ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь кафе эккхийтина нохчий юха а лебина суьдехь


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Венехь шен болх юха а дIаболийна нохчийн тобанна тIехь дIахьочу кхелан процессехь. Верриге а исс стаг ву дов хоттушверг.

Даханчу шеран Зазадоккху-баттахь ХIоллабрунн олучу Лахарчу Австрерчу жимчу гIалахь пиццерия эккхийтарна бехке веш ву ворхI нохчи. Иштта цу пиццериян долахо хилла волу ши турко а ву лаьцначарна юккъехь.

Карладаккха догIу. Шен ресторанехь пайдана мах ца хуьлуш волчу туркочо шина нохчочуьнга дехар динера мехах цунахцIетассахьара аш, аьлла. Яьгначу пиццериях земеттахIотточу кампанера 200 эзар евро герга компенсаци яккха гIерташ хиллера иза. И дехар цу шина нохчочо, шайца кхин 5 накъост а эцна, вахана, кхочушдинера, прокуратурано чIагIдарехь.

Бакъду, жимма цIе тесина, ресторанна зе дарна метта цара совтIеха бензин а доьттина, инзаре доккха эккхийтар динера. Цу экккхийтаро пиццерия хIаллакйина ца Iаш, цунна уллора вилспеташ юхку туька а йохийна дIаяьккхинера. Луларчу цIенойн кораш лелхийтинера. Цу лулахь бехачу бIеннаш нахана эвакуаци ян дезнера.

Эккхар дечу хенахь шайн петаршкахь бийшина хиллачу бехк боцучу нахана газах дIавш даьлла, уьш лоьрийн цIийна кхачийнера. Ткъа уггаре а цу исторехь ша-башха дерг – цIетасса ваханчу шина нохчочух цхьаъ эккхаран тулгIено кхоьссина гена дIавахийтинера. Цунна масийта даьIахк кагйеш чевнаш хиллера.

Ткъа цуьнан накъост иза а эцна, лоьрийн цIийна вахча, цигахь иза йоьдуш лаьттачу машенчуьра охьавоьжна аьлла кийтарло йинера цу шиммо. Кхелахочо Бандион-Ортнер Клавдияс билгалдаккхарехь, лоьраш оцу сохьта кхеттера и кийтарло цхьа криминал къайлаяьхьа ялош юйла. Цундела цара полице хаам бинера.

Кхелехь шаьш динчунна мукIарло дира цIе тасса ваханчу шина нохчочо. Бакъду, иштта дера эккхийтар дан Iалашо яцара шайн, элира цара. Мелхо а, шайл хьалха цу ресторан чохь цуьнан долахочо-туркочо кхин а бензин Iанийна хиллий-те аьлла шеко кхоллаелла шен элира цу шиннах цхьаммо.

Ткъа шен чевнаш йирзинчул тIаьхьа иза а, цуьнан накъостийн а туркочуьнгара бакъо еха вахнера. Цара цо шайна лур ду аьллачу 1500 евро меттана шайна 150 эзар евро схьадехнера, прокуроро чIагIдарехь.

Масех кIира хьалха бехкебечаьрга хеттамаш бинчул тIаьхьа пауза йиначу кхело хIинца хиламан тешашка ладуьйгIира. Цу пиццерияна ши гIатт лакхахь Iаш хиллачу 21 шо долчу йоIа ша йижина яра ерриге а чоь егош хиларна самаиккхича, бохуш дийцира. „Суна хезна долу тата дуккхаъ машенаш вовшахкхетча санна дара. Со корехула арахьаьжча цу ресторанан ах чоь-ко арахь Iуьллуш гира суна“.

Ялх машенахь баьхкинчу цIейайъархоша масех сохьтех хи диттича бен лах ца еллера эккхийтарх яьлла цIе. Йоллу гIишло а газца йохъеш хиларна, и цIа а муьлхачу а мIаьргонехь эккхарна кхерам бар, бохуш дийцира цIейайъархойн куьйгалла динчу Холцер Кристиана.

Кхелахочо и эккхийтар бахьана долуш нах баларна кхерам барий аьлла хаьттича цо элира, цу цIачохь бийшина хилла нах сихонца цу чуьра ара ца баьхнехь, газах дIаьвш даьлла уьш синкхетамчуьра бовла йиш яра, аьлла.

Ала догIу, ворхI нохчочунна а, цаьрга шайн пиццериях цIетассар тIедиллинчу шина туркойчуна а тIехь кхел дIахьош ерг Австрин юстицин министр лаьттина йолу цIеяххана кхелахо Бандион-Ортнер ю. Ша кхел лакхарчу кхерамазаллин гIулчаш яхарца ларъеш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG