ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан комитетан куьйгалхочо юха а тӀедиллина Кубанан йахархо, цуьнан бер лачкъорца доьзна гӀуллакх схьаделлар


Смелая Мария
Смелая Мария

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра тӀедожийна Подмосковьера шелтерера Краснодаран йахархо Смелая Мария лачкъорца а, цул тӀаьхьа цуьнан цхьа шой ахшой долу бер лачкъорца а доьзна бехкзуламан гӀуллакх юха схьаделла аьлла. Доьзалехь латточу ницкъах йедда, лечкъина йара иза шелтерехь.

Цунах лаьцна хаам бина Краснодаран махкара Талламан комитетан урхаллин зорбанан сервисо. Публикацихь билгалдоккху, бехктакхаман гӀуллакх хӀинцале а долийна хилар, амма иза Краснодаран Прикубанскан кӀоштан прокуроро бинчу сацамца сацийна хилар, ткъа хӀинца Талламан комитет латкъам беш йу Ӏуналла дечу урхаллан сацамна. Муьлхачу артиклашца таллам бан беза билгалдаьккхина дац.

Товбеца-баттахь талламна гергарчу шина хьосто дийцира Кавказ.Реалии сайте, Смелая Мариян хIусамдена – Нохчийчуьра Шабазов Чингисханна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдарх шен хIусамнанна тIехь ницкъ латторна. Иштта хаамбора талламбарал хьалха зуьйш хилар цо зудчунна йетташ, чевнаш йеш хилар а.

Оццу хенахь Смелаяс ишта дӀакхайкхийра Шабазов лаьцна аьлла. Церан бер лехамашка даьккхина - цу стага кхоалгӀачу цхьана адаме дӀаделла иза.

  • Оханан-бутт бовш бакъоларйархошка гIо дехнера Краснодарера йахархочо Смелая Марияс. Доьзалехь гIело латторна а, хIусамдас, Нохчийчуьра вахархочо Шабазов Чингисхана, шена кхерамаш тийсарх а дарединера цо. Доьзалехь бала хьоьгучу зударшна леринчу шелтерера лачкъийра 33 шо долу Краснодарера Смелая Мария стигалкъекъа-беттан йуьххьехь. Полицига дIахьедан ца лиира цунна, Шабазовс чIагIонаш йо, ша зуда балехь йаллош йац бохуш. Стигалкъекъа-беттан 30-чохь Смелая Марияс видеокхайкхам дIайазбира, цу тIехь цо чIагIдора хIусамдас шегара бер а, документаш а, телефон а схьайаьхнера аьлла.
  • Зударшна тIехь гIело хьегийтарна Оьрсийчоьнан регионашкара бахархойл а дукха нах таIзар ца деш буьсу Къилбаседа Кавказехь. Дуьйцурш ду летар, хьийзор, бераш лечкъор – иза а доллу тептар дац. Кавказ.Реалии сайто къастийра, полицино оцу кепапа гIуллакхаш наггахь бен стпенна ца луьсту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG