ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тепсуркаев Салман верца доьзна бехкзуламан гIуллакх айдан дуьхьал хилар низамехь ду аьлла Нохчийчуьра кхело


Тепсуркаев Саламн
Тепсуркаев Саламн

Оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салман верца доьзна бехктакхаман гIуллакх доло дуьхьало йеш кхело бина сацам Нохчийчуьра Лакхара кхело тIечIагIбина. 2020-чу шеран гезгамашин-баттера схьа дуьйна иза волу меттиг хууш бац, бакъоларйархойн хаамашца, Тепсуркаев вийна.

Кхеле йаьллера искаца Тепсуркаевн хилла хIусамнана. Нохчийчура Талламан комитето деш хIума цахилар къевсира цо, шен хIусамда вийна аьллачу хаамна регистраци йан дуьхьал хиларна.

Карарчу хенахь бехктакхаман гIуллакх толлуш ду стаг лачкъор аьллачу Iедалан къепехула, оцу йукъанна билгалйаьккхина йац Тепсуркаев лачкъоран а, кхаа шарахь иза гучу воккхуш цахиларан а гуш уьйр хилар, аьлла искехь. 2022-чу шарахь иза верах чуделла дIахьедар цуьнан гIуллакхан материалашна йукъа эцна, амма кхин меттахдаьлла дац гIуллакх.

"Цул совнах, кхелан кхеташонехь къастийна, оцу Тепсуркаевн хьокъехь айдинчу бехктакхаман гIуллакхехула волайнхо цуьнан да ву аьлла йазвина, амма шен кIант тIепаза варах цо дина дIахьедар дац аьлла", - боху апелляцин сацама тIехь.

Б.Елизаветин интересаш кхелехь йовзуьйтуш бара "Iазапашна дуьхьал Командин" юристаш.

"Оха дIахаийтина зуламах, иза вийна хиларх къастийна гIуллакх гIаттадайта. Амма Талламан комитето хIинца а иза велла лоруш вац, оцу буха тIехь, ала догIу, цуьнан хIусамнана волайнхо хилар къобалдан а реза бац", - дийцина Кавказ.Реалии сайте бакъоларйаран организацихь.

Къамелдинчо иштта элира, волайнарг да ву аьлла билгалдаккхар тамашен хилар, "нохчочун сий дойург" кIантера даьлча, цунах дIахаьдда волу. Ишта дешнаш далийна волайнхочун бехктакхаман гIуллакхехь йолчу материалашкахь.

  • Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело йухаэцна Б.Елизавета волайнхо лоруш талламхочун дуьхьалойар. Лачкъийначу 1АДАТ оппозицин телеграм-каналан чатан модератаран хIусамнана йу иза. Нохчийн талламчаш тIетуьйжу, царна йукъахь официалехь регистраци йина йац бохуш. Юристаша къуьйсу, 2020-чу шарахь дуьйна и шиъ доьзал санна цхьаьна Iаш хилар, ткъа Къилбаседа Кавказехь ЗАГС-ехь регситарци а ца йеш, там-мах бар лоруш хилар.
  • 2020-чу шеран гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра Тепсуркаев Салман, шаьш МВД-н белхахой ду аьллачу наха. ТIаьхьо гергарчийн аьтто белира Тепсуркаевн телефон Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан Соьлжа-ГIаларчу декъа тIехь йуйла хаа. 2022-чу шеран марсхьокху-беттан 23-чу дийне кхаччалц зорбанан гIирсаша а, бакъонашларйархоша а лачкъийна олий хьахавора Тепсуркаев. "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" бакъонашларйархочо Садовская Ольгас жимстаг вийна аьллачул тIаьхьа хийцаделира иза. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьнна тIехь ду аьлла жигархо лачкъорах жоьпалла.
  • ТIаьхьо къаьстира, Тепсуркаев вийна боху версино цхьаболчийн шеконаш кхуллу, дуьххьара иза вийна аьллачарлахь а цхьаьна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG