ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Телефонаш толлур йу аьлла кхерам тесна хьаькамашна Дагестанан хьалхарчу вице-премьеро


Администрация главы и правительства Дагестана, Махачкала
Администрация главы и правительства Дагестана, Махачкала

Дагестанан хьалхарчу вице-премьеро Алиев Руслана кхерамаш тесна хьаькамашна, мехкан Iедална луьйчу медиаресурсашка уьш йазбеллий хьожуш, церан телефонаш толлур йу аьлла. Оцу тайпа публикацешна "лайкаш" хIиттийнарш дIабохур бу балхара аьлла, чIагIо йина цо.

Алиевс кхеташонехь къамел деш видео йаржийна, кест-кеста махкарчу хьаькамашна критика йечу "Спросите у Расула" гоьйаьллачу телеграм-канало. Алиевс къамел даран бахьана ду оцу канало зорбане йоху материалаш.

Цо бахарехь, вице-премьерашна тIера буьйлабелла массо а хьаькамийн телефонаш толлур йу кхерамзаллин хьукмато. Цаьргахь ду доллу "тептарш" – "цхьана телефона тIехь, шолгIачу, хIусамненах къайлах лелочу, кхоалгIа, бизнесан гIуллакхаашна лелош йолчу тIехь". "Лайк хIоттийнарг – дIаволуш кехат йаздеш, шен цIа воьду", боху Алиевс.

"Новое дело" ресурсан хаамашца, оцу дIахьедарца Алиев Расула къамел дина, хетарехь, Дагестанан бизнесан а, инвестицийн а Агенталлин коллегин кхеташонехь товбеца-беттан 20-чохь. Оцу дийнахь отпускехь волчу премьер-министран Абдулмуслимов Iабдулмуслима декхарш кхочушдеш вара иза.

  • Дуккхаъ а гоьбевлла жигархой йукъа ца бахна Дагестанан Йукъараллин палатина. Царех цхьаболчара диллина дIахьедора мехкан бахархойн проблемех, критика йора Iедалхоша лелочунна, масала, Дагестанан Конституци хийцарна.
  • 2022-чу шеран гIалужу-баттахь Дагестанан Халкъан гуламан депутаташа мехкан конституцихь цхьа могIа тIетохарш дира. Кхиндолчуьнца цхьаьна а догIуш, регионан урхаллина шина хенал а сов урхаллехь Iен бакъо ло оцу тIетохарша, иштта Дагестанан куьйгалхочунна тIера дIадоккху "цхьааллин а, территори дийна хиларан" гарант бохург. Дагестанера юристаша а, бакъоларйархоша а, йукъараллин а, политикан а гIуллакхдархоша а критика йира оцу хийцамашна, дехар дира тIетохарш тIе ма дита бохуш, Iедалхоша дуьхьало йира оппозицина хетарг кхайкхорна.
  • Шемалан кIоштан администрацино меттигерчу йахархочо шена гечдар доьхуш дIайазйина видео зорбане йаьккхира. Хьалхо дIахьединера цо, оцу кIоштахь йуха йухкуш йу Украинана дуьхьал тIемаш бечу оьрсийн салташна йахьийта кечйина тушенка бохуш.
  • Краснодаран кIоштара Тамань станицера администрацин куьйгалхочо фейкан аккаунт йинера, меттигерчу проблемех лаьцна социалан машанашкахь дуьйцу нах аьшнашбеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG