ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан комитете арз дина Дагестанера шина вахархочо ницкъбарна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанерчу Гергебиль эвлара ши вахархо Магомадов Магомед а, Махмудов Амир а кӀошташна йукъарчу Талламан комитетан декъе ваьлла, полисхоша шаьшшинна йеттарна а, электрошокерца гIело латторна а. И полицин белхахой - латкъам бинчийн йуьртахой бу, вовшашна бевзаш хилла уьш.

Инцидент хилла товбеца-беттан 16-чу дийнахь, хаамбина "Iазапашна дуьхьал Командо". Шен йуьртахо дIа а кхетийна, ХIинжа-ГIалара йухавогIуш хиллера Магомедов полисхоша сацийна, цуьнан машенах хьовсучу заманчохь. Цуьнгахь йан а йоцу наркотикаш лоьхуш хиллера цара. Шегара машен схьайаккхарна кхоьруш Магомедовс догIанаш бацала лестийна хиллера. ТIаккха цхьахволчу полисхочо бIаьрга буй тоьхнера цунна. Цул тIаьхьа Магомедов полицин машена хаийнера, ткъа йовхона цо латкъам бича, тIе мийраш биттинера.

Оцу девнан теш хилла Махмудов Амир, кхин а иттех стаг санна, шен йуьртахочунна йеттар телефона тIе дIайаздан волавеллера. Асфальт тӀе бертал охьа а виллина, цунна йиттинера полисхоша цуьнгара тIелефон а цхьаьна йохош.

Цул тӀаьхьа и нах полисхойн декъе кхачийра. Шингахь а вон хьал дара, цара лоьраш кхайкха аьлча, йуха а йиттинера. Магомедовс урс даьккхина, ша шена дайн тIе хьекхнера – цул тIаьхьа кхин а тIе йиттинера цу шинна, масийттазза электрошокер йиттира Махмудовна. Зенаш хиллачара дийцинера, малхбуза ламазан хан тӀекхаьчча, полисхошца цхьаьна ламаз дайтира шайга аьлла.

Магомедов а, Махмудов а лоьрийн экспертизе дӀавигира, новкъахь тӀаьххьарчо шегахь долчу уьосаца лаг хадийнера шен, дарбанан цIийне ша охьавиллийта лууш хиллера цунна. Амма и хӀума ца хилира, ишта царна тIера чевнаш а дӀайазйина йац – божарий маларх кхеттий хьовсар доцург. Цул тIаьхьа полицин декъе йуха а вигина, шина дийнахь латтийнера и шиъ.

ШолгӀачу дийнахь, вуно ледарчу хьолехь хилла Махмудов волчу йахара лоьрийн сихачу гӀоьнан машен, амма шинна а лазар теден молханаш бен ца йеллера, полицихь витира цул тIаьхьа а. Товбеца-беттан 18-чу дийнахь кхело ший а бехке лерира полисхойн тIедахкарш кхочуш ца дарна. Магомедовна гӀуда тоьхнера, Махмудов кхаа денна лаьцна латтош хан кхайкхийра кхело.

ХӀинца Магомедовн а, Махмудовн а дехарца а догӀуш, таллам дӀахьош бу. Оцу хеначохь йеттаран лараш дӀайайна Магомедовна тIера, амма Махмудовн йисина хIинца а.

  • Дагестанехь дахдина Украинана дуьхьал тIом бина Джабраилов Ахьмад валарца доьзна талламбар. ХIинжа-ГIалара Советский кӀоштан полисхойн декъехь йиттина, электрошокерца ницкъбинчул тIаьхьа кхелхинера иза.
  • Иштта товбеца-баттахь Дагестанан Лакхарчу кхело полисхой хиллачу Адалов Гасанна а, Юнусов Магомедана а набахтехь даккха тоьхна диъ шо кхаа шаре лахдира. Уьш бехке бинера Дербентера вахархочунна Амаханов Темирханна йеттарна.
  • Мангал-баттахь Дагестанерчу пхеа полисхочунна хенаш кхайкхийра зуда хьийзорна а, лачкъорна а. Республикин Лакхарчу кхело къобалбина чоьхьарчу гӀуллакхийн урхаллан белхахошна дуьхьал бина сацам: ницкъахой хиллачарна набахтехь даккха 5 шарера 8 шаре кхаччалц хенаш кхачийра.
  • 2023-чу шеран дечкен-баттахь ХIинжа-ГIалара Советский кӀоштан полисхойн декъехь Iазап хьегна масех сахьт даьккхинчул тӀаьхьа кхелхира 35 шо долу Дагестанера вахархо Далгатов Курбан. Хьалхарчу буса цига валийнера иза, герз диттина гӀуллакхан теш санна, хеттарш дан. Полицехь болх беш хиллачу 11 белхахочунна дуьхьал долийна гӀуллакх кхеле хьажийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG