ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТаIзарна дIавелла". КъорIан дагорна Нохчийчохь кхел йийр йу Волгоградера студентана


КъорIан дагорна тIехула Соьлжа-ГIалахь хIоттийна митинг
КъорIан дагорна тIехула Соьлжа-ГIалахь хIоттийна митинг

Волгоградера маьждигна хьалха КъорIан дагорах делах тешачийн дог-ойла аьшнашйарна бехкзуламан керла гIуллакх доло бахьана хилла ца Iаш,"гIазотан тIом" бу аьлла, керла пропагандин кампани йолор а хилира. Бусулбачу нахана деза хетачу жайнин сий дайина студент Нохчийчу дIахьажор ву боху кхел йан - оцу йукъанна хIинца а къаьстина дац, и дагош йаьккхина видео машанашка муха кхаьчна. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, украинхойн къайлахчу сервисашца болх беш хилла ву аьлла, бехкевинчу Журавель Никитех лаьцна хууш дерг. Дийцаредо эксперташца, цуьнан гIуллакхах муха пайдаоьцу пропагандехь.

Маьждигна хьалха КъорIан дагош видео дуьххьара зорбане йаьккхира стигалкъекъа-беттан 19-чохь "Утро Дагестан" телеграм-каналехь, иза йоьзна лоруш йу Оьрсийчоьнан парламентан депутат хиллачу, "Свобода России" легионан координаторца, Украинехь вехачу Пономарев Ильяца. Видео йаржийра "Волгоград" Дала букъ кагбойла шун – Исламофобин пачхьалкх!" аьлла, йоза а хIоттош.

Оьрсийчоьнан Талламан комитетехь шолгIачу дийнахь хаамбира, Волгоградехь "меттигера вахархо Журавель Никита" лацарх, бусулбачийн дог-ойла аьшнашйарна шеконашца. Официалан версица а догIуш, стигалкъекъа-беттан 19-чохь видео дIайазйира цо КъорIан дагош, цул тIаьхьа ролик йаржийра" ЦИПсО ВСУ-н контролехь йолчу" ресурса тIехь (Украинан ТIеман ницкъийн информацин-психологин лерринчу операцийн Центр). Иштта Талламан комитетехь билгалдаьккхира, Журавлеь Никитас даредина, Оьрсийчоьнан эскаран тIеман гIишлойн видеош йохуш а вара ша аьлла.

ЧIогIа шеконе ду, Журавелян гIуллакх Украинерчу тIамца доьзна листа оьшуш хилар, цуьнан украинхйон къайлахчу сервисашца зIе хилла бохург а шайггара ду

Оьрсийчоьнан ФСБ-но йаржийра Журавель лоцуш йаьккхина оперативан видео. Цу тIехь гуш ду, шина стага сацаво вилспетара курьер, цул тIаьхьа кхаа оперативан белхалочо машен чу ийзаво иза. Цул тIаьхьа жима стаге хоьтту, хаьий хьуна стенна лаьцна ву хьо, Журавеля жоп ло, "кеманах видео йоккхуш вара" ша.

ТӀехьажаден хаттар шега динчул тIаьхьа, цо олу, стигалкъекъа-беттан 4-чохь маьждигна хьалха КъорIан дагийра ша, Украинехь болчара лелочу телеграм-канало тIедиллинера шена и. ТIаьхьо дIайазйинчу видео тIехь (хетарехь цуьнга хеттарш дечу хенахь йаьккхина йу и) Журавель ву дуьйцуш, СБУ-н тIедилларца дагийра ша КъорIан бохуш. Украинхойн къайлахчу сервисийн векалшка дIайахьийтира ша боху ролик, цунна дуьхьал 10 эзар сом делира шена. Лаьцначун йуьхь хьулйина йу, цундела хуийла дац, шена кечйина кехата тIера текст йоьшу цо, йа шеггара дуьйцу.

ШолгIачу дийнахь хиира, бусулбачийн дог-ойлина тIекховдарна аьлла, гIаттийначу гIуллакхах талламбар Нохчийчу дIалур долуш ду, Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца аьлла. Урхаллехь кхетийра, "Нохчийчуьра дуккхаъчу бахархоша шаьш зен хилларш ду алий, тIелаца бохуш, дехарш дарна" йина йу и гIулч аьлла.

Стигалкъекъа-беттан 23-чохь Соьлжа-ГIалахь, махкарчу зорбанан гIирсаша хаамбарехь, "итт эзар гергга бусулбанаш" арабевллера, шайн протест дIакхайкхон. Кавказ.Реалиин редакцина къаьстира, оцу митинге студенташ, белхахой, бюджетан организацеш бертаза бигнийлий. Царна хьалха къамел дира Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа, "Исламна, адамаллина, толеранталлина дуьхьал зулам" а, "йоллу бусулбачу Уммина биллина тIом кхайкхор" а ду иза аьлла.

Бехкзуламан гIуллакх долорах а, иза Нохчийчу дIалуш хиларх а шена хиъначул тIаьхьа Пономарев Ильяс дIахьедира, "Утро Дагестан" шен каналехь ролик хIотторна жоьпалла тIехь ду аьлла ца хета шена аьлла. КъорIан ФСБ-но дагадайтина оцу кIанте аьлла хета цунна, цул тIаьхьа шаьш йаьккхина видео къайлахчу сервисаша шаьш йаржийна, "цунах скандал йан а, седанаш даха а" аьлла.

Севастополера хилла кадет

19 шо долу Журавель Никита доьшуш вара Волгоградера пачхьалкхан социалан-педагогикан университетехь. Аннекси йинчу Севастополера веанера иза, хетарехь, 2022-чу шарахь: 2021-чу шарахь деша дIаэцначийн тептарехь вац Журавель, ткъа 2022-чу шеран тептар доьшийлан администрацино зорбане даьккхина дац.

Шен ненаца Iаш вара Севастополехь жимстаг. 2014-чу шеран марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнан тIеман министран Шойгу Сергейн омраца президентан кадетан доьшийла дIаийцира иза 5-чу классе. "ВКонтактехь" цуьнан хиллачу ширачу аккаунтехь динчу йозанашца, эскархо хила лууш хилла иза: "тIеман дакъа" могIарна дуьхьал йаздина ду "Кеста хир ду", ткъа зорбане хIиттийначу суьрташ тIехь Оьрсийчоьнан триколора хьалха лаьтта салтийн бу.

Хууш ду, политикан хIун контекст йу кхузахь: Кадыров кхин дIа а "бусулбашна тIехIуьттучун" репутаци йеш ву шена

Цхьана мIаьргонехь Журавелян хьежамаш хийцабелира, Кремлехьа долчу зорбанаша йаздора иза лаьцначул тIаьхьа, социалан машанашкахь студент оппозицин оьрсийн медиашка йазвелла хиллера – Навальный Алексейн а, Ходорковский Михаилан а командийн каналашка. Билггал хилла жимчу стеган аккаунт дIакъевлина йу карарчу хенахь, информаци зен аьтто бацара. Редакцин хеттаршна жоьпаш ца делира лаьцначун нанас.

Стигалкъекъа-беттан 22-чохь Волгоградан кIоштан Коьртачу кхело Журавель шина баттана лаьцна вуьтуш сацамбира. Цунна дIасавалар доьхкуш хIоттийна кхел а къевлинчу рожехь дIайаьхьира. Кхел йолайалале хьалха а, адвокатца консультаци йинчул тIаьхьа а студенто шегара даьлларг "чIогIа вуон хIума ду" элира, гечдар дийхира цо "дуьненчуьра бусулбанашка", гIуллакх листа а доладалале, массарна а хьалха бехк тIелецира цо.

ШолгIачу дийнахь Нохчийчоьнан къоман политикан министро Дудаев Ахьмада дIахьедира, Журавельна кхел Нохчийчохь йийр йолуш йу аьлла – циггахь йаккха йезар йу цо, нагахь санна бехк тIехь бисахь, шена тоьхна хан а аьлла.

"ЧIогIа тамашен ду Журавелян гIуллакх Украинерчу тIеман контекстехь луьстур хилар, цуьнан украинхойн къайлахчу сервисашца уьйраш йара бохург, шайггара долийна ма ду. Кадыровна студентан хьокъехь долийна гIуллакх – рогIера пиар-кампани йу. Цуьнан тоьшалла до, Талламан комитете гIуллакх махкахь таллийта аьлла, дехар дина тоба гучуйаларо а. Кадыровгара омра ца хилча иштта и хуьлийла дацара", - дIахьедира Кавказ.Реалии сайте адамийн бакъонаш Iалашйаран "Мемориал" Центран Кхеташонан декъашхочо Малыхин Владимимра.

"ГIазотан тIеман" йагориг

Юстицин министр Чуйченко Константин тIетайна Талламан комитетан сацамна, цо дIахьедира, Журавель "бусулбанаш дуккхаъ болчу регионерчу колони хьажон веза таIзар такха", "вайн дуккха а къаьмнаш, динаш дехачу пачхьалкхехь дин лара а, делах тешачийн ойланаш лара а Iемар ву" аьлла.

Оьрсийчуьра Transparency International декъан куьйгалхочо Шуманов Ильяс билгалдоккху, Волгоградан дозанан тIехь зулам дина, аннекси йинчу ГIирмера кхиазхочун гIуллакх Нохчийчу дIахьажор – процессуалан агIор аьлча, "гуттар хуьлучу тайпанара гIулч йац".

Шайн доьзална тIаьхьабевлча кхечу пачхьалкхе дIавахначу нохчийн бакъоларйархочунна Янгулаев Абубакарна хетарехь, бехктакхаман гIуллакх дерриг а "шайггара хIоттийча санна ду", ткъа бехкехетарг Соьлжа-ГIала дIавалар Кадыров Рамзанна гергахь политикан маьIна долуш ду.

"КъорIан Волгоградехь дагийна ду – лаьцна а Волгорадехь вита везаш ву иза, цигахь ду и маьждиг а. Цхьана а кепара бух бац иза Нохчийчу дIавала. Бакъду, кхузахь хIун политикан контекст йу гуш ду: "бусулбанаш Iалашбечун", Сунна а, КъорIан а лардечун репутаци шена кечйеш ву Кадыров", - боху Янгулбаевс.

Нагахь санна, ша сатанизмаца тIом болийнехь, Путинна дуьхьал тIом бан беза Кадыровс уггар а хьалха

Бехкзуламан гIуллакх долийна кхо де даьлча, стигалкъекъа-беттан 3-чохь, оцу хьолах лаьцна вистхилира Кадыров. Украинин а, Малхбузенан а питана ду элира цо, КъорIан дагор, "иблисехьа берш хIаллакбан цо кхин а тIе а лаам чIагIбина". "Доллу бусулбачийн дуьненна хьалха гечдар деххалц", машар бан дийцаршна реза ма хила аьлла, кхайкхамбира цо

Волгоградера ролик зорбане йаккхале масех де хьалха цунах тера бехкзуламан гIуллакх дуьхьал даьккхира Москвахь а. Видеон авторо боху КIайн Iоман бердайистера Косинан паркехь деза жайна дагийна ша аьлла. Ши бутт хьалха маьждиг дарна дуьхьал протесташ йира цигахь.

Оцу гIуллакхо гIовгIа эккхийтира нохчийн куьйгаллин агIор – Кадыров Рамзана иштта дIахьедира, "Деза жайнаш дагош леллачу украинхойн провокаторша" дина хIума ду бехира цо. Кхул а ши бутт хьалха КъорIан дагош Данихь акци дIайахьарх лаьцна а вистхилира иза, Европана бехкаш дохкуш, динца доьзна мостагIалла айдарна.

"Суна, суо нохчо хиларе терра, кхузахь уггар а тамашен дерг го: Оьрсийчоьно Нохчийчохь тIемаш бечу заманчохь, КъорIанаш дагийна ма ца Iара уьш – маьждигашна бомабанаш йеттара, цигахь дегира доллу КъорIанаш ламазаш дечу нахаца цхьаьна. Уггар а резонансе, дукха цIий Iанийна хилларг дара – шолгIа тIом болабеллачу йуьххьехь Маас эвлара маьждиг дохор. Цундела, Нагахь санна, ша сатанизмаца тIом болийнехь, Путинна дуьхьал тIом бан беза Кадыровс уггар а хьалха", - билгалдоккху Янгулбаевс.

Хутал хоьцу "кадыризаци"

Лахьанан-баттахь Нохчичохь тIеийцира "патриотикехь кхиорхьама" 15 регионера 150 бер, церан кхозлагIа дакъа Оьрсийчоьно Украинан дIалецначу меттигашкара дара – "ДНР", "ЛНР" аьлла, шаьш дIакхайкхийначу. "Чолхе амалш йолчу кхиазхойн" кураторш хилира Гуьмсера спецназан университет олучуьра инструкторш, ткъа бераш дIатардира "Горный ключ" цIе йолчу Эвтарарчу берийн куьпахь. Бераш Iамадора маршехь дуьйладала, хьажош топ кхосса, секха Iад тоха, граната кхоса.

"Дуккха а шераш дIадахча вайна йисинарг Оьрсийчоьнан "кадыризаци" йу: йоллу пачхьалкхехь Кадыров Рамзанан рожца йогIу идеологи йу. Дешан маршо лакъийна йерриг а, бозуш боцу хаамийн гIирсаш совцийна, бакъоларйаран йукъараллаш хIаллакйина. Кадыровн рожо зийна цкъа хьалха, цул тIаьхьа Оьрсийчохь лелийначун доца тептар ду хIара", - билгалдолккху "Мемориалан" бакъоларйархочо Малыхина.

Кадыровн практикин институциализаци – цхьана мIаьргонехь хилла хIума дац, жим-жима кхуьуш кхиъна хIума ду. Цуьнан рогIера мур бу олийла ду Журавель Никитин гIуллакх, тIетуху къамелдечо.

Украинан бахархойн маршонан Центран эксперто, политолого Савва Михаила тидам бо, оцу кепара федералан Iедало Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца лелочо тоьшалла до, цуьнан Iедал дукха лаьттар цахиларан.

"Кхиазхо Нохчийчоьнан Iедалхошка дIаваларх цхьана агIор кхетийла ду: Кремлан раж малйелла, гIора эшна цуьнан. Кадыров санна болчу лидершкара гIо оьшу царна. Кремльна муьтIахь хиларна оцу куьйгалхошна доккха дакъа кхочу. ХIаллакдайта адамаш дIадала а буьйлабелла хIинца", - элира Саввас.

  • Зазадокху-бутт йуккъе баьллачу хенахь Кремлехьа йолчу телеграм-каналаша видео йаржийра, цу тIехь Украинан ТIеман ницкъийн эскархой ду шаьш бохучу наха сийсаздо бусулбанашна деза долу КъорIан. Украинан Iедалхоша ВСУ оцу зуламна гунахь хилар тIе ца дитира, видео сурт хIоттош йаьккхина йу элира, изза тIечIагIдира эксперташа а. Амма хIетте а Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, оьрсийн зорбанаша а оцу видеох пайдаийцира тIеман пропагандехь.
  • Нохчийн Iеламчаша хаа а хууш хьалхатоьтту Украинаца бийриг "гIазотан тIом" бу боху концепци. Соьлжа-ГIалахь бусулбачийн суьдхо лаьттина, Коьртачу маьждигехь имам хиллачу Хийтанаев Мохьмада хьехам беш, къамел дира Ростов-ГIалахь, Америка а, НАТО а "Делан мостагIий" бу, ткъа бусулбачийн мехаллаш ларйийриг цхьа Путин ву ала тарло бохуш.
  • Нохчийчохь дукхазза гулбеш ламазаш дайтира кхиазхошка Украинехь тIемаш бийраш Iалашбар доьхуш. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а санна, кхузахь а бераш тIеман пропагандистийн билгалонашца - V а, Z а элпийн кепехь дIахIиттадора. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эсперташа дийцира, стенна оьшуш ду и Iедалхолшна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG