ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополера полисхой шена наркотикаш тийса гIоьртинера аьлла латкъамбина "Ахматан" эскархочо - зорбанаш


"Ахматан" цхьахдолчу декъан эскархой, гайтаман сурт
"Ахматан" цхьахдолчу декъан эскархой, гайтаман сурт

"Ахматан" цхьахдолчу декъан эскархочунна дуьхьал ницкъ баьккхина Ставрополан кIоштахь некъан полицин белхахоша, цунна наркотикаш таса а гIоьртина. Цунах лаьцна хаамбина ASTRA телеграм-канало, кхечу хьасташкахь информаци тIечIагIйина йац.

Журналистийн хаамашца, инцидент хилла мангал-беттан йуьххьехь "Кочубей-Минводы" трасси тIехь. Кехаташка хьажа полисхоша сацийнера 35 шо долу Д.Джаватхан. Цуьнга хаьттина хиллера, магийна йоцу хIуманаш, герз, кхинболч тIеман гIирс буй хьоьгахь, гIодайукъара тIоьрмига чу хьовсийта аьлла хиллера цара. Цул тIаьхьа "ахматовцана" ницкъбинера – цо дIахьедина, шех талламаш бира, кIай хIума чохь йолу пакет таса гIоьртира шена аьлла. Цул совнах, бакъоларйаран органийн белхахоша аьшнаш динера цо гIуллакх ден дакъа а.

"Астран" хьастийн хаамца шаьш полисхоша рапорташкахь йаздина, цунна дуьхьал а бкъонехь магийна доцу хIума дина дац шаьш аьлла. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралин белхахочун хьокъехь болийна таллам бу, чIагIдо телеграм-канало. Официалехь и хаамаш тIечIагIбина бац.

  • Нохчийчохь мел кIезиг а 14 дакъа ду мехкан президент хиллачу Кадыроы Ахьмадан цIарах. Царех ах бохург санна Украинехь шуьйра тIом болийначул тIаьхьа вовшахдиттина ду. Диссинарш терроризмаца къийсам латтон аьлла масийтта шо хьалха кхоьллина ду.
  • Мангал-беттан йуьххьехь нохчийн "Ахмат" спецназ Белгородан кIошта дехьакхоьсира Харьковн агIор болчу тIемашкахь дакъалацийта аьлла. Цунах лаьцна дIахьедира декъан командиро Алаудинов Аптис, Оьрсийчоьнан тIеман Министраллин коьртачу урхаллин тIеман-политикан белхан хьаькаман гIовса.
  • Бахначу мангал-баттахь Белгородан кIошта хьажийра нохчийн кхин цхьа дакъа а – "Запад-Ахмат" батальон. Цо ларйан йезаш йара регион диверсийн рейдех, делахь а, кеп-кепарчу хьастийн хаамашца, тылехь позицеш дIалецира цара, Украинехьа тIемаш бечу лаамхойн тобанийн а, иштта Ичкерин дакъойн а чулелхар саца ца делира цаьрга.
  • Бахмут йолчахь йийсаре эцна хиллачу "Ахматан" спецназан эскархочо стохка аьхка дIахьедира, буьйралло нохчий хье ца беш, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархой хьийсош хиларх тIемаш боьлхучу хьалхарчу могIаршка, ишта бохура царна ледарниг латтабо тIеман гIирс а, йа цхьана а кепара уьш кечбеш а бац тIамана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG