ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"СВО-н турпалхой"а, Дагестанера латтанаш тIехула къийсам а: стенна дуьхьал бу аьккхий


Аухехь хилла гулам, чиллин-беттан 23 чохь,2017 шо
Аухехь хилла гулам, чиллин-беттан 23 чохь,2017 шо

Дагестанан Казбековн кӀоштарчу Ленинаул юьртара Украинехь тӀамехь дакъалаьцначара - суьйлий - республикан куьйгалхочуьнга Меликов Сергейга, дехар дира, латтанийн дакъош дӀасадекъа новкъарло йеш болу меттигера нохчий тӀаме бахийтар доьхуш. Цул тӀаьхьа, бахархоша дийцарехь, юьртахь дӀайолайелла эскаре дӀакхайкхош болчу нахана тӀехь рейдаш йан.

Дуьххьара дац Ленинаул эвлара хьал талха герга хилар: 2017-чу шарахь кхузахь вовшахкхетта дуккха а нохчий-аьккхой а, суьйлий а вовшахкхетта летарш хилира, хIетахь лецира итт стаг. Лазийра 12 стаг, шайлахь кхоъ полисхо волуш - аьккхашна гIоьнна аьлла Нохчийчуьра иттаннашкахь машенашкахь меттигера бахархой новкъабевлира. Церан машенаш совцийра Дагестанан Казбековн кIоштан дозана тIера ДПС-н шина постана йуккъехь. И хаттар луьстуш йукъахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад.

Украинехь тӀом болабеллачул тӀаьхьа а актуалехь дисира и хаттар. 2023-чу шарахь чиллин-беттан 23-чу дийнахь нохчий а, гӀалгӀай а Сталинан депортацина лерина хиллачу гуламехь Даудовс тӀедожийра махкахбаьхначу нохчашна шайн хӀусамаш йухаерзо йеза аьлла.

Билгалдаккхар: Дагестанера Iовхойн кIошт йиллина 1943-чу шарахь, цигахь дIатарбелла бехара нохчий-Iовхой (аьккхой). 1944-чу шеран чиллан-зазадокху а беттанашкахь Сталин Иосифан омраца нохчий а, гIалгIай а махках бехира – Казахстане а, ГIиргIазойчу а дIахьовсийра уьш йамартлонна бехкебина. 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР йухаметтахIоттийра, делахь а депортацера Iовхой цIа баьхкинчул тIаьхьа царна бакъо ца йелира Новолакан кIоштахь дIатарбала. Карарчу хенахь Iовхойн кIоштана йукъадогIу латтанаш Дагестанан Новолакан кIоштан дозанаш лоруш ду. Хьалха дуьйна дай хиллачу оцу нахана хIусамаш а, дежийлаш а йухадала дагахь бара 90-чу шерашкахь дуьйна, делахь а бюджетан ахча ца тоьара и кхочушдан. Iовхойн кIоштан хилла дозанаш тахана а меттахIиттийна дац.

Товбеца-беттан 22-чу дийнахь нохчийн жигархочо Гамзатов Хьамида Меликовга хьажийначу видеохаамехь дӀахьедира, Ленинаул йуьртан администраци кийча йу эвланан латтанийн фондера "гӀишлошъйарна 1600 сов керла дакъош дӀасадекъа" аьлла. Марcхьокху-баттахь Меликовга бина кхайкхам дӀайазбира Дагестанерчу нохчийн Юкъараллин кхеташоно а, Ленинаул йуьртарчу жамаIато а. Цара доьхура оцу юьртахь латтанаш декъар сацор, оцу гӀуллакхо цигахь бехачу нохчийн бакъонаш йохош хиларна.

ХӀетте а, нохчийн кхеташонан кхайкхам тергал а ца беш, марсхьокху-баттахь дуьххьара Украинера тӀамехь дакъалаьцначу нехан бисинчу зударшна а, дай-наношна а латтанийн дакъошна сертификаташ делира Ӏедалша. Цунна жоп луш, "Iовх" Йукъараллин кхеташонан куьйгалхочо Батырсултанов Ӏаьрбис варе дира, низам ца лардар а, "латтанаш декъар" а къаьмнашна йукъахь тасадаларш а девнаш латто мега аьлла.

Лахьан-беттан йуьххьехь Казбековн кӀоштара Украинехь хиллачу тӀамехь дакъалаьцначара республикан куьйгалхочуьнга Меликовга бинчу видеохаамехь дӀахьедира, меттигерчу нохчаша доькъуш долу латтанаш дозанан билгалонаш дӀа а йохуш, латтанаш декъаран процессана новкъарло йеш йу аьлла. Латкъам биначара юьртан администрацин куьйгалхочуьнга дехар дира Ленинаулерчу бахархойн "цӀерийн тептарш" таллар а, Украинина дуьхьал бечу тӀамехь цара дакъа хӀунда ца лоцу къастор.

Эскарийн комиссин рогӀерчу кхеташонехь, тӀеман комиссара Магомедов Арсена дӀакхайкхийра "юьрташкара" эскаре кхойкхучу нехан "терахь лахара хилар" - амма цул хьалха, гIадужу-баттахь, оццу комиссино лаккхара мах хадийра "эскаре кхойкхучу нехан терахь тоам болуш ду" аьлла.

Дагестанхойн Ленинаул эвлахь бехачу нохчийн къаноша кхайкхам бира Кадыров Рамзане Украинана дуьхьал тIом бинчу нахана эвлара латтанаш декъарна дуьхьало йахьара аьлла. Дагестанан Ӏедалшка бина кхайкхам кхиаме ца хилира, ткъа хьалха марсхьокху-баттахь цу кӀоштан муфтийца Абдулаев Ахьмадца цхьаьнакхета гӀортар кхиамза чекхделира: муфтиятаца цхьаьнакхета лаам - Ӏедалхоша ХIинжа-гIалахь муфтиятан хьалха митинг вовшахтоха Iалашо санна тӀеийцира.

"Привилегиш схьайеха бакъо"

Нохчийн социалан машанашкахь Украинера тӀамехь дакъалаьцначара дина къамел дов кхин а луьрачу хьоле дерзарна кхоьруш тӀеийцира

ТӀамехь дакъалаьцначу Ленинаул юьртара нохчочо Турпал-Ӏелас шен видеохаамехь чӀагӀдора, шен махкахойн коьрта латкъам бу- дакъош деллачу нахана йукъахь меттигера бахархой хилла ца Ӏаш, цкъа а цигахь баьхна ца хилла нах хилар а.

"Уггаре а боьха кепаш лелош йу, нохчийн бахархой йуха а сийсазбархьама а, йуха а церан дай баьхначу латтанаш тӀехь кхин нах дӀатарбархьама. Наха нийсо лоьху, Дагестанан Ӏедалшка дIахьедарш до цара, и къовсам луьра баларна шаьш бахьана долуш ца хилар", - билгалдоккху нохчийн журналисто Караев Руслана.

ХӀинца  чIогIа дика аьтто бу, Украинера тӀеман "турпалхой" олуш болу нах а нохчий-аьккхий а а гIовшах дуьхьалбаха

Дагестанерчу блогеро Чаринский Ӏелас, нохчийн блогерца Белокиев Исламца эфирехь, шен ойла йовзийтира Казбековн кӀоштахь тӀеман декъашхошна латтанаш декъар, ХIинжа-гIалара Ӏедалан, билггал аьлча республикан куьйгалхочун Меликов Сергейн план йу. Украинехь тӀамехь дакъалаьцначу "турпалхошна" гӀоьнца проблема йерзор, федералан тӀегӀанера меттигерчу тӀегӀане йаккха.

"СВО-хь дакъалацарна (Оьрсийчоьно официалехь иштта олу Украинера тIамех – Ред.) эскархошна бакъо йелла шайна льготаш йеха ("ас тӀом бира!" бохуш), тIамах кӀелхьара бевллачаьргара бакъонаш дӀайаха аьлла, кхайкхамаш а беш", –хета цунна.

Дагестанерчу нохчийн жигархочо Доддо Мурада йаздо, бусалба динехь, Ленинаулерчу бахархоша латтанаш шайн бакъболчу долахошка дӀадала дезаш дара. "Вовшашна хьарамлонаш ма лелае, цуьнца [бахамца] кхелахошна кхаьънаш ма ло, леррина [кхечу] нехан бахамах дакъа къиношца дӀалацархьама" ("аль-Бакъара", 188)", - даладо цо бусалба хьостанаш.

Официалан ХӀинжа-ГӀалин Iедал дист цахилар проблема дӀа ца йоккху, амма тӀаьхьатоьтту, бохуш, кхетадо Ленинаулера вахархочо (шен цӀе йовзийта ца лаьа цунна) редакторшца динчу къамелехь. Цунна хетарехь, Ӏедална цаьрца къамел дан ца лаар бахьана долуш, хьал чолхе долуш ду: "Нахаца къамел дан деза – цо дайдийр дара хьал".

ТӀеман Iалашонашна оьшуш хилахь

Дагестанера "тӀеман декъашхоша" Iовхойн нохчийн латтанийн къийсам йуха а гIаттор бахьана – иза рогӀера, оьрсийн-украинхойн тӀеман темаца манипуляцеш а йеш, хьал чолхе даккха гӀертар ду, билгалдоккху Кавказ Реалии редакцица шен хиллачу къамелехь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетера политолого (оха цуьнан цӀе йовзуьйтуш йац Оьрсийчоьнан репрессийн низамаш бахьана долуш).

Кадыровс нейтралан агIо лоцар йу

"Оцу дерриге а "СВО-н политикан ловзарна тӀехьа гуш ду, дуккха а шерашкахь конфликт дӀахьош болу гӀарабевллачу политикийн цӀераш тоьаш ца хилар. Гуш ма-хиллара, хӀинца "турпалхой" олу нах а нохчий-аьккхий а вовшашна дуьхьал баха аьтто хилар, Ленинаул (Акташ-Iовх) юьртахь керла латтанаш шайна дӀалацархьама", - тешна ву къамелхо.

Дагестанера бинчу кхайкхамна Кадыровн хила тарлучу реакцих лаьцна дуьйцуш, нохчийн жигархо Янгулбаев Абубакар шек ву, Украинерчу тӀамехь дакъалаьцначарна латтанаш декъаран программина Нохчийчоьнан куьйгалхо дуьхьал хир ву бохучух. Иза бӀостане ду цуьнан тӀеман пропагандин а, "волонтераш" жигара гулбарехь дакъалацарна а, хьесап до хьостано.

Ша Кадыровс кест-кеста эскаре баха лаам боцу наха сйсаз а беш, кхерамаш туьйсуш, къамелаш до. Кхузахь, цо нейтралан агIо дӀалоцар йу, йа дов дерзо гӀертар ву. Цул сов, цуьнан цхьа а ницкъ бац Дагестанехь, ткъа Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс хьалхо а цунна дуьхал агIо лаьцнера, Керимовн Вайлдберрисан девнехь гIортор а йеш", - дуйцу Янгулбаевс.

"Цхьана эмпатино проблемаш йерзор йац"

Дагестанехь, депортаци йинчу нохчийн синхаамех ца кхеташ стаг карор ву аьлла ца хета, билгалдоккху журналист а, поэт а, историк волу Дугричилов Муртазалис редакцица хиллачу къамелехь.

Цо дагалоьцу шен ден доттагӀчун дийцар, кӀант волуш, шен деца-ненаца цхьаьна, Барцхой юьртахь (тӀаьхьо, Ницовкра аьлла цӀе хийцира цуьнан, хӀинца Дагестанан Лакский кӀоштахь йу иза) нохчийн хӀусаман неӀарехула чуваьлла:

"ДагадогӀу суна, тхо цхьа цӀа чу дахана. Дас, шелйалаза пешах куьг хьаькхна, ткъа нанас стоьлах, цу тӀехь Ӏуьллура бепиган кийсакаш а, ах биъна бисина кхача а. Наб йайна, тийналлехь йаьккхира оха и буьйса, лаьмнашкара некъ бехха а, хала а хиллехь".

Iовхойн кӀошт, 1944-чу шеран стигалкъекъа-беттан 20-чохь бинчу сацамца, йуьхьанца цӀе хийцира Бериевский (тӀаьхьо Новолакский) аьлла -хетарехь "Чечевица" операци дӀайаьхьначу Халкъан комиссарна [Берия Лаврентий] баркалла аларна сатуьйсуш санна, дуьйцу къамелхочо кхидӀа а. Таханлерчу дийне кхаччалц кхаа къомо хьогуш болу бала, цу хенахь дина харц гӀуллакхан тIаьхьало йу, билгалдоккху Дугричиловс.

"Цунах кхеташ, дагестанхоша 1991-чу шарахь гӀортор йира Халкъан депутатийн съездо Iовхойн кӀошт меттахӀотторан сацамна. Амма йеккъа цхьа эмпати тоьаш йац оццул ладаме йолу проблема дӀаяккха. Кировский кӀоштан латтанаш тӀехь ХӀинжа-ГӀалин кӀоштахь Новолакерчу бахархошна дакъанаш делира, гӀишлошъйар а долийнера, амма, хьаькамаша ма-дийццара - ахча ца тоарна а, ткъа иштта и "кIезиг долу ахча а, подрядчикаш лачкъор" бахьана долуш, - и план кхочуш ца йира, бохуш, кхетадо цо.

Оцу хьоло нохчашна йукъахь резадацарш а кхолладелла, Дагестанан куьйгаллех тешам а байна, Нохчийчоьнан куьйгалле бирзира уьш. ХӀинца вай сатуьйсар ду, "денна хуьлуш долу меттигашкахь девнаш" "дуьхь-дуьхьал ирча къийсаме ца далар", бохуш, жамӀ до Дугричиловс.

1944-чу шеран чиллин-беттан 23-чу дийнахь нохчий а, гӀалгӀай а нуьцкъала шайн махкара бохийра, Казахстане а, ГIиргIазаойчу а дӀабигира, пачхьалкхана ямартло йарна харц бехкаш а дохкуш. Операция "Чечевица" депортацина цIе а тиллина, ах миллион сов стаг араваьккхира цу махкара. И гӀулч геноцидан акт санна къобалйира Европан парламенто 2004-чу шарахь.

Дагестанера Новолакскан кIоштара Гамиях эвлахь халкъан гулам хиллачул тIаьхьа мехкан Iедалхоша кхерам тесира, Сталинан депортаци хилале хьалха Iовхой баьхна латтанаш дIаса ма декъа аьлла, кхайкхамаш бен жигархой бехктакхаман жоьпалле озор бу аьлла. "Iовхойн йукъараллин кхеташонехь" дIахьедира Ленинаул, Калининаул йарташкахь керла дов дала тарло аьлла – цигахь цIенош дан шуьйра латтанаш делла Iедалхоша. Iовхойн кIоштан проблема дуккха а шераш девлча а йист йаккхаза хIунда йиссина, дийцира эксперташа Кавказ.Реалии сайте.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG