ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТаIзарш лайначу нохчочун гIуллакх долор мeттахIоттийна Лаккхарчу кхело


Соьлжа-ГIалара ницкъахой, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIалара ницкъахой, гайтаман сурт

Европерчу адамийн бакъоларйаран кхело нохчочунна Эдигов Сулейманна таIзарш дина хилар бакъдина. Иза бехкелерина чуьвоьллина латтош ву ницкъахочун могушаллина тIекховдарна а, низамза герз дохкарна а. Лаккхарчу кхелан сацам хиллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан лаккхарчу кхело меттахIоттийра цу хьокъехь гIуллакх долор. Амма 2014-чу шарахь шаьш бина сацам хийцамза битира.

2021-чу шарахь (ЕСПЧ) Европерчу адамийн бакъоларйаран кхело Эдиговн гIуллакхехь сацамбира. Нохчийчохь цхьанна кепара кечдина кехаташ доцуш, къизачу хьелашкахь стаг дIалаьцна латторах дуьйцуш бара цуьнан чулацам. Цу бухаца чуделлачу гIуллакхна жоп луш, бехктакхаман гIуллакх долор меттахIоттор дийхира Оьрсийчоьнан Лаккхарчу кхелан куьйгалхочо Лебедев Вячеслава - сацам стигалкъекъа-беттан 31-хь бира, амма кхелан сайтехь хIинцца бен дIа ца хIоттийна.

Бехкелоручара дийцарехь, 2009-чу шарахь дуьйна Швецехь вехачу Эдиговс 2012-чу шеран йуьххьехь Соьлжа-гIала веана, герз детташ, ГИБДД урхаллин белхало Юсупов Мурат вийна. Ша Эдиговс дуьйцу, 2012-чу шарахь дIалаьцна ларми чохь латточу шена нохчийн полисхоша цхьанна кепара кехаташ ца кечдира, йиттира, тоькаца таIзарш дира бохуш. Цуьнан пIаьлгашна серий хьерчош хиллера, серийн йуьхьигаш тоьках дIа а тосуш - ток йеттар бахьана долуш цуьнан куьйгаш тIехь таммагIнаш дисна, церан ларраш кхелехь дIагайтира Эдиговс.

2014-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчуьра Лаккхарчу кхело чохь такха 14 шо ахшо хан туьйхира цунна. И сацам хилале масех бутт хьалха, 2013-чу шеран лахьан-беттан 1-чу дийнахь цу гIуллакхе хьожучу кхелахочо Абубакаров ВахIида гIуллакх охьадиллира. Цо бахарехь, цунна тIеIаткъам бинера - Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера телефон тоьхна. Нагахь цо иза бакъвеш сацам бахь, цунна мегарг цахиларх дIахьедеш.

2013-чу шеран лахьан-баттахь Сулейманан нанас Умарова Зинас "Команда против пыток" цхьаьнакхетаралле кехат йаздира. Оьрсийчоьнан талламан комитето йалххуза йухадерзийра таIзарш дарна бехктакхаман гIуллакх долор дина дехарш. Юристаша цу хьокъехь (ЕСПЧ) Европерчу адамийн бакъоларйархойн кхеле арздина.

2022-чу шеран гезгмашин-баттахь "Команда против пыток" цхьаьнакхетаралло "Арифметика пыток" цIе йолу тептар зорбанедаьккхира. Цуьнан чулацам бара Къилбаседа Кавказерчу полисхоша нахана йечу гIелонех лаьцна. Бакъоларйархоша бахарехь, 87% гIуллакхашлахь Талламан комитето бахктакхаман гIуллакх долор къобал ца дина.

  • Карарчу хенахь Эдигов Иркутскерчу набахтехь шена тоьхна хан йоккхуш ву. 2018-чу шеран чакхенгахь ИК белхалоша йиттина цунна. Набахтхоша даредира шаьш леррина гIирсаш лелорна, амма шаьш иза ца дича ца довлура элира цара. Цу гIуллакхехь ша Эдиговс шен дешнаш йухаийцира. Цунах дерг "Кавказ Реалии" редакцига дийцира "Комитет против пыток" цхьаьнакхетараллин Къилбаседа Кавказерчу декъан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс.
  • Оьрсийчуьра чоьхаьрчу гIуллакхийн министраллин хаамашца, 2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь дайна лоруш ду 4 984 адам. Нохчийчоьнал йоккхачу Москвахь, Москван -махкахьчул дукха ларалуш ду и терахь. Мехкашкахь байнаш карочу зерашца а лидер йу Нохчийчоь. ХIора шарахь довчу 1 700 адамах карош ду 20-30.
  • Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, шена дохку бехкаш тIе ца дуьту Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозанна тIехь низамза лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Амма "Новая газета" гIирсо а, "Комитет за гражданские права" бакъоларйархойн цхьаьнакхетаралло а массийттуза дийцина ду Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь ницкъахоша сецочу бахархойх лаьцна. Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима а дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта шена гIело йарехь ша Кадыровс дакъалацарх а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG