Венин ратушехь, дуккхаъ бевзаш болу политикш а, адамийн бакъонашларйархой а, юкъараллин жигархой а болуш вазвеш вара Австрера профессор, нохчийн къоман доттагIа Ступник Зигфрид. Дуккхаъ нохчи а бара цу кхерчаш шайна кху иттех шарах вевзаш волу Ступник декъалван баьхкина.
Шена тIе тидам бохуьйтуш дара цу суьйрене гулбеллачарех цхьана нохчийн зудчо аьлла дешнаш: „Масийта шо дара-кх со кхечу къомах болчу наха иштта вайн къам хаза дуьйцучу меттехь хиланза. Ма дика ду со кхуза еана а, кхузахь вайх лаьцна дийцинарг суна хезна а“ - аьлла.
Ян а яра Венин уггаре а хазчу гIишлойх йолчу гIалин куьйгаллин кхерчахь шинари суьйранна йийцаре йинарг нохчийн тема. Амма яцара хаамийн гIирсашкахь а, цхьаццаболчу популизм лелочу политикийн багахь а санна вуочу агIор йийцаре еш, массо а зулам а, массо а талор а нохчийн куьйга деш санна гайта гIерташ.
Нохчийн хаза Iадаташ, церан гIиллакхаш, церан догцIеналла, хьаша-да тIеэцар, шайн дина дика диц ца деш уьш хилар, ткъа уггаре а хьалха Австрина, кхечу Европерчу пачхьалкхашна а, - шаьш бех-бехачохь нохчи вуно йоккха таронехь совдалар а, совгIат а хилар дара.
Иза дерриге 2003-чу шарахь шена дуьххьара нохчийн мухIажарийн доьзал бевзича дуьйна схьа вайн къомаца гергарло а лаьцна, гIел ца луш Австрехь бехачу вайнеха хьашташна къахьоьгучу Ступник Зигфридах даьлла беркат дара. Австречу „СОС-Митменш“ цIе йолчу адамийн бакъонашлайаран юкъараллин совгIат делира цунна, цуьнан болх къобалбар билгалдоккхуш.
Ша суьйренан коьртачу турпалхочуо, совгIат схьаоьцучу къамелехь билгалдаьккхира, и совгIат шена делла дац, Австрехь мел бехачу нохчашна делла ду, аьлла.
СовгIат даларан церемони дIайирзинчул тIаьхьа Маршо радионе Ступник Зигфрида дийцира, ша нохчашца болх бан, воллане а Нохчийчоьнца бала хила а муха волавелира бохучух лаьцна.
Ступник Зигфрид: „Дерриге а дIадолалучу хенахь со психологин студент санна практика еш вара мухIажаршца. И хан уггаре а дукхах нохчийн доьзалш Австре мухIажарш санна схьаэха болабеллачу ханца цхьаьнаеара. 2003-шо долалун хан яра иза. ХIетахь суна дукха нохчи бевзара, иштта цхьа тIехула бевзина а Iаш, вуно гергара бевзира суна уьш. Хьуна хьайна ма хаий, нохчаша хьаша-да тIе муха лоцу.
Цу нахах мухIажарийн пансионашкахь бехачара, нагахь санна шайн цигахь тIевеанарг чуваийтар Iедалша магийна делахь, оцу сохьта хьошалгIа кхойкхура со. Иштта дIадоладелира сан цаьца доттIагIалла. Суна лууш хилларг хIун дара аьлча, церан култура кIоргера йовзархьама цу културах ка ма доллу дIаиэн лаьара суна.
Цу къомана юккъехь лелаш долу низамаш а, бакъонаш а. Вуно хаза а хан яра иза. Суна сайна вуно пайдехь а, беркате а болх бара иза, сан дахар хIетахь дуьйна дуккхаъчу керлачу доттагIаллашца хаздина болу“.
Ша вевзаш болчу массо а вайн махкахошна дика евзачу сонталлех хьаса боцучу амалца Ступник Зигфрида билгалдаьккхира, нагахь санна цара шеца цхьаьна болх бина ца хиллехь, шеца нийса цу доллучу шерашкахь къахьегна ца хиллехь, шен кадер дацара хIуммаъ дан, я ша лелочуьн мах а хир бацара, аьлла.
Ступник Зигфрид: „Сайна дагахь а доцуш нисделла ду тахана цу совгIатца сан болх иштта къобалбар. Я цкъа суна моьттина а дацара, и болх иштта билгалбоккхур бу аьлла. ХIунда аьлча суо вехачу Кернтен лаьттахь, мелхо а, хIинцалца схьа и болх тIецаэцар а, иза къобал ца бар а сайна девза дена. ХIинца-м башха иштта а шога а дац цигара хьал, амма хьалха, цигахь Маршонан парти Iедалехь йолчу хенахь, хIетаъ-ветаъ гамонца тIеоьцуш бара ас беш болу болх. Бакъду, цхьа тешам белла суна хIокху совгIато: нагахь санна ас нохчех лаьцна олуш долуш дош хIинцачул тIаьхьа цхьажимма алсамох а юкъараллехь дIахьезаш хилахь, тIаккха и совгIат далар эрна хир дац. Цул совнаха хIара совгIат ас Австрехь мел бехачу сайн нохчийн доттагIийн цIарах схьаэцна ду. Царех шиъ тахана доллучу дийнахь соьца ду, и шиъ ца хиллехь, сайн Вена евзаш воцучу суна хIара кхерч карор яцара, тIаккха соьга хIара совгIат а схьаэцалур дацара“.
Нохчийн мукъамаш, нохчийн Iадаташ, Австрехь бехачу нохчийн кхиамаш - дуккха а диканиг а, хазниг а дара ког ловза меттиг боцуш юьзина хиллачу Венерчу ратушин кхерчахь шинарий сарахь хезаш. Ткъа цу даздарийн коьртачу турпалхочунна совгIат даларан дакъа чекхдаьлча гулбеллачерна хьалха нохчийн безаман эшар лекхира Венехь вехачу иллиалархочуо Абзотов Аслана.