Стигалкъекъа-беттан 10-хь ЧВК батальонаш Донецкан махкарчу Бахмут гIалара арайевр йу аьлла, дIахьедира ЧВК "Вагнер" вовшахтоьхначу Пригожин Евгенийс. Шаьш лаьттина меттигаш цара Оьрсийчоьнан тIеман министраллица болчу эскархошна дIалур йу. Шаьш арадовла лерина хиларан бахьана ду элира цо, тIеман гIирсан къоьлла а, дуккха а эскархой леш хилар а, йаздо оьрсийн Свобода Радиос.
ДIахьедаран видео а, текст а Пригожинца йоьзначу телеграм-каналашкахь дIахIиттийра. Хьалхарчу сарахь цу каналашкахула йаржийра иттаннашкахь декъий гойтуш, йаьккхина видео. Цо дийцарехь, уьш ЧВК "Вагнеран" йолахой бара. Церан кхалхарна бехке цо тIеман министралла йо.
ДIахьедарехь ма-аллара, стохка, зазадоккху-беттан 16-хь - Украине боккха тIом боккхуш чугIоьртинчул кхо кIира тIаьхьа - ЧВК батальонашка тIеман лерринчу операцехь дакъалаца кхайкхира. "Стигалкъекъа-беттан 9-хь
"Бахмут схьайаьккхина хила йезаш йара. И дерриге хуучу хьаькамаша стигалкъекъа-беттан 1-хь дуьйна тхо артиллерин гIирсах дIахадийна латтийра"- боху Пригожина. Цо дийцарехь, и бахьана долуш "геометрин прогрессехь" уьш леш лаьтта. ЧВК буьйранчаша стигалкъекъа-беттан 10-гIа кхаччалц Бахмутехь биса сацам бина, йуха шайн "чевнаш йерззалц" йухабовла дагахь а бу. Цул тIаьхьа шаьш лаьттина меттигаш тIеман министралле дIа а лур йу цара.
Пригожина бахарехь, Бахмут схьайаккхаран операци гIадужу-баттахь дIайолийна йу. Амма гIала хIинца а схьайаьккхина йац - украинхойн эскарша латтош йу цуьнан малхбузехьара кварталаш. Цу денца ша "Бахмутская мясорубка" олу операци дика дIайоьдуш а хета Пригожинна.
Пригожинан дIахьедар Кремлехь "гина" элира Путин Валадимиран пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Цул совдаьккхина цо кхин хIума ца дийцира. Оьрсийчоьнан тIеман министралло цу хьокъехь шен дош аьлла дац.
Пригожина хьалхо а дийцира ЧВК "Вагнерна" тIеман гIирс цатоарах - шен тIаьххьарчу дIахьедарца цо видео дIайазйира, иттанашкахь долчу ЧВК-н йолахойн декъешна хьалха хIоьттина йаьккхина йолу. Уьш кхалхарна цо бехке бира Оьрсийчоьнан тIеман министраллин куьйгалхо Шойгу Сергей, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу штабан куьйгалхо Герасимов Валерий а. Украинин агIоно дийцарехь, Бахмутна гергачу тIамехь оьрсийн эскарера а, ЧВК "Вагнерера" а дийнахь масех бIе стаг леш ву, наггахь - эзар а. Оьрсийчоьнан тIеман министралло кхелхинчеран терахь билгалдоккхуш дац. Пригожин Евгенийс а ца хьахадо и терахь, амма белларш "дуккха а" бу олу.
- ЧВК "Вагнер"- Оьрсийчоьнан официалехь доцу тIеман цхьаьнакхетаралла. Иза вовшахтоьхнарг Петербургера бизнесхо, президент Путин Владимиран накъост Пригожин Евгений ву. ЧВК йолахошлахь набахтешкара схьабалийна тутмакхаш бу. Украинерчу тIамехь жигара бу уьш, Шемахь а, Африкехь а дIахьочу операцешкахь дакъалаца боьлху. Компанин тIемалой бехке лоруш бу дуккхачу зуламашкахь, кхел ца йеш, адамаш дайъарехь цхьаьна. Пригожина иза бакъ дац ца олу, амма даредина тIелоцуш дац. Цхьа могIа пачхьалкхаша ЧВК "Вагнер" зуламхойн цхьаьнакхетаралла лерина ду.
- Официалехь оьрсийн низамехь ЧВК "Вагнер" йоцуш йу. ТIеман министраллин хаамашца, цу структурин йолахойн батальонаш "лаамечеран тIелатаран батальонаш" аьлла дIайазйина йу.
- ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо, бизнесхочо Пригожин Евгенийс Оьрсийчоьнан парламенте тIеман гIирс шена эшарах ца йаздинехьара, хIумма а дацара, элира Орсийчоьнан парламентерчу нохчийн векало Делимханов Адама. "Соьга аьлча, тоьуш ма дара", - тIетуьйхира цо. Хьалхо хаамийн гIирсаша дийцира, Пригожинан, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хила тарлочу девнах лаьцна.