ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхой аьлла цӀе тиллина? Европехь нохчийн мухӀажарш хьийзор


Польше боьлху нохчийн мухIажарш, архивера сурт
Польше боьлху нохчийн мухIажарш, архивера сурт

"Исламан пачхьалкх" олучу дуьненаюкъарчу террорхойн тобанан веа агӀончана хан тоьхна Бельгехь. Царах кхоъ нохчийн къомах ву. Кхело бинчу сацамо кхин цкъа а тидам тӀебахийтира Европехь диаспорийн юкъараллашкара цхьаболу кегийрхой радикализацица йоьзначу проблемина. Цуьнца цхьаьна меттигерчу Ӏедалша а, нохчийн бакъонашларъярхоша а чӀагӀдо: бӀеннаш эзарнаш нохчий низамаш лардеш, болх беш а, шайн позици йолуш а, кест-кеста шайн керлачу пачхьалкхашна дуьхьал спортан къовсамашкахь дакъалоцуш а болу Евробертан бахархой бу.

Бельгерчу хаамийн гӀирсаша йаздо, нохчин къомах волчу Абубакарна С. (цунах юьззина информаци йовзийтина яц) Брюггерчу бехктакхаман кхело 15 шо хан тоьхна набахтехь даккха, теракт йан кечлуш вара аьлла. Цуьнан зудчунна бархI шо хан тоьхна. Цуьнан вешина Абубакарна а, кхин а воьалгIачу бехкевечунна а арахь йаккха хан тоьхна. Лецначарех цхьаъ бехказа ваьккхина, хаам бина блогерша.

Брюггера кхелан векало Ван Беллегем Амелис дӀахьедина, цу тобано герз а, патармаш а аренде эцначу гаражехь латтош хилла, амма полици бахьана долуш новкъарло йан аьтто баьлла цу зуламна.

2023-чу шеран стигалкъега-баттахь журналисташа, Бельгин прокуратурина тӀетевжаш, хаам бира, Розеларехь а, Мененехь а, Остендехь а, Вевелгемехь а, Гентехь а оперативан белхаш дӀахьош, терроризм лелорна шеко йолуш ворхӀ "Исламан пачхьалкхан" агӀонча лаьцна аьлла. Уьш берриш а бохург санна нохчин орамаш долу кегий нах бу – хаамийн зорбанехь лецнарш "ткъе итт шо кхаьчна кегийрхой" бу аьлла, дIахьедина. Лаьцначарна юкъахь кхо стаг Бельгин пачхьалкхан паспорт долуш вара.

Нагахь нохчочо  хи чу воьжна стаг кӀелхьарваккхахь, Белгерчу хаамийн гӀирсаша дуьйцар дац иза муьлхачу къомах ву

Теракт дан билггал йолу меттиг къасто хан ца хилла цу тобанан, амма, дийцарехь, жигара кечам беш хилла, герз а оьцуш. ТӀелатар дан Ӏалашо хиллачу меттигашна юкъахь йара Антверпенера жуьгтийн квартал а, ЛГБТ-н бар а, полицин дакъа а, НАТО-н штаб-квартира а.

ТӀаьхьо шен даржера дӀавоьдучу Бельгин юстицин министро Ван Квикенборн Винсента а билгалдаьккхира, лаьцначарех коьртаниг OCAD -ан террорхойх а, экстремистех а тептарехь хилар. "ДжихIадизм йелла йац. Тхуна го, кегийрхоша атта тIеоьцу экстремистийн ойланаш. Цул сов, уьш вуно сиха радикале бовлуш хилар а го тхуна. Иза шерашкахь хуьлуш дац, амма беттанашкахь", - элира хьаькамо стохка стигалкъекъа -баттахь.

Бельгерчу зорбанашкахь йаздора, махкахь нохчийн диаспора кӀезиг ю – йерриг а 11,5 миллион бахархойх юкъахь 10-15 эзар гергга стаг ву аьлла. Цхьаболу нохчийн кегирхой радикалан ойланаш йолуш хиларан бахьанех лаьцна йазйинчу артиклехь аналитикаша къастийна, республикехь хилла ши тӀом а, Шемахь, Иракъехь а "Исламан пачхьалкх" олучу джихIадхойн боламехь дакъалацар а, социалан машанашкахь радикалан пропаганда йар а. Цуьнца цхьаьна OCAD-ан координацин кхеташоно чӀагӀдо, Бельгерчу нохчийн дуккха хьолахь къоман кхерамзаллица проблема ца хилар. ТӀамах а, репрессех а, Кадыровн террорах а уьдуш, нийса дахар дӀахӀотто а, Европерчу юкъараллех дӀакхета а гӀерта уьш.

2024-чу шеран аьхка кхин а ворхI нохчо лаьцна Антверпенехь а, Льежехь а, Гентехь а, царех виъ, тӀаьхьо дӀахецна. Прокуратуро бинчу хаамца, шеконашца лецнарш хила мегаш бу Москвара "Крокус Сити Холл" концертан залехь теракт дарна жоьпалла шена тӀелаьцначу ДаIишан афганхойн "Вилаят Хорасан" гаранан декъашхой. Парижехь дӀахьош долу Олимпан ловзарш бахьана долуш кхерамазаллин гӀулчаш алсамъяхарца доьзна ду боху керла лецарш.

Бельгерчу къайлахчу сервисийн бахьана ду жигара хила тарлуш болу радикалаш лахар: 2016-чу шарахь Брюсселан аэропортехь а, метрохь а цхьа могӀа лелхийтарш хилира, ткъа стохка гурахь футболан ловзар дӀадоладалале, фанаташна тӀелатар дира террорхочо. Амма бакъ ду, Къилбаседа Кавказца цхьа а уьйр ца хиллера оцу зуламхойн.

Европехь бIе эзарнашкахь нохчий бу,  радикалаш – пIелгаш тIехь багар балалл бен бац

Нохчийн диаспорехь кегийрхой радикализаци берзар боккхачу барамехь дац, вай дуьйцург цхьацца гӀуллакхаш ду, бохура "Европан машаран цӀа" цӀе йолчу бакъонашларъяран организацин куьйгалхочо Гашаева Зайнапа.

"Европехь беха нохчийн кегийрхой, ас цаьрца дукха зӀе латтош йу, алсам дешарца а, меттигерчу юкъараллехь интеграцица а, спортаца а, меттанаш Ӏаморца а бала болуш бу. Парижехь хиллачу Олимпиадехь иттех гергга нохчийн вара дакъалоцуш, тайп-тайпанчу пачхьалкхийн цӀарах, шайна юкъахь Австри а, Германи а, Албани а, Дани а йолуш, уьш бу вайн кегийрхой. Амма хаамийн гӀирсаша кест-кеста къоман тидам тӀебохуьйту хилларг террористашца доьзна делахь, ца дуьйцу нохчийн кхиамех лаьцна", - билгалдохккху къамелхочо.

Бельгехь йехаш йолу бакъонашларъярхо Газиева Фатима а реза йу цуьнца. Нохчийн диаспора дикка йоккха йу махкахь - бӀеннашна тӀера эзарнашна тӀекхаччалц бу махкарчу хӀора йоккхачу гӀалахь.

"Нохчийн кегирхой доьшуш а, къахьоьгуш а бу, уьш мукъа Iаш бац, - боху къамелхочо, - Амма низамхой цабезамца хьуьйсу вайн къомах болчаьрга, бух боцуш "террорхо" аьлла цIе а тиллина. Нагахь санна, нохчочо хи чу воьдуш волу стаг кӀелхьарваккхахь, йа цӀе йаьллачу хӀусамера стаг араваккхахь, хаамийн гӀирсаша дуьйцар дац, и муьлхачу къоман векал ву. Ткъа нагахь санна, цхьа-ши стаг лацахь [терроризмехь дакъалаьцна хиларх шеко йолуш], цара дийцаре дийр ду массо а нохчийн кегийрхой радикализацих".

ТӀаьххьарчу иттаннаш шерашкахь нохчийн халкъ, ала дашна, тIеман окопаш чуьра  хьаладаьлла дац

Къаьсттина и тайпа хIуманаш бахьана долуш нисдала тарло кегирхойн радикализацин, боху "Европерчу нохчин ассамблейн" векало Дадуев Ӏийсас. Цо бахарехь, республикерчу дукхахболчу нахана тӀаьхьарчу шерашкахь Европехь тховкӀело ца йелла, – масала, ОвхӀанистанера а, Шемара а, Украинера баьхкинчу мухӀажаршна вуно атта луш йу.

"Нохчий лела безаш бу, лечкъаш а, къайлах белхаш беш а, низамехь долчу хьолехь баха а, тховкӀело йаларе а сатуьйсуш, массо а бохург санна, Оьрсийчу дӀавахийтаран кхерам бу, цигахь царна гӀело йан а, йа йеххачу хенахь набахтехь латто а тарло. оцу гӀуллакхо новкъарло йо юьззина интеграци йан", – чӀагӀдо Дадуевс.

Официалан статус кхаьчначул тӀаьхьа бен ца хуьлу мухIажаршна меттан курсаш а, белхан меттигаш а, социалан гӀо а. Цу тӀе кхача аьтто ца хилча, кегийрхой радикалан хьехамчийн ойланашца дӀасалела тарло. Цул сов, къамелхочо кхидӀа а боху, нагахь санна нохчийн кегийрхой ма-дарра "Исламан пачъхалкхан" тӀемалошна гӀортор йеш бацахь а, амма, масала, Шемарчу а, Иракъерчу а мухӀажарийн каппашкахь лан йиш йоцчу хьелашкахь карийначу нахана гӀо деш хилча а, иза а тӀеэца тарло Европерчу Ӏедалша терроризмна гӀортор йар санна.

"ТӀаьххьарчу иттаннаш шерашкахь нохчийн халкъ, ала дашна, окопаш чуьар арадаьлла а дац. Цкъа хьалха 1990-чу шерашкахь тӀемаш хилира, цул тӀаьхьа республикан маршонан дуккха а агӀончаша дакъалецира 2008-чу шарахь гуьржийн тӀамехь, Шемахь хиллачу тӀемашкахь. Ткъа хӀинца уьш шина а агӀор тӀом беш бу Украинехь. Тхо дукха дац, хӀора доьзалехь цхьаммо тӀом бина. Амма суна хетарехь, тахана диаспорехь болу кегийрхой Ӏилманан талламна а, культура ларъярна а, кхиарна а тӀеберзо беза", - аьлла. аьлла, жамӀ дира Европерчу нохчийн ассамблейн векало.

Кхин цхьана бахьанех, нохчийн цхьаболу кегийрхой радикале бовларах лаьцна Кавказ.Реалии сайтаца къамел дира диаспорера хьелаш толлуш йолчу бакъонашларъяран векало, шен цӀе а ца йовзийтуш.

"Шайн динаш тера хиларна нохчийн кегийрхой кест-кеста зӀене бовлу Къилбаседа Африкера а, Гергарчу Малхбалера а кегийрхошца – шаьш санна болчу мухӀажаршца. Бусулба дин а, миграцин статус а, адаптацешца йолчу халонаша а цхьаьнатуху уьш. Оццу хенахь радикалан хьежарш хила тарло кхечу кегийрхошна юкъахь, къаьсттина, нагахь санна, даIишан ойланаш йаьржинчу дозанашкара уьш белахь. ТӀаккха и ойланаш диаспоре схьакхочу", - аьлла, дерзийра къамелдинчо.

  • Бакъоларйаран Amnesty International организацино 2024-гӀа шо долалуш Европан пачхьалкхийн Iедалхошка кхайкхамбира, Къилбаседа Кавказера тховкIело йоьху мухIажарш Оьрсийчу дIахьийсо мегар дац, хIунда аьлча, царна кхерам лаьтта Iазапаш хьега а, бертаза Украинана дуьхьал бечу тIаме хьийсон а.
  • 2022-чу шеран охан-баттахь дуьйна Хорватихь къевлинчу куьпахь латточу Нохчийчуьра йалх мухIажаро мацалла кхайкхийнера: шаьш экстремизмаца доьзна ду аьлла, церан шайх шеконаш кхоллайаларна дуьхьал протест кхайкхийра цара иштта.
  • Стигалкъекъа-баттахь Швецехь арахьарчу Ӏедалийн дехарца лаьцнера 41 шо долу ГӀалгӀайчуьра схьаваьлла стаг – Европерчу цхьана пачхьалкхехь терроризмехь дакъалоцуш ву аьлла шеко кхоллайелла хиллера цунах.
  • Венехь ша шена тоьхна велира 40 шо долу Дагестанера схьаваьлла стаг, иза Оьрсийчу дӀахьажон масех сахьт дисина хиллера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG