Нохчийчуьра "Ахмат" спецназан дакъан "Аид" тобан буьйранча ву Москвахь полисхо хилла Юнусов Бекхан. Кхело таIзар дина хилла цунна бакъонел а сов вийларна а хьарамлонаш лелорна. "Би-Би-Си Оьрсийн сервисна" иза мила ву къаьстина. Юнусов кест-кеста дакъалоцуш вара нохчийн Ӏедалан пропагандин телеграм-каналашкахь а, социалан машанашкахь а, амма ша ца вовзийта туьтмаьжиг йоьхна, вистхуьлуш вара иза.
Журналистийн хаамашца, стохка марсхьокху-баттахь "Аид" буьйранчана "Майраллин орден" йелира Кременскан агIор Украинана дуьхьал тIом барна. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хаамехь Юнусов аьлла фамили бен йацара йаьккхина. "Би-би-си Оьрсийн сервисна" шина хьостано тIечIагIйира цуьнан билггал йолу цIе.
Полисхо хилла волу Юнусов, 2016-чу шарахь социалан машанашкахь "Жнец" цIе тоьхна аккаунт лело волавелира. Полисхо волчу хенахь Юнусов гIаравелира "Химкера Бэтмен" цIерца. Наркопритонашна рейдаш йаш, цигахь чохь хилла нахана йетташ.
2018-чу шарахь Юнусов бехкевира бакъонел сов вийларна, набахтехь даккха диъ шо хан туьйхира цунна. Хенал а хьалха маршаваькхира иза, амма 2022-чу шеран чиллан-баттахь йуха а бехкевира иза курхаллаш лелорна. Официалан версица, Юнусовс бизнесхочуьнгара миллион сом ахча дехна хиллера, Iедалца ша проблемаш йарзор. Юнусов лаьцнера ахча дIалучу хенахь. 2023-чу шарахь, кхел йале хьалха, Юнусовс контрактан куьг йаздира "Ахмат" спецназца, иштта кIелхьара велира иза йуха а набахте хьажочуьра.
ХӀинца "Аид" кест-кеста пропагандин видеошкахь турпалхо хуьлу, цо жигара комментареш йо тӀамах лаьцна, шен хьаькамца, Кадыров Рамзанан уллерчу накъостаца Алаудинов Аптица цхьаьна. Цул совнаха, Юнусовс лелош йу 180 эзар подписчик волуш "Дневник мракоборцев" z-канал.
- Украинина дуьхьал бечу тӀамехь дакъалацарна Оьрсийчуьрчу "террорхойн а, экстремистийн а" тептарера дӀабоху хьалхо кхел йина нохчийн "Ахматан" эскархой. "Верстка" зорбанан гӀирсо "лаамхойх" веа стеган цӀераш билгала йакхира – царна йукъахь бу теракт йарна а, гIаттамхошца дакъалацарна а бехкебинарш а.
- Украинхойн къайлахчу сервисаша зорбане даьхна Кыдыровхойн тептарш йукъара - 14 стаг Росфинмониторинго террорхой а, экстремисташ а бу аьлла, билгалбаьхна. Царах цхьаъ цу тептар тIера дӀаваьккхинера 2022-чу шеран гIадужу-баттахь, амма 2022-чу шеран гIуран-баттахь кхин а виъ тептарехь висина вара.
- "Ахмат" спецназан батальонан буьйранча Батукаев Зелимхана кхерамаш тийсира нохчийн оппозицин NIYSO боламан векална. Жигархочун цӀенош хьалха а хIоьттина, Батукаевс видео йаьккхира, жигархочуьнгара керт-ков схьадоккхур ду ша, "цуьнан тайпа-тукхам махкара ара доккхур ду" ша бохуш, кхерамаш туьйсуш.