ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТаIзар-аттестаци. Шайн бакъонаш къовсуш бу ГIалгIайчуьра орцан медицинан белхахой


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчохь къовсам лаьтта республикерчу бохамийн медицинан центран куьйгаллиний, цигарчу белхахошний юкъахь. Юхьанца ковид хьелашкахь къахьегарна дала догIу ахча ца луш битира медикаш, ткъа аьрзнаш дан уьш боьлча, цхьацца бахьанаш а лоьхуш, балхара дIабаха болийра.

Гурахь дуьйна хеза орцан медицинан белхахой даржашкара бохош бу бохуш. 50 стаг вара хIетахь балхара дIаваьккхинарг, царех 43-мма яздинера "шайн лаамехь болх битарх" долу кехаташ. Ткъа масех стаг велира кхеле, уьш меттахIиттийра даржашка, амма 2021-чу шеран Охан-баттахь рогIехь йоцу аттестаци кхайкхийра царна, церан говзалла зуьйш. Оцу аттестацин жамIаш дуьхьал а детташ, аьрзнашка бевлла хьийзинчех белхашкара вохийра 10 стаг. Медикаша и аттестаци низамца йогIуш йина яц, Оьрсийчоьнан могашаллин министра Мурашко Михаила арахецначу омрано ца магадо аттестаци дIаяхьа 2022-чу шеран Дечкен-бутт тIебаллалц, боху.

Белхахоша Мурашко Михаилан хьукмате а хьийсийна аьрзнаш, видеодехар хьажийна президенте Путин Владимире а, амма кхаьчна дац цаьргара гIо.

Нахана орца кхачорна а, кхеле аьрзнаш дарна а – гIуданаш

Чиллан-беттан 26-чохь Несарарчу кхело листина республикан бохамийн медицинан центро орцан декъан машенлелорхунна Оздоев Ахьмадна дуьхьал чуделла арз – цо белхан машенца некъан низам а талхош тIехьарчийна 33 800 сом гIуда текхна центро, и ахча цуьнга меттахIоттадайтар доьхура хьаькамаша.

Оздоевс кхелехь бохура, ша ца-ваьлла дохийра некъан низам, лечу хьолехь болчу наханна сихха лоьраш тIекхачорхьама. Кхел цуьнгахьа хилира.

Сацамо бахарехь, центро ца далийна Оздоевна некъан низам дохон бахьанаш хилла дацар гойту тоьшаллаш. Кхело билгалдаьккхина, машенлелорхочо некъан бакъонаш талхийна ханний, медикаш цомгушчарна сихха тIекхача арабийлина ханний цхьаьнайогIуш хилар – иза го центрерчу документашкахула.

2021-чу шеран Мангал-беттан I6-чохь Магасерчу кхело листина республикан бохамийн медицинан центран кхин а цхьа претензи. Куьйгалло 150 эзар сом центрна охьадилла декхарейора цигара ши медик.

Хилларг иштта ду. Стохка, Мангал-беттан 26-чохь орцан медицинан машен яхна Плиевн цIарах йолчу куьпа 54 шо долчу вахархочунна гIо кхачош. Медикаша юьхьанцара гIо а дина, дарбан хIусаме дIавига гIоьртина цомгушниг, амма цо ша ца вогIу аьлла куьг яздина. Цхьа хан яьлча дархо велла. Центран куьйгалло шен белхахой, ши фельдшер, бехкейина белхан декхар кхочуш цадарна – "бан оьшшу талламаш а бина, цомгушниг дарбан цIийне цакхачорна".

Бехкедийраш тхо ду, оха ун даьржинчу муьрехь бинчу балхах догIу ахча кхелехула дIадехна хиларна

Лоьралла тоъал цадар теллинарг ю Росздравнадзор – тергоен хьукмат. Цо бахарехь, лоьраша "кийрара, букъдIаьхкан остеохондроз" а, "чIагIъелла коронаран синдром"а ца зийна тоъал. Оцу бахьаница хьукмато 150 эзар сом гIуда тоьхна центрна. Магасерчу кхело сацамбина, лоьраш декхаре бац центрна хьалхара гIуда такха, аьлла.

Бехке лоручу лоьрех цхьамма, шен цIе цайовзийтар а доьхуш, Кавказ.Реалиига дийцира, шаьш кхелахошна дIагайтира цомгушчо дарбан хIусаме вижа ша резавацар тIечIагIдеш куьг яздина кехат, аьлла. Цул совнах, боху цо, вахархочунна вон хиллачу дийнахь а бахана иза волчу орцан медицинан лоьраш.

"Оцу тобано а ца вигина пациент дарбан хIусаме, амма иза хIуманна а бехке ца йо куьйгалло. Бехкедийраш тхо ду, оха ун даьржинчу муьрехь бинчу балхах догIу ахча кхелехула дIадехна хиларна. Цул тIаьхьа гIаттийра тхуна дуьхьал харцо. Белхан хьелаш шагдира. Буса дечу медикан хане хьийсо йолийра тхойшиъ юьстахарчу ярташка, болх бан хIиттадора тхайца гамо латточу белхахошца", – дуьйцу лоьро.

Цо бахарехь, массарца цхьаьна аттестаце хьажийна иза, амма чекх ца яьлла.

"Коллективехь юкъаметтигаш эгIийнера. Боккху хIора ког тергалбора, таIзар дархьама. КхидIа маьIна дацара болх бан", – боху зудчо. Даржера дIа а яьлла, кхечу метте балха яхана иза – нехан доларчу клинике.

Стохка гурахь балхара дIаваьккхина пхи стаг меттахIоьттина кхелехула, царалахь ву машенлелорхо Оздоев а. Оцу нахах дукхахболчийн доьзалш бу чоь юьззина. Балхахшаьш боьхна леллачу ханна алапа доцуш бисина уьш, адвокаташна дала а дезна дукха ахча.

Кхело центр декхарейина ша бехказа балхара бохийначу, беттанашкахь цIахь Iийначу наханна хилла зен меттаIхотто – хIоранна дIалала кхачийна 180-190 эзар сом. Амма центр реза яц оцу сацамна, аьрзнаш хьийсийна аппеляцин инстанце. Ткъа кхело меттахIиттийна нах хIинцале хIиттина шайн балха тIе.

"Уьно хьийзочу нахана гIодан а ца кхуьура тхо"


Белхахойх цхьаберш кхоьру журналисташца къамел дан. Балхахь бисинарш а, меттахIиттийнарш а, дIабаьхнарш а ийзало центран коьртачу лоьрах Антошкиев Мохьмадах. Ткъа ша хьаькам реза ца хилира Кавказ.Реалиин хеттаршна жоьпаш дала.

ГIалгIайчоьнан могашаллин министраллерчу пресс-векала Яндиева Лайлаа бахарехь, хьукматна евзаш ю центрера проблемаш. Министралле официалехь хеттарш хьийсор хьийхира цо Кавказ.Реалиина. Цо бахарехь, регионера массо а бахархой бу хIоьттина проблема кхочушхиларехьа.

"Цара сан доьзална а ма до лоьралла! Цигахь ткъа сов белхаш бина нах бу, баккхий доьзалш бу церан. Оха сагатдо царна! " – бохура Яндиевас.

Кавказ.Реалиино хьажийра министралле шен хеттарш официалехь, амма жоп ца делира масех бутт баьлча а. Доцца дара аьлларг: "министр кхеташонехь ву, цунна хан ца тоьу".

ГIалашкарчу дарбан цIийнан лоьре суна чохь Iилларх лаьцна делла кехат юхадаккха бохуш а хиллера цара.

Фельдшер Котиева Мадина Охан-баттахь дIаяьлла бохамийн медицинан центрера шен лаамца. Иза а яра "ковид-ахча" шена цадаларна арздинчаралахь. Белхан книжка дIа ца елла цунна хIинца а. Цуьнца болх бинчара бахарехь, документ "дIадаьхьина ФСБ-но". Стенна – иза хууш дац. Прокуратуре яха дагахь ю оцу хьокъехь Котиева.

Зуда шена официалехь йогIу мукъа хан эцна, цIахь яра, цул тIаьхьа цомгуш хилла Iийра. Балха арайоллушехь аттестаце хьажийра иза.

"Балха араяьллачу шолгIачу дийнахь, тахана аттестаци ю, элира соьга. Нахана бутт хьалха дуьйна хууш дара иза, амма со цомгуш Iиллинера оцу хенахь. Яхара со аттестаце. Цигахь вара коьртачу лоьран гIовс Барахоев Закри, яра комиссехь коьртачу лоьран зуда а – цуьнан кхин цхьа гIовс ю иза. Со латта альаттина, араелира, кхийтира балхах со йохорхьама ялийнийла аттестаце. Цул тIаьхьа хиира суна, со чохь Iиллинчу ГIалашкарчу дарбан цIийнан лоьре суна чохь Iилларх лаьцна делла кехат юхадаккха бохуш а хиллера цара. Иза сайггара яздича санна. Со чохь мел Iиллинчу дарбан хIусамашка телефонаш йиттинера. ШолгIачу меттехь хеназа дIакъевлира сан цамгаран кехаташ", – дуьйцу Котиевас.

"Уьно хьийзочу нахана гIодан а ца кхуьура тхо. 10-12-зза кхойкхура цомгушчарна тIе Зазадоккху-бутт болабелчахьана а. Охан-бутт боьрзуш со суо а хилаира цомгуш. Юха, аьхка шолгIа тулгIа а тIехIоьттира. Дечкен-баттахь ковид-бригадашца яра со юха а. ХIинца а ю ун кхеттачаьрца болх беш. Зеделларг, хаарш долу белхахой балхахра дIабуьйлучу кхачабо куьйгалло. Кегийнаш эцна балха, ткъа царна наха аьрзнаш до. Сан гергарчара дукха хан йоццуш кхайкхина лоьраш шайна тIе – ца баьхкина. ШолгIачу дийнахь хьажийна медикаш цаьрга хьовса. Ткъа шина-кхаа сахьтанна гIо тIаьхьадисар – иза даима лелаш дерг ду", – леткъа Котиева.

Оцу юкъанна. ГIалгIайчохь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус гучуяьлла 53 вахархочуьнгахь. Пандеми яьржичхьана схьа цомгуш хилла уьнах 17 эзар вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG