2016 шарахь Дагеастанерчу Шемалан кIоштарчу Гоор-Хиндах юьртана гена доццуш жа дажош Iен вежарий Наби а, Хьасан-Хьусайн а ГасангусейновгIар байъира лерина операци дIахьочу ницкъхоша. Вийна ши жима стаг тIемало хилла сурт хIиттадора куьгбехкечара. Амма ГасангусейновгIеран гергарчу наха а, лулахоша а харцйира церан верси, гойтура дарешкахь гучуюьйлу шалхенаш. Вежарийн догIмаш тIехь карийра дуккха а герзашца йина чевнаш. Кхо шо ду Оьрсийчоьнан Талламан комитето гIуллакх толлу а, берийн да зуламхошна таIзар дайта гIерта а.
Гоор-Хиндахна гергахь шаьш гIаттийна лерина операци ерзошшехь дIахьедира ницкъхоша, вийна ши ваша тIемалой хиларх а, уьш полисхошна тIелатарх а лаьцна. Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх айдира Набина а, Хьасан-Хьусайнна а дуьхьал, уьш низамхойн урхаллин белхахошна тIекхевдина, цара, низам а дохош, герзаш лелийна, аьлла. Вийначу шина вешин да лору эшам хилла.
Хенан йохалла гучуделира вежарех-жаIуйх тIемалой бу бохуш кехаташ хIиттийнарг Шемалан кIоштан полицин декъан буьйранчин декхарш кхочушден майор Алиев ИбрахIим хилар. Берийн да Гасангусейнов Муртаз-Iела тешна ву и харцо леррина лелош хиларна – шен бераш хIаллакдарна бехкево цо Алиев. Зулам динччу буса дIахьедира майора, шен белхахоша лерина операци дIахьош ши тIемало вийна, аьлла. Алиевца доьзна теллира хьаькамаша хилларг, лахвира иза даржехь. 2018 шарахь вежарийн байъарх долу бехктакхаман гIуллакх листа хьаладелира Москва.
Путине, цо хIора шарахь цкъа дIахьочу пресс-конференцехь, 2018 шеран ГIура-баттахь, хаттар дира жаIуй байъарх лаьцна. Президента шена ца хаьара иза, ша Оьрсийчоьнана Талламан комитетан куьйгалхочунна Бастрыкин Александрна тIедожор ду таллам тергаме эцар, элира. Амма 2020 шеран Зазадоккху-баттахь а Талламан комитето юхатеттира Алиевн бехк зер, цунна дуьхьал таллам болор, ткъа кху баттахь кхело юхадаьккхина Гасангусейновс чуделла рогIера дехар.
Гасангусенов Муртаз-Iела полицера дIа а ваккхийтина, бехктакхаме озо гIерта белхан документаш харц хIитторна, декхарш нийса кхочуш цадарна Алиев. Масийтта ш оду иза хIора кIиранах цкъа ХIинжа-ГIалин коьртачу майданахь пикете хIуьтту, Наби а, Хьасан-Хьусайн а вийнарш, царна терористийн цIерш тIекхоьллинарш цо жоьпе боьху.
Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Гасангусейнов Муртаз-Iелас дийцира ша муха веха, дайъина шен бераш ша муха дагалоьцу.
– Оха дехардира Дагестаерчу Талламан комитете тхаьшн гIуллакхан материалаш йовзийтар доьхуш, уьш тхайна стенна ца гойту хаархьама. Тхана а дац жоп. Ас дуьтур дац иза, харц тоьшаллаш динчу полисхошна таIзар догIу. Харц кехаташкахула, хаамашкахула сан кIентех террористаш бина. Алиевс жоп дала деза уьш байъарна.
– Дагестанан куьйгалхочо къамел дира шуьца, бохура толлур ду. Цуьнан инаугураци йирзинчул тIаьхьа рогIехь юхатеттина бехктакхам айбар доьхуш аш яздина арз. Иштта стенна нисделла, дарже хиича шух болу бала лахбелла?
– Бахьана из аду аьлла ца хета суна. Талламан комитето а, прокуратуро тхо хьийзаде дукха хан ю. Юьхьанца тхан берех тIемалой, террористаш бира, хIинца сан бераш дайъинарш къелхьарбохуш хьийза. Цара лелриг ас ца дузу мехкан куьйгалхочуьнца. Со теша Меликов тхуна гIодан лууш хиларх, тхох баккъал а доглозуш хиларх. Цо ша тхоьга веъча, элира: "Муртаз-Iела, ПетIамат, шуна гIортораш хилла шун ши кIант, хIинца тхо хр ду церан метта шуна накъосталлехь". Цои за даггара бохура аьлла хета суна.
– Цо кхин хIун гIо дина шуна?
– Шина юьртана, Гоорна а, Къахьибна а, юккъера некъ тобайтар дехна ас цуьнга – сан берийн дуьхьа ду иза а. Болуш-м бу некъ, дика бацахь а, суна иза асфальтан хуьлийла лаьа. Беха а ца оьшу, ши километр бен яц ас юьйцург.
Талламчас Гура Лева хIора кхаа баттахь кехат доуьйту соьга, таллам дIабахбина, олий, амма хуьлуш дац цхьа а хIума
Тхайн Гоор-Хиндахе хи кхачор а дехна ас. Юьртана лахахь хьоста ду. Цигахь йоккха биргIа хIотто еза, хи лакхарчу енаш чу IаIийта, цигара хIусамашка дIасакхачийта. Хи хьалаузу гIирс беза. Цкъачунна ах юрт ю шовдане лелаш. Мехкан куьйгалхочо дош делла тIедогIучу шарахь некъах а, хих а дерг цхьалхадаккха.
– 2018 шарахь Дагестанерчу журналиста дийхира Путине хьан бераш дайъар шен тергоне эцар, цо Талламан комитетан тидаме дуьллур ду гIуллакх, элира. Хиллий талламца цхьа а хийцам?
– ХIан-хIа, суна ца хаабелла цхьа а хийцам. Со хIинца прокуратуре яздан дагахь ву, таллам лаьтташ бу боллучохь, реза вац со. Коьрта талламчас Гура Лева хIора кхаа баттахь кехат доуьйту соьга, таллам дIабахбина, олий, амма цул тIаьхьа хуьлуш дац хIума. Соьгахь цхьа туп ду и кехаташ.
Со хилла и инарла-майор волчохь, тергам тIеберзор бу талламна, элира цо, ткъа цул тIаьхьа массийтта шо а даьлла. Ас аьллера: "Оха гIодо хьуна, оьшург меттахвоккхур ву, тхаьш дахана,тIекхаойкхур ву хьуна". Амма дерриг а лаьтташ ду хьалха санна. Москва ваха воллу со, кхеле озийначу бакъонаш ларъечу "Мемориал" центран агIолаца (Оьрсийчохь арахьачу агентийн статусе язйина и цхьаьнакхетаралла, амма иза реза яц цунна. – Ред.), вахханчуьра, Талламан комитетна хьалха пикет а хIоттор ю ас.
Ас баркалла боху "Мемориална", цо доккха дакъалаьцна сан бераш дайъар толлуьйтуш. Суна цкъа а дицлур дац иза. Вуно дукха гIуллакх дина суна бакъонашларъярхочо Гасанов Жамболата а. Бохам хиллачу дийнахь дуьйна ву иза суна уллехь.
Сан кIентий кхелхина, цхьа вац ас гIайгIа бан, диканиг дан лаьа юьртанна, айса берашна дан лерина мел хилларг
Суна накъосталла динчу меттигерчу адвокаташна кхерамаш тийсина Iедало, шун цIахь а ду бераш, бохуш. Уьш юхабевлла тхан девнах, амма цара а дина накъосталла – гIуллакх "Iазапна дуьхьаллаттаран комитете" дIаделла.
– Ахь хьо берийн хьомара шайн цахь цхьа жима музей хIотто воллу аьллера. ГIуллакх хилирий хьан?
– Ас иза хIоттор ю, юха ца ваьлла. Талламан материалаш гулъеш ду тхо цунна, берашца доьзна мел долу кехат, документ вовшахтуху. Тхан тайп кхачалуш ду и ши кIант верна, царел тIаьхьа цхьа лар йита гIерта со. Музей – иза документийн гулр санна ю, хаъл лар ю юьрта хи далор, некъ биллар, спортан майда яр, юьртахь берашна турнираш хIиттор.
Сан кIентий кхелхина, кхин цхьа вац ас гIайгIа бан, цундела лаьа диканиг дан юьртанна, айса царна дан лерина мел хилларг. Со а, сан бераш а кхиина меттиг еза ю суна, кхузарчу наханна дика дан лаьа-кх.
– Хьан берийн хьомара юьртахь йинчу спортан майданах хIун хилира?
– Пайда луш ю, волейбол ловзу цу тIехь. Делахьа а тоян дийзира иза: Iедало иза еш хIоттийна пен ах кибирчиг бен стомма бацара, иза охIабуьйжира турникашна тIе. ЧIогIа халахеттера суна.
Яхначу аьхка "Къаькъанах маьрша Оьрсийчоь" боламера Хамзаев Султан веара тхо долчу, цо элира: "Муртаз-Iел, тхо Сергей Алимовича [Меликовс], дахкийтина, ахь аьлларг дийр ду оха". Еанера шайца керла турникаш, юхабоьттира майданан тIехьара пен, ас ма-аллара дика боьттира, хьовсархошна ховша метигаш а йира. Бираьнчикаш а хIиттийна, кхидерг а дина. Жима ю тхан юрт, эзар хIусам йолчу луларчу ярташкахь а дац иштаниг.
Ас латта эцна тхайн юьртахошкара, цунна уллех а хIоттор ю берашна ловза майда. Оьшу спортан гIир болуш бу. Кхушара вежарийн ГасангусейновгIеран турнир а хилира. Хамзаевс гIодира иза ян – баркалла ду цунна соьгара. Ша Москвара Дагестане ца моссазза вогIу, кхочу иза тхо долчу. ХIинца и гIодеш ву тхуна Ленинкентехь цIа тодеш.
– Хьо цига дехьаваьлла?
– Ма-дарра дуьйцу ас. Керимов Сулимана (Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан сенатор. – Ред.) гIодина суна цIенош оьцуш. Юьхьанца ХIинжа-ГIалахь петар яра суна луш. Амма ас сайна латта оьшу, мел жима делахь а, цIенна хьалха беш а йолуш, аьллера. ТIаккха соьга сайга харжийтира меттиг. Ас Ленинкентехь (ХIинжа-ГIалин йист. - Ред), лехира, ахчанца гIодира суна.
Керлачу цIа чохь Iай аттаха ду: йовхо ю чохь, ткъа лаьмнашкахь дечиг дагон дезара, хала дара суна а, здчунна а. Цундела Iа кхузахь доккхур дуо ха, аьхка юьрта хьала а доьлхуш.
Элира соьга: "Карахь ур-аталла тоьпан цхьамза а йоцуш, хьо стенна гIерта танк эшон?"
Талламца доьзна сан дукха лела везаш нисло. ХIинжа-ГIалина гергахь хилча атта ду. Сайн бераш дайъинчу муьрехь со таксица лелара Гоор-Хиндахара, Iуьрре кхочура полице, хьаькамашна тIе, сарахь юха а таксица воьдура юьрта хьала, сан стагга а вацара ХIинжа-ГIалахь буьйса яккха.
– Хилла бохам дагна байбеш хIун ду хьуна?
– Тхайн хьалхарчу адвокатца дIасавала дийзира сан, иза талламехьа болх беш вуйла хиина, цо элира соьга: "Карахь ур-аталла тоьпан цхьамза а йоцуш, хьо стенна гIерта танк эшон?" Новкъа деара суна иза. Ас жоп делира: "ГIур ву со танканна дуьхьал, суна карор бу и танк сацо некъ!" Суна сан бераш цхьаммо а юхалур дац, амма ас сацор ю уьш дайъина танк, цуьнга кхиберш а ца байъийта". Тахана ала ду сан, бераш дойъу танк сацийна. Цу чуьра бевдда танкисташ карор ду дуьсуш. Оцу лехамаша суна ницкъ ло кхидIа а къийсавала.
***
Талламан комитетна гергахь, тIемалой байъарх лаьцна хам бина волчу майорна Алиев ИбрахIимна бекхам бина Шемалан кIоштан полицин коьртера дIаваккхарца, боху бакъонашларъяран "Бакъо а. Низам а" цхьаьнакхетараллин Дагестанерчу декъан куьйгалхочо Гасанов Жамболата.
Алиевна дуьхьал дов айдайта гIерта шаьш, эилра Кавказ.Реалиига Гасановс. Полисхочо кхерамаш тийсина байъинчу кIентийн дегахьа болчу наханна, баьхна: "Аш хIун до, шайн юьртанна оха 20 автомат бухакхоссарх ца кхоьру шу?"
Бакъоларъярхочо дийцарехь, ши ваша вийначу буса, Гезгмашин-беттан 23-чохь Алиевс хаам баржийна, "герзаца дуьхьало йина тIемалой" бевзина, уьш Хьасан-Хьусайн а, Наби а ГасангусейновгIар бу, аьлла. Ткъа хилларг ца тллина шолгIачу Iуьйранна бен. Аьлча а, официалехь байъинарш муьлш бу а къастадале яьхна Алиевс шина вешин цIерш.
"Журналисташа буса яржийна хиллачу информацин документ дехча, буха яздина куьг а, стагга а воцуш дийтина полисцино жоп. Кегийрхой байъарх лаьцна хаам баржийнарг Алиев хилар къайла а хьош, ларш яйъа гIиртина полисхой", – боху Гасановс.
2021 шеран Зазадоккху-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоь декхарейира ГасангусейновгIеран дена 120 эзар евро (10 миллион сов сом) дала компенсацина. Оьрсийчоьнан Iедало хьаьшна адаман даха йолу бакъо, аьлла бу вежарийн-жаIуйн хьокъехь цо бина сацам.