Оьрсийчохь алсам гучудуьйлу доьзалехь гIело латтор, цигахь дукха хьолахь къизаллаш лелораш хуьлу тIамтIехь хилларш, йа тахана а эскархойн могIаршкахь берш. Цара мел даккхий зуламаш динехь а, кхелаша лаххара таIзарш кхийкхадо оцу артиклашкахула. ТаIзар малдаран бахьана хуьлу Украинана дуьхьал цара тIом бина хилар. Шен хIусамнанна урс тоьхначу Волгоградера эскархочунна Киричевский Александрна гезгамашин-бутт бовш уггар а кIеда таIзар дира.
Кавказ.Реалиин редакцино хаьттира бакъоларйархошка, тIеман хенахь доьзалехь ницкъбар муха нислуш ду, ларвалар халонга хIунда даьлла, ткъа эскархочо динчу зуламна бекхамбан стенна аьтто ца болу.
Статистика а йоцуш доьзалехь ницкъбарх
Доьзалехь ницкъбеш лелочу зуламийн тIегIанех статистикана тIекхочийла дац хIинца, дийцира Кавказ.Реалиига Консорциумера зударийн Iедалца йоьзнач йоцчу цхьанакхетараллин юристо Давтян Марис. Оцу кепара хаамаш гулбинчу кепехь банне а бац. И доьзна ду, доьзалехь гIело латторна дуьхьал Оьрсийчохь низам цахиларца, и бохург ду, ницкъахой декхарийлахь бац информаци гулйан а, чоьташ кечйан а.
"Официалехь болчу доьзалехь гIело хьегийтарх хаамаш полисхойн бу, амма цара чоьте ца оьцу уьш дIасакъаьстина белахь, йа йина регистраци йоцуш цхьаьна Iаш белахь, - кхетадо Давтяна. – Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллица уьйраш йелахь, вайн дагардан аьтто бу маса гIуллакх дуьхьал айдина, йа йиллинчу хьасташкарчу хаамашца – аьлча а, динчу таIзаршца. 2022-чу шарахь динчу таIзарех дерг аьлча, 2023-чу шеран мангал-баттал тIаьхьа бен информаци гулйойла дац".
Полицига дIахаийтарх хила гIоле йоций хиъна адамашна – тIемалочунна тIехь жоьпалла данне а дац
Бакъоларйархочо тIетуьйхира, йеттарх кхеле кхачочу гIуллакхех йукъарчу хаамашкара 16% бен хилларг дIакхачош цахиларх. Масала, "сталкингаца" (тIаьхьабовлар.- Редакцин билгалдаккхар) нисйелла истореш Оьрсийчоьнан низамна зулам а ца хета.
Эскарехь гIуллакх дечийн хIусамнанойх, йа цаьрца хан йоккхучу зударех дерг аьлча, Давтяна дийцарехь, полицига дIахьедан сих ца ло уьш, хIунда аьлча, кхета, нийсонца цунна таIзар дийр доций.
"Полицига дIахаийтарх хила гIоле йоций хиъна адамашна. Эскархочунна тIехь жоьпалла данне а дац – низамо дерриг а бохург санна цунна магош ду. Муьлхха а зулам цара динехь, хуьлийла и шога, къаьстинчу къизаллица дина, бехктакхаман гIуллакх ца долон бахьанаш карадо царна", - боху Давтяна.
Доьзалан йукъаметтигийн гурашкахь могушаллина къиза зен динехь а, гIуллакх кхеле кхочуш дац, юристан дешнашца, арахь такха хенаш тоха тарло, къаьсттина, нагахь санна, йуьйцург зуламан рецидив йацахь. Оцу йукъанна тера йолу тенденцеш тергалйира тIом балале хьалха а, билгладоккху къамелдечо.
Агрессорш шегахьабахар
Нагахь санна зулам кхеле кхачийна, бехкениг колони хьажон ницкъ тоьънехь а, цо контрактана куьгйаздина, йуха а тIамтIе ваха мега иза. Хууш ма-хиллара, цо динчу зуламашна тIаккха гечдеш ма дуй. Изза хьакхало дуьххьара зулам динчех а: бакъоларйархошна хетарехь, "хIусамера боксерийн" Оьрсийчохь куьйгаш даьстина ду.
"Цунна гечдар – иза ирча хIума ду. Бехказа а воккхуш, гечдина стаг цIена ву низамна гергахь, цкъа а зулам дина воцург а санна. Масала, бер хьийзиначу стагана гечдахь, цул тIаьхьа школе балха ваха йиш йу цуьнан",- кхетадо Давтяна.
Афганистанера а, Нохчийчуьра а тIемаш бирзинчул тIаьхьа ницкъбар марсадаьлла хаалора, билгалдаьккхира дагестанхойн бакъоларйархочо, кризисан хьелашкахь зударшна гIо латточу "Марем" йукъараллин куьйгалхочо Анохина Светланас а.
"Экстремалан хьелашкахь хилла, стаг вен кийча хилла адам цIа деанчул тIаьхьа а оццу хьолехь хуьлу. Тутмакхашна, иштта ницкъбеш зуламаш динчарна а цхьаьна, жигара вербовка йеш хилар тергоне эцча, вай дийца а хIун дуьйцу? Вайн исбаьхьчу пачхьалкхана тIехь дола дан стаг воцу зударий оьшуш бац, тIехула тIе. Божарий бу лорурш, уьш шегахьа баха хьийзар йу пачхьалкх", - юлху Анохинас.
Бакъоларйархочунна хетарехь, дуккха а контрактхой болчу къечу регионашкахь, царлахь йу Дагестан а, хIусамехь гIело латтор къайладахьа тарло.
"Логикехь а хила йиш йолуш ду и, вайна и хаа а хаьа. Кавказхойн доьзалашкахь гIело хьегийтарх и зуда йедча, йа дакъа охьадиллича бен вайна хууш дац. Оьрсийчохь ницкъбар къаьсташ ду Кавказехь бечуьнца, и къайлахьош хиларца а, доьзало бала хьоьгучунна Iаткъам барца а", - боху Анохинас.
"Ницкъбар кхин а тIе даьржар ду тIейогIучу хенахь"
"Ницкъбар.Дац" организацино болх болийна масех бутт хьалха йоллу Оьрсийчохь бала хьоьгучаьрца. Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь церан пиар-менеджеро Арнаутова Юлияс кхетадо, бинчу талламашца а догIуш, тIеман инциденташца доьзна ницкъбар марсадалар кхин тIе а чIагIдала тарло салтий цIа эха боьлча бохуш. Цо бахарехь, оцу кепарчу латкъамашца цаьрга бовлу Волгоградан а, Ростовн а кIошташкара а, Кубанера а, Нохчийчуьра а, Дагестанера а бахархой. Цкъачунна аьрзнаш дар дукха дац.
"ТIеман йилбазмохь беха бу. ХIинцале а медиахь гучуйуьйлу, ханна цIа баьхкинчу контарктхоша ницкъбина меттигаш. Амма къаьсттина ницкъбар марсадаьлла хаалур ду вайна тIаьхьа", - дийцира Арнаутовас.
"Ницкъбар.Дац" организацин белхахочо билгалдаьккхира, эскарехь гIуллакх деш хиллачийн агIор цхьахйолу тенденци йу "сталкинг" аьлла. Цара хьийзочу зударшна лерина болх беш йу цаьргахьа гIо доху тоба: "Зударий кхоьру – стеган коьртехь хIун ду хьуна цкъа а хуийла дац. Иштта стаг тIеозон йиш йу, нагахь санна, цунна тIаьхьаваьллачу хенахь цо чуьра бахам хIаллакбинехь".
"Уьш-м СВО-н турпалхой бай", ткъа турплахочу зуламхо хуьлийла дац
ТIеман хьуно, экономикан кризисо а санна, ницкъбечу хьоле воккху цкъа а тIамехь дакъалаьцна воцург цхьаьна. Муьлххачу а кризисо зударийн Iаткъамалла лакхайоккху, дийцира редакцига хеттарш динчу эксперташа а.
"Иштачу меттигашкахь ницкъбар марсадала тарло: масала, нагахь санна, оцу стага психологин абьюзах пайдаэцнехь (йукъара дозанаш хедор, сийсазвар, йа кхечу агIор ницкъбар.- Редакцин билгалдаккхар), цул тIаьхьа тIе куьйгаш дахьа тарло цо", - боху Арнаутовас.
Давтян Марис бахарехь, тахана къаьсттина хала ду жоп дала, пайда а хуьлуш, доьзалехь гIело ца хьега шаьш муха ларбала беза зударий бохучу хаттарна жоп дала. Цо дийцарехь, пачхьалкхо узу гIело латточу божаршкахьа.
"Уьш-м СВО-н турпалхой бай", ткъа турпалхочух зуламда хуьлийла дац", - кхетадо юристо бакъоларйаран органийн а, кхелийн а "логикех".
Мухха делахь а, цуьнан дешнашца, зударийн къийсам латтон ницкъ а, хан а йелахь, низамехь шена магийначу кепех пайдаэца йиш йу цуьнан. Шайн бакъонаш Iалашйан таронаш церан гатлуш лаьтташехь.
Къизаллин го баккхар
Оьрсийчоьнан Къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а хууш ду, шайн хIусамнаной, йа шайца Iаш хилла зударий, йа тIехьийза йоI йийначарна гечдина цхьа могIа меттигаш хиларх. Товбеца-баттахь хаамашкахь дуьйцура, къизаллица шен зуда йийна Ростов-ГIалара адвокат хилла Бирюков Владислав маьршаваккхарх, жимма хан чохь а йаьккхина – йийначун Бирюкова Аннин дас-нанас бахарехь, Украинерчу тIамехь дакъалаьцна цо.
ТIамехь дакъалаца Бирюковна колонихь вербовка йарх дийца даьккхира дахначу шеран гурахь. Кхаба шайга схьаэцначу йоьIан кIантана алименташ дохуш кхелан процесс ца хилча, хаамбора "Блокнот Ростов" гIирсо.
Резонансе йара гечдинчу, Къилбаседа ХIирийчохь полисхо лаьттинчу Техов Вадиман истори а. 2035-гIа шо доладаллалц колонихь латтон везаш вара иза шен хилла хIусамнана Гагиева Регина йерна. Йийначо болх бечу офисехь хIиттийначу камерашна хьалха уьрсаца цунна тIелеттера иза. Оцу заманчохь и шиъ цхьаьна Iаш доцу шо а дара, даим цо хьийзош, кхерамаш тийсарна дIайахнера иза. Теховна амнисти йелира Украинана дуьхьал тIом барна.
Кавказ.Реалиин сайто дийцира Къилбаседа ХIирийчохь Техов цIа веача хиллачу реакцих а, амнисти хIунда йина хилла а.
Путина гечдинчу ЧВК "Вагнер" тобанхочунна Руденко Сергейна 11,5 шо туьйхира, ша ханна лаьцначу петаран долахо йерна. Цул а хьалха цунна кхел йинера шеца Iаш хилла зуда йерна. Кхелан версица, 2023-чу шеран оханан-баттахь Руденко цIа веара Украинера тIамера, хаамбира "Астра" телеграм-канало. 52 шо долчу петаран долахочуьнца барт бинера цо Ростовхь. ХIусаме хьажа веанчу заманчохь мах къевсина хиллера цу шиммо.
- Кавказ.Реалиин сайто ма-дарра дийцира, ЧВК "Вагнеро" Оьрсийчоьнан къилбехь чубоьхкинчу нахана вербовка муха йо а, Ставрополера номер 4 йолчу колонихь хан токхуш хилла, тIаме хьийсийна тутмакхаш муьлхачу зуламашна таIзар токхуш хиллера а.
- ТIаме вербовка йина а, гечдина а тутмакхаш хIинцале а резонансе бехкзуламан гIуллакхашна бехке бу Оьрсийчоьнан къилбехь. Краснодар-махкахь ЧВК "Вагнеран" хилла йолахо цIа веанчул тIаьхьа бехкевира ши адам дерна, ткъа Волгоградан кIоштахь Украинерчу тIамехь дакъалаьцна виъ декъашхо лаьцна суьдхо вуьйр ву бохуш кхерамаш тисарна а, талораш лелорна а, бертаза ахчанаш дахарна а.
- Эксперташа билгалдоккху: цкъачунна гечдинчу йолахойн рецидивийн хьалхарчу тулгIенех беттало Оьрсийчоьнан бахархой, кхин дIа зуламашца пачхьалкхехь хьал кхин тIе а эшна гур ду.
- Ростовн кIоштара колонешкара Украинера тIамехь дакъалаца ЧВК "Вагнеран" йолахойх дIакхетта мел лахара а кхо эзар стаг. ТIаьхьарчу кIиранашкахь оцу регионера кест-кеста хаамаш кхочу ишта "лаамхой" баларх. Кавказ.Реалиин редакцина къастийра, тIамехь байина тутмакхаш стенна таIзар токхуш хиллера.