Терроризмана бехкевечу Нохчийчуьра вахархочун Хачукаев ИбрахIиман адвокато дIахьедина, бехкзуламан гIуллакхехь а, бехкевечунна дIасавалар доьхкуш барам къасточу хенахь а харцонаш лелорах. Цунах лаьцна хиъна Нохчийчоьнан Лакхарчу кхелан апелляцин сацамера.
Латкъамехь адвокато Чапанов Iумара билгалдаьккхина: прокуратуро кхин а тIе чуйеллачу материалаш юкъахь "2020-чу шарахь Нохчийчоьнан дозана тIехь Хачукаевс низамна дуьхьал хIуманаш лелорах тоьшаллаш цахиларх". Иза лоцуш хIоттийначу протокол тIехь йаздина ду, бехкевийриг зулам дечу заманчохь лаьцна ву аьлла, ткъа Хачукаевна бехкедуьллуш ду 2020-чу шеран охан-баттахь интернетехь публикаци йар, бехктакхаман гIуллакх а диллина, иза лацале кхо шо хьалха. Колонира иза маьршаваьккхинчул тIаьхьа (2021-чу шарахь Нохчийчуьра вахархочунна шо хан туьйхира колонихь даккха полисхочунна тоьхна аьлла) къайла а ца велира иза бехктакхаман гIуллакх диллинчул тIаьхьа а, ша лоцур вуйла а хууш, талламчана тIевеанера.
Талламхочун дехар луьстучу заманчохь Соьлжа-ГIалин Старопромыслан кIоштан кхелехь суьдхочо процессуалан кхачамабацарш дитира, "стеган сий дойу хIуманаш а лелош".
Доккхачу декъанна, кхело лаьцначу гочдархочунна кхачам боллуш хууш бацара нохчийн мотт, кхеташонехь адвокатан дийзира бехкевечунна дерриг а гочдан. Адвокато хетарехь, оцу гIуллакхца интерес йара суьдхочун, цундела масийттазза оцу юкъараволу бохуш, дIахьедира цо.
Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело дечкен-баттахь юхабаьккхира Старопромыслан кIоштан кхело Хачукаев ИбрахIим лоцуш бина сацам процессуалан низамаш талхорца доьзна, амма кIоштан кхело юха а изза сацамбира, чохь лаьцна а вуьтуш. Адвокато латкъамбинера оцу сацамна, хIунда аьлча, хьалхо ша йитина ледарлонаш кхело дIа ца нисйарна, амма сацам хийцаза битина.
- 2022-чу шеран Марсхьокху-баттахь украинхойн экспертийн "Сова" тобанан а, иштта адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориалан" а бакъонашларйархоша дийцира Кавказ.Реалиига, дуккхаъчу "террорхойн" гIуллакхашна шаьш тIе дуьтуш дац, цундела дохку бехкаш бух болуш дуй хьовса таро ца хуьлу шайн аьлла. Ткъа информаци шайн каракхаьчча, гучудолу дуккха а низамаш талхийна а, фальсификацеш лелийна а меттигаш.
- Москварчу кхело набахтехь даккха 17 шо тоьхна исламан литература арахоьцучу цIийнан куьйгалхочунна Эжаев Асламбекна терроризмана гIо латторна. Прокуратуро йоьхучу хена тIера а цхьа шо охьадаьккхира кхелахоша. 60 шо долчу Эжаевс бехк тIе ца лаьцна.
- 2022-чу шеран чиллан-баттахь Къилбан гонашкарчу тIеман кхело бехкевира виъ тутмакх "Исламан пачхьалкхан" маша кхолларна Ставрополан кIоштарчу шогачу хьелашкахь йолчу колонихь. 12,5 шарна тIера 17 шаре кхаччалц хенаш йиттира царна набахтехь такха.
- Дагестанера Тюба эвлара номер 7 йолчу колонихь хан токхуш хиллачу масех иттаннашкахь тутмакхашна бехке диллира, цара колонихь кхоьллина бохучу террорхойн тобанехь дакъалацарна,