Регионашкара къечу нахах хIоттийначу рейтингехь ГIалгIайчоь хьалха нисйелла. 2022-чу шеран Росстатан зерашца, къоьлла хьоьгуш бу 30,5 процент махкара бахархой. Миска нах совбовларца йоьалгIачу меттигехь дIатарйелла Адыгей – цигара гайтам бу 11,6%.
Официалан статистикаца*, 2022-чу шарахь гIад дайна хьал хилла Оьрсийчоьнан 9,8 процент бахархошлахь – и хуьлу 14,3 миллион стаг. Царна баттахь хуьлу пайда 14 эзар сом бу. Йуьхьанца хаамбора, 15,3 миллион стаг ву къоьлла токхуш бохуш, делахь а, цул тIаьхьа "къастийначу" статистикана юкъа ца вахара 1 миллион стаг.
Оцу йукъанна 2021-чу шарахь Росстато шен лараран кеп хийцира, "къоьллан дозанан" керла билгалонаш йукъа а йалош. Инфляци а лоруш, стохка йоьалгIачу кварталехь хиллачу бахархойн хьаштийн маьIнаца дIанисйина иза. Цул тIаьхьа къоьлла хьоьгу нах официалан статистикехь лахбелира.
*Оьрсийчоьнан официалан статистикана чубогIу аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а, иштта Оьрсийчоьно дIалецначу Украинан Запорожьен а, Херсонан а кIошташкара хаамаш а. Иштта "ДНР", "ЛНР" олучу меттишкара хьал а.
- ГIалгIайчоь а, Дагестан а лидерш йевлира Оьрсийчоьнан регионашлахь 2022-чу шарахь* билггал алапаш лахдаларехь. Оцу йукъанна алапаш охьадовлар къаьстира Къилбаседа Кавказан масех мехкашкахь а. Цунах лаьцна хаийтира Росстатна тIетевжина, урхаллашна юкъарчу информацин-статистикан Юкъарчу системо.
- Чиллин-баттахь Росстато а, кхечу хьукматаша а 2022-чу шеран жамIашца зорбане даха долийра, Украинаца болийначу тIамо регионашна йитинчу тIаьхьенах. Терахьаша гайтарехь, хIинцале а дикка лакхадаьлла Къилбаседа Кавказан мехкаш федералан центрана хьалха декхаре бахар. Ткъа Iедало кхачочу кIезигчу социалан ахчанийн дуьхьа бахархой кийча бу доьзалашца къеста а. Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь эксперташа билгалдоккху, тIаьхье кхин тIе йеха а, кIоргIе а хир йу аьлла.
- 2021-чу шеран зерашца, Дагестан уггар а кIезиг регионалан бюджет бахархошна йойу республика йу. КIезиг харжаш йечу итт регионашлахь нисйелира иштта Ставрополан а, Ростовн а, Волгоградан а мехкаш, ГIебарта-Балкхаройчоь.