ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхошна гIо латтийна ву аьлла бехкевина ГIалгIайчуьра лор бехке цахиларх дIахьедина адвокато


Кхелера гIоьмаш, гайтаман сурт
Кхелера гIоьмаш, гайтаман сурт

Терроран гIуллакхехь дакъа а лаьцна, бакъо йоцуш герз лелийна аьлла, гIалгIайн берийн лор Гайтукиев Багаудин жоьпалле озош ГIалгIайчоьнан прокуратуре арз хьажийна, хаамбина "Мемориало". Террорхойн гIуллакхна тIехула таIзар динчун мукIарлонна тIехь бехке хIоттийна иза

Цхьа шо а ду бехкечун статусехь Гайтукиев вуьсу гIаттамхошна гIоьналла латтийна аьлла долийначу хьалхарчугIуллакхехула. Талламан версица, террорхойн тобанан декъашхочуьнга Абадиев Мохьмаде молханаш дIаделла цо. Лоьро бакъ ца до ша Абадиевца цхьаьнакхетар, цуьнан берана лоьралла дечу хенахь цуьнан дехарца молханаш цунна дIакхачийна бохург а. Лоьрана хууш дацара Абадиев бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанан декъашхо вуйла.

2018-чу шарахь таIзар дина ву Абадиев къизачу артиклашкахула – набахтехь даккха 15 шо туьйхира цунна. Бакъо йоцуш герзашца тоба вовшатохарна бехкевира тIемало ву бохург. Наьсарарчу "Вилаят ГIалгIайче" тобанан цхьахволчу хьалханчан Ведзижев Илезан теш вина стаг ву боху таIзаре хIоттийнарг. Дуьненаюкъарчу "Исламан пачхьалкх" террорхойн тобанашлахь дакъалаца Шема ваха а гIоьртина боху иза.

Гайтукиев Багаудинан хьокъехь айдина шолгIа зуламан гIуллакх (террорхойн гIуллакхехь дакъалацар, бакъо йоцуш герз латтор) дуьхьалдаьккхина кху шеран чиллан-баттахь. Оцу бехкийн бухехь ду Абадиевн мукIарло а. Юьхьанца аьллера цо Абадиевс тапча йелла шега, амма тIаьхьо ша аьлларг юхаийцира цо, "галваьллера ша, тила а тиллера" аьлла. Цул совнах, тапча дIайелла бохучу хенахь педиатр Оьрсийчохь а ца хиллера, цуьнан тоьшалла до арахьарчу мехкашкахь лелачу цуьнан паспорта тIехь йинчу балгалонца.

Ший а гIуллакх луьстуш ду Оьрсийчоьнан Талламан комитетан ГIалгIайчуьра урхалло. Гайтукиевн адвокато Бузуртанов Якъуба Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къемелехь билгалдаьккхира, ша Iалашвечунна хуийла дацара шозза бен гина воцу Абадиев муьлхачу юкъараллехь ву.

"Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело бина сацам бу Дагестанерчу вахархочун хьокъехь, террорхойн организацина гIо латтийна ву аьлла, амма тIаьхьо хийцира бехк, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу тобанан декъашхочунна гIоьналла латтийна аьлла. Тхан гIуллакхехь а бехкбиллар тIех совдаьккхина, мел а шогачу Iедалан къепехула", - билгалдоккху юристо.

Герз делла аьллачу, шолгIачу гIуллакхах дерг аьлча, адвокато Бузуртановс дIахьедира, ша Iалашвийриг оцу инцидентана гунахь вац аьлла, хIунда аьлча, тIаьхьо Абадиевс шен мукIарло хийцина хиларна.

  • 2022-чу шеран зазадокху-беттан 3-чохь лецира Гайтукиев цунах талламаш бинчул тIаьхьа, хIетахь ницкъахошна ца карийнера цуьнгахь магийна йоцу хIуммаъ а. Стенга вуьгу а ца дуьйцуш, дIавигинера иза, цуьнан адвокатна карийнера иза Магасерчу Оьрсийчоьнан ФСБ-н урхаллехь. Оцу буса Гайтукиев Талламан комитете дехьаваьккхира, цигахь бехкаш а дехкира цунна.
  • 2009-чу шарахь гIаравелира Гайтукиев Багаудин, хIетахь ГIалгIайчоьнан республикин урхаллехь хиллачу Евкуров Юнус-Бекан коврана Iожалхочо тIелатар динчул тIаьхьа, цунна операци йича. "ГIалгIайчоьнан хьакъволу лор" цIе йелира Гайтукиевна. Лоьралла лелийна ца Iаш, цо жигара гIоьналла латтадо таро йоцчу нахана а, буоберашна а, царна хIусамаш йеш, молханаш латтош, дозанал арахьа дарба дан дIа а бохуьйтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG