ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхоша дIалаьцначу школехь штурм йина рогIера шо кхечи гезгамашин-беттан 3-чу дийнахь


Тахана, 2024-чу шеран гезгамашин-беттан 3-чохь, ткъа шо кхечи террорхоша дIалаьцначу Бесланера номер 1 йолчу школехь штурм йина. Iедалхойн комиссино а, Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело а динчу хьесапашца, тIемалой хIаллакбан гIертачу заманчохь байъина бу 334 закъалтхойх дукхаберш.

Оьрсийчохь гезгамашин-беттан 3-гIа де официалехь билгалдоккхуш ду тероризмаца къийсам латторан де санна, цунах лаьцна дуьйцу дешаран шо долалчуш хIиттийна линейкаш йирзинчул тIаьхьа а. Гезгамашин-беттан 1-чохь Бесланехь хIора шарахь кхаа дийнахь тезет латтадо, тахана а школашкахь православин динан Iамалш йина.

Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Меняйло Сергейс Iуьйранна зорбане хIоттийра мемориалан кешнашкахь даьккхина сурт. Йаздинера: "Иэсан Вахтин кхоалгIа де…" аьлла. Беллачийн гергарчаьрга кадам бира цо ши де хьалха, спецназан эскархой а, закъалтхой а цхьана могIаре а хIиттош.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iалис, ала дашна, цигара чубаьхкинера террорхой, мехкан бахархошка вистхуьлуш дагадаийтира, тахана терроризмаца къийсам латточаьрца цхьана хуьлу де ду аьлла. Цо билгалдаьккхира, регионехь беллачу бакъоларйаран органийн 500 белхахошлахь шен ваша а вара аьлла. Шен публикацихь Беслан хьахийна йац цо.

Дагестанан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а, ГIебарта-Балкхаройчоьнан а куьйгалхоша рогIера шо кхочуш хьалхарчу метте хIоттийра пачхьалкхан иэсан терахь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана социалан машанашкара аккаунташкахь Бесланехь хилла теракт хьахийна йац.

  • Бесланера номер 1 йолчу школехь закъалтхой лецар – Оьрсийчохь хиллачех уггар а доккха терроран тохар дара. БIе сов закъалтхой бойъуш, гIишлона штурм йе аьлла омра динарг мила хилла, талламо хIинца а къастийна дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG