ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан комитето гӀуллакх ца долийна кадыровхоша лачкъийна Белгородера волонтер СИЗО-хь валарца доьзна


 Демиденко Александр
Демиденко Александр

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Белгород-кӀоштара урхалло бехкзуламан гӀуллакх ца долийна украинахошна гӀо дина волонтер Демиденко Александр СИЗО-хь валарца доьзна, йаздо Маршо Радион оьрсийн сервисо, Белгородера "Фонарь" гIирсана тIетевжаш.

Демиденкона дуьхьал зулам дина хиларх цхьа а тоьшалла ца карийна шайна аьлла журналисташка талламчаша. "Оьрсийчоьнан Федералан таӀзарш кхочушдаран урхаллин а, Белгородан кӀоштара номер 3 йолчу СИЗО-н белхахоша а магийна доцург лелийна дац билгалваьккхинчу стагана тIехь. Цул совнах иштта и тIечIагIдо Оьрсийчоьнан ФСИН-н хьукматашкахь болчу объективан контролан гӀирсаша а", - хаам бина урхаллин пресс-гӀуллакххоша.

  • Оьрсийчоьно буьззинчу барамехь Украинана тӀелатар долийначул тIаьхьа дуьйна 61 шо долу Демиденко Александр тӀамна дуьхьал хIитточу пикеташкахь дакъалоцуш вара, бӀеннаш украинхойн мухӀажаршна гӀо деш вара иза: цо уьш шен цӀахь тӀеоьцура, иштта накъосталла дора царна даймахка юхаберза а.
  • Стохка гIадужу-баттахь Демиденко лаьцна, стенга вуьгу а ца дуьйцуш дӀавигира цхьтана агIр нохчийн ницкъаллин структурийн белхахоша, цул тӀаьхьа лаьцна, изоляторе хьажийра. Цуьнан хӀусамехь талламаш бира "Запад-Ахмат" олучу нохчийн батальонан полисхоша а, эскархоша а. Цу хенахь царна карийнера боху Дуьненан шолгӀачу тӀамера граната а, лоьлхуьйту гIирс а. Волонтеран дегӀа тӀехь йиттина лараш хиллера. ТӀаьхьо Демиденкос мукӀарло динера, шена цIенна гена доццучохь карийна йара граната, амма полисхошка и дӀайала лара ца винера ша аьлла.
  • Демиденко Белгород-кӀоштарчу лоьмар 3 йолчу СИЗО-хь велла хилар гучуделира оханан-беттан 8-чу дийнахь. ТаӀзарш кхочушдаран федералан урхалло дӀахьедира, валаран бахьана цо ша-шена тӀе куьйгаш дахьар ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG