ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тепсуркаев Салманан гIуллакхехула Европан адамийн бакъонийн кхеле бевлла бакъоларйархой


Тепсуркаев Салман
Тепсуркаев Салман

"Iазапашна дуьхьал Командо" латкъам бина Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле. Нохчийн ницкъахоша лачкъийна вигина оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан чатан модератор Тепсуркаев Салманан валарх жоьпалла Оьрсийчоьнан Iедалхошна тIехь хилар къобалдар тIедожийна бакъоларйархоша.

Ишта "Iазапашна дуьхьал Командо" доьху Тепсуркаевца хилларг цуьнца шогалла лелорна хилар бакъде аьлла. Оцу хьоло тIаьхьо цуьнан гергарчеран синошна Iаткъам а бинера.

Тепсуркаев волу меттиг хууш бац 2020-чу шеран гезгамашин-баттера схьа дуьйна, бакъоларйархойн хаамашца, иза вийна. Стохка гIуран-баттахь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело сацам тIечIагIбира, иза вийна хиларх бехкзуламан гIуллакх айдан дуьхьало йеш.

Тепсуркаевца там-мах бина хилла Б.Елизаветас иск кхойдийнера. Цо къуьуйсура Нохчийчуьра Талламан комитетан талламхочо деш хIума цахиларна, шен хIусамда вийна хила тарло аьлла хаамна регистраци йан дуьхьал хиларна. Карарчу хенахь бехктакхаман гIуллакх толлуш ду стаг лачкъорца доьзна, оцу йукъанна талламо зIе билгал ца йаьккхина Терсуркаев лачкъорна а, кхаа шарахь гергга иза волу меттиг хууш цахиларна а йукъара.

2021-чу шарахь ЕСПЧ-кхело Оьрсийчоьнна тIехь дитира жоьпалла, жигархо лачкъорах цара тIечIагIдира, харцонца "нохчийн полицин барзакъ доьхначу кхаа-пхеа стагаг лаьттачу тобано Нохчийчуьра номершца йолчу Toyota Camry машенаш тIехь" изи вигина хилар.

  • 2020-чу шеран гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра Тепсуркаев Салман, шаьш МВД-н белхахой ду аьллачу наха. ШолгIачу дийнахь социалан машанашкахь видео йаржийра жигархочунна тIехь сийсазалла лелош. ТIаьхьо гергарчийн аьтто баьллера Тепсуркаевн телефон Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан Соьлжа-ГIаларчу декъа тIехь юйла хаа.
  • 2022-чу шеран марсхьокху-батте кхаччалц схьа зорбанан гIирсаша а, бакъоларйархоша а хьахавора Тепсуркаев лачкъийначун статусехь. "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" бакъонашларйархочо Садовская Ольгас жимстаг вийна аьллачул тIаьхьа хийцаделира иза.
  • Садовскаян дIахьедаран Кавказ.Реалии сайто тергойинчул тIаьхьа, 1АДАТ боламо тIечIагIдира Тепсуркаев вийна хилар. Цара хаамаш гучубехира иза верах лаьцна, тIаьхьо цунна бехкевира Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Делимханов Адам. Иштта къаьстира Тепсуркаев вийна бохучух шеконаш хиларх дуьххьара иза вийна аьлла дIахьединчийн а цхьаьна.
  • Талламо кхузза дуьхьало йира, Б.Елизавета Тепсуркаевн гIуллакхехула волайнхо лоруш. Лачкъийначу 1АДАТ оппозицин телеграм-каналан чатан модератаран хIусамнана йу иза. Нохчийн талламчаш тIетуьйжура, царна йукъахь официалехь регистраци йина цахиларна. Юристаша къуьйсу, 2020-чу шарахь дуьйна и шиъ доьзал санна цхьаьна Iаш хилар, ткъа Къилбаседа Кавказехь ЗАГС-ехь регситарци а ца йеш, там-мах бар лоруш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG