ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризм яц, теракташ елахь а


Нохчийчоь ю Оьрсийчохь уггаре а кхерамазалла йолу меттиг олий, сих-сиха дIахьедар до Кадыров Рамзана.

Цо дийцарехь, цу регионехь хьалха яра терроризм, амма иза хIинца хIаллакйина. Нагахь лаьмнашкахь бевдда лела тIемалой гучубевлахь уьш шаьш сихонца бойу, боху цо.

Кху шеран Дечкен-баттахь Кадыровс дIахьедар дира 2016-чу шарахь терроран чулацам болу 122 зулам дина, 17 тIемало вийна, 19 стаг Iедалша лаьцна аьлла.

Амма Нохчийчуьрча прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис шен агIор кхин терахьаш даладо. Дукха хан йоццуш Соьлж-ГIалахь хиллачу кхеташонехь цо элира, терроран чулацам болу 221 бехктакхаман гIуллакх долийна шаьш аьлла. Царна юкъаозийна 559 стаг ву боху прокуроро.

Абдул-Кадыровс дийцарехь, стохка Iедалша лоьхучу тIемалойн терахь дара 723. Царах дуьненаюкъарчу лехамехь вара 518 стаг. Кхеташ ду, Нохчийчуьрча прокуроро буьйцурш тIемалой хила мега аьлла цара къастийна нах хилар. Ткъа маса стаг ву баккъалла а, герз а карахь, Iедална дуьхьал ваьлла хууш дац.

Кхин цхьа хIума а ду прокуроро дуьйцучех шена тIе тидам бохуьйтуш. Дуьненаюкъарчу лехаме беллачу нехан терахь дукха лакхара хилар – 518 стаг. Ойла кхоллало цу юкъара цхьаберш политикан бахьанашца махкахбевлла Малхбузерчу Европехь а, Туркойчохь а беха мухIажираш хила мега олий.

Карарчу хенахь Нохчийчохь терроран чулацам болу тIелатарш дийраш бу кегийрхой. Эксперташа дуьйцу и нах Кадыровн Iедална дуьхьал бовлар «Исламан пачхьалкх» шех олучу экстремистийн тобанан идеологи юьхьарлацар ца хила мега бохуш.

Цкъачунна бунт ойучу кегийрхоша лелочун гIорасиз ю Нохчийчуьра ницкъаллин структураш. Цу нехан цхьа центр ца хиларна хала ду царан тIелатар дале уьш гучубаха.

Тахана а хууш дац 4 шо хаьлха болабеллачу Шемарчу тIамехь дакъалоцуш маса нохчо ву. Цхьаболчара церан терахь бIеннашкахь ду боху, кхечара чIагIдо цигахь президентан Асад Башаран ницкъашца тIемаш беш эзарнаш вайн нах бу бохуш.

Амма массо а реза бу царах дийна биснарш мацца а Нохчийчу юхабоьрзур бу бохучунна. Ткъа цу гIуллакхо меттах баха мега Оьрсийчохь а, Кавказехь а болу радикалан ойлланаш йолу нах.

Нохчийчуьрча Iедалша шайн республика кхерамазалла йолу меттиг ларахь а, стохка ГIадужу-баттахь дуьйна цигахь хилла дуккха а тIеман хиламаш.

2016-чу шарахь ГIадужу-беттан 9-чу дийнахь Гуьмсан кIоштахь герз диттина тIемало хила мега аьлла вийра 8 стаг. Полисхошна юкъахь виъ чевнаш хилла вара.

Оццу шарахь ГIура-беттан 17-чу дийнахь тIелатар дира Соьлж-ГIалан юккъехь. Цигахь кхийсарш ярехь вийра 6 тIемалой хилла аьлла дIакхайкхийна стаг. Байинарш бара полицин белхахошна юкъахь а.

2017-чу шарахь Дечкен-беттан 11-чу дийнахь Цоцин-эвлахь вийра 4 тIемало а, Росгвардин 2 эскархо а.

Кхин а кхо кIира далале Дечкен-беттан 30-чохь Шелахь герзаш тоьхна вийра полицин ши белхахо а, цаьршинна тIелатар дина 3 стаг а.

Ткъа Зазадоккху-беттан 24-чу дийнахь 6 тIемалочо, шаьш а леш, 6 эскархо а вуьш, кхаанна чевнаш а еш, тIелатар дира Новран-кIоштарчу Росгвардин базина.

Уггаре а кхерамазаллин Оьрсийчуьра регион иштта елахь, муха хила еза кхерамениг, аьлла хаттар кхоллало ларамаза.

XS
SM
MD
LG