«Нохчий бу, варзап а етташ, шемахо вуьйш», «Муцураев Тимуран йиш ю и стаг воьчохь хезашъерг», «ТIемалоша ден къамел оьрсийн маттахь дац, Кавказера террористаш бу уьш»…
Иштта ю комменташ «funker530» цIе йолчу дуьнентIера тIемаш тергалбечу Iамеркахойн сайто кхо де хьалха арахецначу видео бухахь.
Ингалсан маттахь Чилерчу, Аргентинерчу, Штаташкарчу, Оьрсийчуьрчу, Полшерчу интернетхоша до и йозанаш. Ала деза, могIара нах а бац комменташ язйийраш – академешкара, университеташкара, институташкара белхахой бу.
ХIун ду юха а нохчий бийца бахьана делларг?
Шемара керла видео. Цхьана гIамаран арахь тIеман духарахь нах бу воьжна, керчачу стагна тIе варзап етташ, гонаха хьийзарш боьлу Iуьллург лазаро хьовза моссаза во. Лоькху йиш оьрсийн маттахь ю, дешнаш иштта ду:
Йогу юьрт, сох едда йоьду нохчо,
Ца лаьа шегара бер схьадала.
Ткъа ас маса-топ охьайоккху сайн белшара,
Схьадоккху бер, нана йоь.
Со оьрсийн бIаьхьо ву,
Шек вац хIуманнах а.
Ю сан карахь маса-топ,
Iожалла яржош вогIу со.
Оьрсийчуьрчу бахархойх стагга а шек хир воцуш, оьрсийчо бен ца буьйцучу аьзнех, маьттазчу дешнех бу мотт. Варзап етташ, стаг вуьйш бохкучех цхьанна тIехь йоза а ду оьрсийн маттахь – «Ас ишта дIа, лазор ву хьо, чIогIа-чIогIа» ("Я просто сделаю тебе очень, очень больно").
Стаг, видеон персонажашка ладоьгIча, ДАIИШ-хо ву. Шайх, персонажех, оьрсех, мел галваьллачо а олийла дац уьш нохчий бу.
Кхеташ ду, Чилерчу я Полшерчу, Аргентинерчу я Штаташкарчу интернетхочунна хаа дац стагна тIе варзап еттарш оьрсий буйла, нохчий боцийла. Амма видеона буха комменташ язъечаралахь оьрсий а бу - масала, Харитонов Дмитрий, Жигун Роман. ШолгIаниг «Оьрсийчоьнан Iилманийн академин дуьненан историн институтан белхахо», аьлла, язвелла ву.
Хьалхарчо яздо, варзап етташ хьийзарш оьрсий бац, лоькху йиш оьрсийн йоцчу акцентехь ю, видео нохчаша кечйинчух тера ду.
ШолгIачо боху, оьрсийн маттахь хеза фраза оьрсаша олучех а яц, и нах ДАIИШ-ера кавказхой бу моьтту шена.
КIеда аьлча, аьшпаш буьтту шина а оьрсийн интернетхочо, харц лорах буьгу шайца цхьаьна видео емалйийраш, кхачабо уьш сюжетехь къиза хьийзарш нохчий а бу, йиш лоькхург нохчо Муцураев Тимур а ву бохучу ойлане.
Ша и видео зорбане яьккхинчу Iамеркахойн «funker530» сайтан шеко а яц ша варзап етташ гойтурш Оьрсийчуьра эскархой хиларх.
Делахь а, Оьрсийчуьрчу интернетхоша царех, шайна уьш шайн къомах буйла хуъушехь, нохчий бо, цара дийриг я Кремл а, я оьрсийн къам а сийлалле доккху хIума дацаре терра. Ца боху, къизачу чалтачаша оьрсийн къам юьхьIаьржа хIиттадо, шайна эхь хета, кхойкху нах, шайца цхьаьна зуламхойх «нохчийн» а алий, дерриг а нохчийн къам юха а хоттала хьакхочу интернет-бараме.