Бзаров Аслан
Нальчикан гарнизоно кхел йолийна ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь экстремизмна дуьхьалоечу Центран куьйгалхо лаьттинчу а, цуьнца болх бинчу а полисхошна тIехь. Хилла девнан хьалхара ладегIарш. ВорхI стаг ву шаьш нах байарх, адамашна тIехь къизалла яллорах, ахчанаш дахарх жоп луш.
Масала, Центран коьртехь Iийна Хамхоев Тимур бехкево лецначаьргара тIех даккхий ахчанаш дехарна, царна тIехь Iазап латторна, талораш дарна.
Хамхоевн гIовс лаьттинчу Хандогин Сергейга жоп доьху нах лерринчу гIирсах пайда а оьцуш хьийзорна.
Полисхочуьнга Беков Iалихане хоьтту, цо муха хьийзабора, муха бойъура нах. Адамашна гIело ян бакъо шена стенгара яьллера дийца декхаре ву кхелехь Аспиев Iиса.
Висинчу веамма а дала деза оццу хеттаршна жоьпаш.
Дов тIеман кхело луьсту зуламаш дарна бехкебечех цхьаъ – Цороев Мустафа - ГIалгIайчуьрчу къайлахчу сервисан (ФСБ-н) белхахо хиларна.
Бехкене дехкина зуламаш даккхий а, листа хала а делахь а, вуьйцучех массех бен вац лаьцна кхобуш. Шинна магийна шайн цIахь, чуьра ара-дIаса ца буьйлуш баха. Ткъа хьахийна Аспиев махкара ара цавала дош а доккхуш, витина, шен болхбеш Iийра кхечу цхьана зуламах возавелла хила тарло аьлла лаццалц – иза лецира цунна бехк тIебаьхначу прокурорна тIелатар дича.
Дирзинчу кIиранах хилира кхелан хьалхара кхеташо. Цигахь бехкебечара шаьш резадац элира тIебаьхьначу бехканна, шаьш иза харцо лору, элира.
Шен кхеташонаш кIиранах доьазза дIаяхьа а, прокуроро тоьшаллаш муьлхачу ражехь довзуьйтур ду а къастийна кхело.
"Кхел футболах ловззал йолчу яккхий чоьнаш чохь дIайоьду. 6 гур бу, меттиг тоьа 44 адвокатна а, жоьпе ийзийначара хьийзийна бохучу 20 стагна а, прокуроран агIонна а, кхеле балийначийн гергарчарна а, дов тергалдан луучу 200 хьажаорхочунна а. Нах вуно дукха бу, пресса а ю. Журналисташ юьхьиге ладогIа бен ца битира, арабехира. Видео, суьрташ даха ца магийна, аудио ян мега", - дийцира пхеа бехкевечун агIолоцучу дуьненаюкъарчу бакъоларъяран "АГОРА" компанин адвокато Сабинин Андрейс.
Маршо Радион тидамехь хир ю процесс кхидIа а.