ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроран тохар кечдеш хилла аьлла Германихь нохчийн кхиазхо лаьцна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Немцойн федералан Бранденбург лаьтта тIехь 16 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла кIант лаьцна. Полицин хаамашца, Керлачу шарна леринчу базарахь терроран тохар дан Iалашо йолуш хилла иза. Иштта лаьцна ву боху цуьнан накъост а – 15 шо долу Къилбаседанера Рейн-Вестфалия лаьттан вахархо а.

"BILD на русском" хьастан хаамашца, йукъахдаьккхина теракт кхочушдан лерина хилла гIуран-беттан 1-чохь – цунах лаьцна дIакхайкхийнера лаьцначех уггар а жимахволчу кхиазхочо, овхIанхойн орамаш долчу Д.Эдриса. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан агIончаша телеграмехь бина и хаам.

Талламна хетарехь, Эдриса уьйраш латтош хилла 16 шо долчу Оьрсийчуьра М.Расулца. ТIаьххьарниг вевзаш ву полицина, террорхойн пропаганда йаржон, "Исламан пачхьалкхан" агIонча санна. Reuters агенталло шайн хьастана тIетевжина хаамбина, Расул – Нохчийчуьра вахархо ву аьлла.

BILD-н информацица, куьйга йинчу лоьлхуьйтучу хIуманашца, йа кир лелочу машенца Керлачу шарна хIоттийначу базарахь, йа Кельнера синагогехь теракт йан дагахь хилла кхиазхой. Оцу йукъанна Къилбаседа Рейн-Вестфалия лаьттан чоьхьарчу гIуллакхийн министра дIахьедира, Керлачу шарна хIоттийначу базарахь терроран тохар дан Iалашо хилла церан, амма билгал ца даьккхина цо, муьлхачу гIалахь.

  • Лахьан-беттан 23-чохь Германихь пачхьалкхехь йихкинчу ХЬАМАС, "Самидун" организацийн декъашхойн а, церан агIончийн а 15 гIишло теллира.
  • ГIадужу-беттан 23-чохь Францихь лецира 15- 16 шераш долу виъ кхиазхо, кхаанна бехкаш дехкира Бельгира Израилан векалтана тIелата кечбаларна. Лаьцначех кхоъ – Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а ву.
  • ГIадужу-беттан 20-чохь Страсбурган полицино дуьненан Синагогина уллохь лецира уьрсаца 15 шо долу нохчех кхиазхо. Бакъоларйаран органийн хамашца, синагогин керта тIехула урс хьаькхна, цул тIаьхьа пхуьйшах лачкъийра цо. Жимчу стеган телефон чохь карийра дIайахьийтина смс, Калашниковн автомат "йетта" лицейна тIе (хууш дац, йуьйцург муьлха лицей йу), цо йаздинера ша "уггар а гIараваьлла нохчо" хир ву.
  • ГIадужу-беттан 16-чохь суьйранна Брюсселехь герз детта долийра урамехь. Ши стаг вийра. Зуламхо къайлавелира скутер тIехь. ШолгIачу дийнахь шеко йолу 45 шо долу Лассуед Iабдесалем лоцучу заманчохь вийра полисхоша. Лассуеда видео дIайазйинера, цу тIехь цо чIагIдора, ша "Исламан пачхьалкхан" агIонча ву, дозалла дора, "мунепакъаш" бойура ша бохуш. Динна хьалхара лечу "бусалбанех бекхам беш", ши стаг вийна ша бохура цо.
  • Францихь гIадужу-беттан 13-чохь Аррас гIаларчу школана тIелеттера 20 шо долу ГIалгIайчуьра схьаваьлла вахархо Могушков Мохьаммад. Цхьа хьехархо вийра цо, шинна чевнаш йира, йаздо BFM TV, Le Figaro хьасташа. Бехкево – оцу школан хилла дешархо, шайн хьасташна тIетевжина хаамбира BFMTV телеканало. Ша тIелетачу заманчохь "АллахIу Акбар" бохуш мохь биттинера цо.
  • Школана тIелеттачу ГIалгIайчуьра вахархочунна Могушков Мохьаммадна Францихь бехкаш дехкира гIадужу-беттан 18-чохь терроран гIуллакхца доьзна стаг верна а, иза вен кIелойарна а, террорхойн йукъараллехь дакъалацарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG