ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроран къепехь таIзар динчу нохчочуьнгара Францин махкалла схьадаьккхина


Страсбургера полисхой, гайтаман сурт
Страсбургера полисхой, гайтаман сурт

Кхелан сацамца Францихь шайн пачхьалкхан вахархо винчу 53 шо долчу Турчаев Хьасанбекера шайн махкаллин паспорт схьадаьккхина. Набахтехь даккха итт шо тоьхнера цунна 2019-чу шарахь, Шемара джихIадхойн тобанашлахь хилла ву аьлла. Турчаев Франци дIаваханера 2002-чу шарахь, политикан мухIажарн статус йара цуьнан.

Турчаевгара францхойн махкалла схьадоккхуш омра зорбане даьккхина кху беттан 3-чохь. ТIаьххьарчу кхаа шарчохь Францихь мел лахара а ткъа сацамбина, махкалла дIадоккхуш, терроризмаца доьзначу бахьанашца, билгалдоккху францхойн "Actu17" гIирсо.

Турчаевна таIзар дира Шемахь тIемашкахь дакъалацарна а, кхечу гIаттамхошна оьккхуьйтург лелон Iаморна а. Кхелехь цо бакъдира, 2013-чу шарера 2014-чу шаре кхаччалц кхаа баттахь гергга ша Шемахь хан йаккхарх. Бехкбуьллучара тоьшалла далийна, оцу заманчохь Турчаевс "Ахрар аш-Шам" тобанан (ООН-о террорхойн организаци лерина йац иза.- Редакцин билгалдаккхар) эмир санна куьйгалла дина хилар. Радикалан исламан экстремистийн йукъаметтигаш хилла аьлла Турчаевх шеконаш хиллера 2005-чу шарахь меттигерчу къайлахчу сервисийн- хIетте а, цо новкъарло ца йира цунна Францихь махкалла тIеоьцучу хенахь.

Франци кхачале хьалха Соьлжа-ГIалахь вехаш хилла ву Турчаев, республикехь энергетикан министр вара цуьнан да. 90-чу шерашкахь юридикан факультет чекхйаьккхинера Хьасанбека пачхьалкхан университетехь, бехктакхаман гIуллакхаш луьстучу декъехь болх бина а ву иза. Нохчийчохь гIаттамхошлахь Оьрсийчоьнан эскархошна дуьхьал тIом барна махкара дIаваха дийзира цуьнан, иштта Малхбузе кхаьчнера иза.

  • Францхойн Аррас гIалахь 20 шо долчу ГIалгIайчуьра Могушков Мохьммада хьехархо вийначул тIаьхьа пачхьалкхан Iедалхоша пурба делла радикализмехь бу аьлла шеконаш йолчу Оьрсийчуьра бахархошна депортаци йан. Церан могIарехь бу, чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жеральда дIахьедарца, "Нохчийчуьра бахархой" а.
  • Францихь беха нохчий кест-кеста хаало криминалан сводкашкахь, радикалан исламца боьзна бацахь а. 2020-чу шарахь Дарманена бехира, Нохчийчуьра бахархошна хала хир ду шайн пачхьалкхехь тховкIело карон. И нисделира, талламо бахарехь, Сен-Дизье гIалахь шайн махкахочунна йиттинчул тIаьхьа бекхам бан республикера 16 стаг араваьлча.
  • Къилбаседа Кавказера бахархошца доьзна зуламаш дар лакхадаларо, декхаребина тховкIело йоьхучийн кехаташ Парижехь дикка йуха а талла, билгалдоккху бакъоларйархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG