Москвахь лаьцна ММА-н латархо, Нохчийчуьра 31 шо долу Якубов Ильяс, цунах шеконаш йу массарна а хезаш терроризм къобалйийна аьлла. Цунах лаьцна хаамбина Москвахула йолчу Талламан комитето а, иштта масех хаамийн гIирсаша а шайн хьасташна тIетевжина.
Ницкъахоша цIе ца йоккху лаьцначун – Талламан комитетан хаамехь цуьнан ши сурт ду, цу тIехь бехкевечун йуьхь къайлайаьккхина. Официалан версица, гIадужу-баттахь йихкинчу инстаграмехь цо видео хIоттийнера "терроран гIуллакх лелор бакъдеш, кхайкхамаш болу". Цул совнах, къаьстина, лаьцнарг федералан лехамашкахь хилар – иза маца ваьккхина хилла оцу тептаре, муьлхачу бахьанашца, хаам бина бац.
Вуьйцург нохчийн спортхо Якубов Ильяс хиларх, бакъоларйаран органашкара хьастана тIетевжина, хаамбина пачхьалкхан "РИА Новости" агенталло. Цо социалан машанашкахь йаржийна ролик – гIаттамхойн командиран Басаев Шемалан монологе ла а доьгIуш, спортхочо тренировка йеш дIайазйина видео йу. Зорбане хIоттийна дукха хан йалале, дIайаьккхира иза, йаздо "Известия" хьасто. MskI.ru сайтан хаамашца, оцу видеона латкъамбина хилла Талламан комитете "Даймохк Iалашбархойн Арми" организацин куьйгалхочо Отраковский Ивана.
Гергарчу заманчохь Чертановскан кIоштара кхеле спортхо лаьцна вита гIуллакх теллина даллалц аьлла дехар дан дагах бу талламчаш. Оьрсийчоьнан Зуламан кодексан 205.2 артиклан 2-чу декъехь цунна гIуда догIу 300 эзарна тIера миллион соьме кхаччалц, йа пхеа шарера ворхI шаренга кхаччалц чохь йаккха хан йогIу.
Нохчийн Шела гIалара ву Якубов Ильяс. Шела кIоштан маьршачу кепехь латарийн чемпион ву иза, самбо спортан мастер ву, панкратионехула Москван Кубок йаьккхина цо. Якубов буйнашца летачу Hardcore FC турнирехь дакъалаьцна а ву – иза лацале хьалха эхашарна латаршна йукъараваьккхина вара иза. ХIетахь ринге а ваьлла спортхочо тоьхнера Сванидзе Токогазна, цо эшйинера нокаут йеш, Якубовн доттагI Мажидов Аух.
- Гезгамашин-баттахь Таиландера Пхукетера полицино лецира шала вина ши ваша, ММА-н латархой Асхабов Хьасан а, Хьусейн а. И шиъ бенхкевора Казахстанера кхаа вахархочо италхойн туристанан къола деш декъахь хилла ву аьлла.
- Кху шеран чиллин-баттахь масийттазза джиу-джитсун а, грэпплинган а дуьненан чемпион ваьлла Марданов Видади вийра Дагестанера Дербентехь. Цунна тIелеттачу шиммо сатосуш диъ долучу заманчохь ара кхайкхинчу цунна герз тоьхнера. Зулам динчул тIаьхьа къайлабевллера уьш.
- 2022-чу шеран гIадужу-баттахь шведахойн нохчех схьаваьлла UFC-н латархо Чимаев Хьамзат а, Нурмагомедов Хьабибан ваша Абубакар а леттера Абу-Дабихь. Цул а хьалха Чимаевс а, Нурмагомедовс а вовшашка шогаллица кхийсарш йинера социалан машанашкахь, Чимаев Хьамзата, цунна лаахь, "Хьабиб вовшахвоккхур ву" ша аьлла, дош делча. Делахь а, цул тIаьхьа масех де даьлча Нурмагомедов Абубакара "бусулба ваша" элира Чимаевх.
- Нохчийн спортан клубаш а, ша мехкан урхалхо Кадыров Рамзан а адамийн бакъонаш хьешарна а, Украинера тIом бакъ барна а Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеша лецна боллушехь, хIетте а америкахойн спортхой Соьлжа-ГIала богIу.