ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таиландехь къоладарца доьзначу гIуллакхехула лаьцна ММА-н нохчийн латархой Асхабов Хьусейн а, Хьасан а


Пхукет, гайтаман сурт
Пхукет, гайтаман сурт

Таиландера Пхукетан полицино лаьцна Нохчийчуьра ММА-н латархой, шалавина ши ваша Асхабов Хьусейн а, Хьасан а. И шиъ бехкево Казахстанера кхаа вахархочо италхойн туристана къоладарца доьзна.

Вежарий лацарх хаамбина The Phuket News гIирсо полицина тIетевжина. Ресурсан хаамашца, къола динарш Казахстанера бахархой бу, церан ка йаьлла Таиландера арабовла, хетарехь Казахстане дIабахна уьш. Вежарша оцу къоладарехь хIун дакъа лаьцна толлуш ду, амма лаьцна и шиъ "ницкъ беш, Iаламат чIогIачу къизаллица къоладарна" гунахь хиларна.

The Phuket News гIирсе волайнхочунна гергарчу хьастера кхаьчначу хаамца, италхойн турист дIатарвеллачу вилле баханера къуй гезгамашин-беттан 4-чу буса. Иза дIа а вихкина, криптбохчана тIекхочу диск шайга схьало бохуш, йиттинера цунна, вукхо шен и дац баьхнера. Иштта цара схьайийцийтинера цуьнга гаджетийн паролаш. Оцу йукъанна царна инструкци кхочура телефонехула цхьана декъахочуьнгара.

Масех сахьтехь йиттинера цунна, цул тIаьхь виллера дIабахара къуй, 12 миллион гергга бат (350 эзар доллар ца кхоччуш) ахча а, паспорт а, банкан карта а, гаджеташ а дIа а хьош.

Волайнхочо дIахьедина, шена тIелеттарш цкъа а гина нах бацара шена, амма АсхабовгIеран вежарий бевзара шена аьлла.

Соьлжа-ГIалара ву Асхабов Хьусейн а, Хьасан а, цу шиннан 28 шераш ду. ММА-н летаршкахь 23-зза толам баьккхина цу шиммо. Хьусейн Пхукетера Tiger Muay Thai базехь Iаморашкахь вара.

  • Чиллин-баттахь масийттазза джиу-джитсун а, грэпплинган а дуьненан чемпион ваьлла Марданов Видади вийра Дагестанера Дербентехь. Цунна тIелеттачу шиммо сатосуш диъ долучу заманчохь ара кхайкхинчу цунна герз тоьхнера. Зулам динчул тIаьхьа къайлабевллера уьш.
  • 2022-чу шеран гIадужу-баттахь шведахойн нохчех схьаваьлла UFC-н латархо Чимаев Хьамзат а, Нурмагомедов Хьабибан ваша Абубакар а леттера Абу-Дабихь. Цул а хьалха Чимаевс а, Нурмагомедовс а вовшашка шогаллица кхийсарш йинера социалан машанашкахь, Чимаев Хьамзата, цунна лаахь, "Хьабиб вовшахвоккхур ву" ша аьлла, дош делча. Делахь а, цул тIаьхьа масех де даьлча Нурмагомедов Абубакара "бусулба ваша" элира Чимаевх.
  • Нохчийн спортан клубаш а, ша мехкан урхалхо Кадыров Рамзан а адамийн бакъонаш хьешарна а, Украинера тIом бакъ барна а Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеша лецна боллушехь, хIетте а америкахойн спортхой Соьлжа-ГIала богIу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG