ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сулейманова Седа лачкъор таллар тIедожош пикет дIайаьхьна Новосибирскехь


"Стенгахь йу Седа?" граффити
"Стенгахь йу Седа?" граффити

Новосибирскехь пикет дӀайаьхьира кадыровхоша лачкъийначу Нохчийчуьра Сулейманова Седина гӀортор йеш. И акци хӀоттийнера мукъаденошкахь, ткъа иза тахана дӀакхайкхийна SK SOS кризисан тобано. Хьалхо бакъонашларъярхоша дӀахьедира, йоӀ йарца доьзна талламбар тӀаьхьатеттина бу аьлла.

ШолгӀа мукъаденош ду Новосибирскан яхархо Тардасова-Юн Елена пикете арайуьйлу, Сулейманова лачкъор таллар тIедожош аьлла, яздо SK SOS агенталло. Шоззе а цуьнан карахь плакат яра: "Мичахь ю Седа? Зуда адам ду, бежана дац" аьлла. И акци дуьххьара йара Оьрсийчохь Петарбухал арахьа дIайаьхьна - Сулейманован доттагӀа Патяева Елена цигахь пикет йан араяьллера.

"Ас терго латтайо Къилбаседа Кавказерчу тайп-тайпанчу гӀуллакхашна тӀаьхь [ткъа иза хилла ца Ӏаш], царех лаьцна суна хаьа тобанашкара а, зорбанашкара а. Оцу долучунна тIаьхьа Iуналла латтош, информаци йаржо а гIертара со",- далийна кризисан тобано Тардасова-Юнан дешнаш.

"СК SOS" тобано дагадаийтира кхо бутт сов хан хилар Сулейманова "лар йоцуш" йар Нохчийчуьрчу Талламан комитето толлуш цахилар. Бехкзуламан гӀуллакх долийна стаг верна артиклца. Зазадокху-бутт чекхболуш бен юьхьарлаьцна ца хилла иза – цу гӀуллакхна ийшира эзарнаш бахархошкара дехарш дар. Материалашкахь дехархо ю хьалхо Седина гӀортор еш дуьхьалонан акцешка йийлина Патяева Елена. Стигалкъекъа-баттахь хеттарш дира Патяеве, ткъа мангал-баттахь Сулейманова маре яхначу Кудрявцев Станиславе а.

  • Мангал-беттан 23-чохь Сулейманова Седа а, Кудрявцев Станислав а дIадигира Санкт-Петербургера петарчуьра веа стага, царех шиммо шаьшиъ полицин белхахо ву элира, бисинарш могIарерчу нехан духарца нохчий бара. Станислав тIаьхьо дIахийцира, ткъа Седа лаьцна йитира йеза хIуманаш лечкъийна, Нохчийчуьра арайаьхна цо аьлла. Бакъоларйархошна хетарехь, къоладарх гIуллакх шайггара кхоьллина хиллера – Нохчийчохь нах лачкъочу хенахь лелош хIума ду и.
  • Мангал-беттан 25-чохь Соьлжа-ГIалахь хеттарш дира Сулеймановага уллохь адвокат а воцуш. Иштта цуьнга кехатана куьйг йаздайтира, адвокатан накъосталла оьшуш дац аьлла, и кехат а цхьана адвокат воцуш йаздеш доццушехь. Лейинчул тIаьхьа полицин декъера арайолучу хенахь гергарчийн карайелира Сулейманова – девешин а, дейишин а, адвокаташ ца кхиира цуьнца цхьаьнакхета.
  • Гезгамашин-баттахь Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашйан векал винчу Солтаев Мансура видео зорбане хIоттийра, шен Сулеймановаца хилла цхьанакхетар гойтуш. Цо чIагIдора, иза "кхерамзаллехь йу" бохуш, амма шега йоIе дош ца кхачийтира. ХIетахь дуьйна цунах лаьцна хууш хIума дац.
  • "СК SOS" тобанан бакъоларйархоша хьалхо дийцира Сулейманова йийначух тера ду аьлла – и хаам цаьрга бинера республикера йозуш йоцчу шина хьасто. ЙоьIан гергарчара дIахьедо, чиллан-беттан 5-чохь иза цIера йуха а йеддера аьлла, амма организацин белхахоша чиллан-беттан 5-чохь цуьнан гергарчаьрга телефон тоьхнера. Цара аьллера, йоI шайна уллохь йу, амма телефонехула йистхила цунна ца лаьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG