ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Терроризмана" бехкейен шина беран нана ГIалгIайчоьнан кхело СИЗО-ра маьршайаьккхина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Малгобекан кхело талламан изоляторера арахецна терроризмана бехкейен Гатагажева Лайлаъ. ЦIера дIасайалар а доьхкуш, хийцина иза лоцуш бина хилла сацам, хаамбина Кавказ.Реалии сайте Гатагажеван ненананас Садакиева Лизхана.

ГIалгIайчохь иза бехкейо бехкзуламан шина артиклехула – террорхойн организацина а, бакъо йоцуш вовшахтоьхначу тобана а йукъахь дакъалацар а. Гатагажеван адвокато билгалдоккху, Иракъехь таIзар текхна йоллушехь, йуха а оццу зуламна кхеле хIоттийна иза аьлла.

"Тамашен хIун ду хьуна аьлча, Лайлаъ бехке йоццушехь Иракъехь таIзар текхна йу, шина а зуламна тIехула кхел йина. Массарна а йевзаш йолу "Non bis in idem" боху принцип шога йохош йу цунна дуьхьал йуха а бехктакхаман гIуллакх даккхарца. Оцу принципца а догIуш, цхьана зуламна тIехула шозза кхел йойла дац цхьана стагана", - билгалдаьккхира Кавказ.Реалиина йеллачу комментарихь адвокато Мусаев Iалавдис.

Цо ишта тIетуьйхира, Гатагажеван гIуллакхехула хьалхо Иракъера оьшу документаш схьакхаьчна кхеле дIаделла аьлла.

Гатагажеван 14 шо долчу хенахь нанас дIайигинера иза "Исламан пачхьалкх" олучу тобано дIалаьцнпачу дозана тIе, цигахь маре а йеллера иза. ХIусамда а, кхинболу шен гергарнаш а цигахь беллачул тIаьхьа шен шина бераца Иракъан Iедалхошна карайаханера иза. Меттигерчу Iедало пхеа шарна а эхашарна а чохь йаккха хан туьйхира цунна, и хан текхначул тIаьхьа ара ца хоьцуш латтийнера иза Оьрсийчоьнан Iедалхошкара иза чу йита бакъо луш кехат кхаччалц. Аэропорте кхаьчначул тIаьхьа лаьцна иза, Буьри-ГIаларчу СИЗО дIайигинера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG