ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманова Седа лачкъийна йигарх дахьийтинчу 2,1 эзар кехатах цхьанна а жоп делла дац ницкъахоша


Сулейманова Седа
Сулейманова Седа

Нохчийчуьра йахархо Сулейманова Седа нохчийн ницкъахоша лачкъийна йигар таллар тIедожош динчу дехаршна жоп делла дац Оьрсийчоьнан Коьрта прокуратуро а, Талламан комитето а. Доккхачу декъанна 2 098 дIахьедар дахьийтина Оьрсийчоьнан бахархоша, хаамбина кризисан СК SOS тобано.

Доллу кехаташ дукха хьолахь дIахьийсадо нохчийн ницкъаллин структурашка, цигара "бехказлонца" жоьпаш догIу, дIахьедина бакъоларйархоша. Дийца дезарг дуьйцуш цкъачунна жоп даийтина дац цхьаьнга а.

Масална, лачкъийначун доттагI йолу Патяева Лена, ша пикете йаларна шозза полисхоша лаьцна а хиллера иза, Оьрсийчоьнан президентан урхалле йаьллера. Хилларг талла аьлла тIедожош цо чуделла дIахьедар чоьхьарчу гIуллакхийн министралле хьажийнера, цул тIаьхьа Нохчийчуьра Талламан комитетан урхалле а. Жоп хIинца а доцуш ду. Цул совнах, адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан куьйгалхочо Фадеев Валерийс дош деллера оцу гIуллакха йукъагIорта, нагахь санна, шега дехар кхачахь, амма цуьнгара а цхьана а кепара реакци хилла йац таханалерачу дийнахь.

Сулейманова лачкъийна йигина ворхI бутт баьлла, йоIах лаьцна хууш хIума дац гезгамашин-баттера схьа дуьйна. Нохчийчохь йоI йийна хила тарло аьлла информаци кхаьчнера бакъоларйархошка хьасташкара.

  • 26 шо долу нохчийн йоI Сулейманова Седа цуьнан гергарчийн дIахьедарца нохчийн ницкъахоша Санкт-Петербургехь стохка марсхьокху-баттахь лачкъийра. Даим лелочу кепах пайдаийцира йоьIан доьзало: цара бехкейира иза къола дарна, "низамашкахь" иза дIайигинера хеттарш дан.
  • Хьалхо СК SOS тобано дийцира, Сулейманован хьокъехь бинчу талламех дина хьесапаш шайна довзийта прокуратуро дуьхьалойарх.
  • Санкт-Петербургера прокуратурехь дIахьедира, йоI шен лаамехь Соьлжа-ГIала йухайахнера шега хеттарш дайта, цул тIаьхьа шен лаамехь цIахь Iийна иза аьлла. Прокуратурин белхахоша шайн жоьпехь хьахийна бац Нохчийчуьра полисхой, йоI лацар а санна. Урхалло тIечIагIдина, Сулеймановас къола дина бохург а бакъ ца карийна, оцу буха тIехь хеттарш дан йигинера иза. Оцу йукъанна талламо гайтина боху, "бертаза дIайигина, лаьцна, тIекхайкхина" цхьана а кепара барамаш цуьнца лелийна цахилар.
  • Гезгамашин-баттахь нохчийн омбудсменан Солтаев Мансура видео зорбане хIоттийра, шен Сулеймановаца цхьанакхетар хилар гойтуш. Амма цу тIехь йоIа дош ца олу; хIетахь дуьйна цунах лаьцна хаам хилла бац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG