 1937-чу шарахь тоьпаш тоьхна цунна
– Тхо Казахстане дIадуьгучу хенахь, уггар а садетта хала дерг мезий дацара, лартIахь йуург цахилар а дацара, шен гIуллакх дан хьоштагIаш цахилар дара доьхнарг. Уьш йанне а йацара. ХIора вагончохь Iуьрг доккхура – уьрсашца, дагаршца. Дуьхьало йора…кузашца, йургIанашца… Массарна а хьалха зударшка ца далора шайн гIуллакх. Тхан гIиллакхашца эхье ду и…
Цхьа жима йоI вагон чохь йеллера, хьоткъана дукха садеттарна ахкаргаш лилхина. Кхин цхьа хIума а хилира: цхьана социйлехь шен гIуллакх дан араиккхинера цхьа жимстаг, йуха ван ца кхиънера иза, цIерпошт дIа а болабелла, конвойхь хиллачо герз тоьхна вийра иза. Вада гIоьртинера аьлла, бахьана а дина, вийра-кх! ЦIерпошт ца сацон. Вагонна буха туалете иддарш, чкъургашна йукъахь биссина, белла меттигаш нислора.
Мамоева Сану, Нохчийчоь, 89 шо. Депортацера , набахтера а ша цIа йеъначу чамдина уллохь даьккхина сурт
– Белхих хевшина Iара тхо, самукъане дара, эшарш лоькхура. Вотанийн меттана чамданаш лелайора оха: цу тIе вота тухура, ткъа шолгIачу Iуьйранна тхуна мотт тоьхнера…НКВД.
Цхьа йиш йара цигахь: маьIна иштта дара: "Сталин дела Iилла хьо йаьшки чохь…" Халонга даьллера суна: со йиш локхуш а ма йацара, эхь хетара суна, ткъа кхелехь соьга элира: "Хьуна набахтехь даккха бархI шо хан туху". Со йуьйхира. Суьдхочо шолгIа а хаьттира соьга: "Хьо кхеттий таIзарх?" Со тIаккха а йист ца хуьлу. Нохчийн матте гочде цунна аьлла, дехар дира гочдархочуьнга. "Хьуна бархI шо тоьхна, реза йуй хьо?". Со йилхира, чIогIа реза йу элира ас: 25 шо тоха а ма тарлора!
Со цхьаммо а маре ца йигира цул тIаьхьа – зэк хилла ма-йарий со. Со санна чохь хан йаьккхинчо къастийра со эххар а. Казахстанан прокуратурера сайна реабилитаци йарх тоьшалла даьккхира ас, суо политикан репрессеш лайнарг хиларх а, амма суна хьалха цхьаммо а гечдар ца дехна соьга, суна и чIога мехала дара.
Со-м къинтIера йер йара, амма ца луучух тера ду цхьана хIуманна суна гечдан. Суна-м ца хаьа, суо стенна бехке йу а.
Ахьядов Абу, Нохчийчоь, 112 шо. Дуьненан Хьалхара тIом а лайна цо, коллективизаци а, ШолгIа дуьненан тIом а, депортаци а, махках ваьлла 13 шо а, Нохчийчуьра ши тIом а
– Суна новкъа ду тхаьш махках дахар, хIусамаш а йуха йан дийзира, бомбанаш йетачу хенахь дохийна цIа а йухаметтахIоттон дийзира. Кхузахь хилла салтий а харцахьа лелара. "Зачисткаш" йечу хенахь сан мидал лачкъийнера цара. Со тIеман ветеран ву, сан бIе шо кхачарна лерина мидал йеллера суна, кехат дитинера, сувенир санна мидал дIайаьхьнера. Суна чIогIа новкъадеанера и.
Шадиев Iалавди, ГIалгIайчоь, 94 шо
– ГIуллакхь дан НКВД кхаьчнера со. Цигара дIа ГУЛАГ-н урхалле дIавахийтира со. Суна депортаци ца йинера, амма эскаран гIуллакх деш вара со Китайн-Казахстанан дозанехь. Карлаге, Степлаге кхечира: Кенгир, Крестовский, Майкудук…иштта меттигаш йара…
Йуьхьанца тIехь Iуналла доцчу берийн терго йечу хьукматан лакхара инспектор вара со. Цхьана дийнахь белхан хьокъехь тхан урхаллина 30 чакхарма дехьарчу меттиге вахийтинера со. Махках баьхначу нохчийн, гIалгIайн берийн хIусам йара цигахь, наной беллера церан.
ДIакхаьчча со: къевлина цхьа йоккха гIишло йу-кх. Суо хила ма-веззара белхан духарца ву со. Цигахь болх бечунна гина со – дIаведи-кх иза… ГIалгIайн цхьа йоI тIейеара суна, къамел долий йоха. Цо боху: "Галашки эвлара гIалгIа йу со. Хьажахьа, ваша, кхузахь бераш ду, цхьана а кепара йуург йац. Тхоьца бала болуш стаг а вац, тхаьш майданашка, аренашка а лесташ, меттигерчу нахе сагIа доьхуш лела тхо, кегийчарна йуург а латтош…". Го баьккхи ас цигахь, гуш ду суна- муьшдечигашна бухарчу ча тIехь шина могIарехь Iохкуш бераш. Кегий бераш…Ча тIехь Iохкура уьш, бехчалгаш тIехь, куьйгаш схьакхийдадо, ткъа куьйгаш – кIайн-сийна. ГIо доьхуш..Суна гира: леш дара и бераш.
ТIаккхахула кхечу лагере хьажийна со инспекцица. Дозане хьоьжу со, го бохуш – ирча хьал ду-кх. Санитарин хьелаш дац, мацалла… Баракашкара маьнгеш тIера корта буьллучу меттигашкахь цIийш ду -къийзоргаш бахьанехь.
Баракашна тIехьа нишкагIойлаш йу, царна тIе гIойла дац, йерриг йуьзна, боьха. Оцу боьхаллашна йуккъехула текхаш догIуш адам го суна. Карахь йай бу цуьнан, лаьттара цхьаъ лехьайо цо…карайеънарг йай чу а тосуш. Йуург лохуш хиллера иза цигахь, дийна диссина кIен буьртигаш лоьхуш, йа цхьа кхин хIума…
Дикка цуьнга хьаьжна со, кхийтира, вайнахах вара иза. Мохь туьйхи ас цуьнга, тхан маттахь жоп дели цо. Цунна цхьана а агIор гIо дойла йацара сан. Оцу лагера со йухавеъча, и стаг вацара: вахкавелла хиллера иза.
***
Нохч-ГIалгIачоь дIайохош 1944-чу шеран зазадокху-беттан 7-чохь хIоттийначу указ тIехь билгалдаьккхарца, "Чечевица" цIарца йолийначу операцица къаьмнашна бертаза депортаци йина хиллера, "Даймехкан тIом боьдучу хенахь, къаьсттина Кавказехь немцойн-фашистийн эскарш летачу хенахь, дукхаболу нохчий а, гIалгIай а даймахкана йамарт бийларна, фашистийн оккупанташкахьа дехьа а буьйлуш…"
Депортаци йолайелла 60 шо даьллачул тIаьхьа 2004-чу шарахь Европарламенто резолюци тIеийцира, нохчий махках бахар геноцид йара аьлла.
2022-чу шеран ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана йина геноцид" йемалйеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь.
2024-чу шарахь Дагестанан прокуратуро дIахьедина нохчашка, Iедалхошкара пурба доцуш акциш, митингаш, пикеташ хIиттон мегар дац аьлла. И доьзна ду чиллан-беттан 23-чохь Новолакскан кIоштахь хIиттон дагахь хиллачу барамашца. Цу дийнахь 80 шо кхочу Сталина нохчашна а, гIалгIашна а депортаци йина.