Дечкен-беттан 11-хь Оьрсийчоьнан тIеман министралло Украинехь йолчу эскарийн тобанийн буьйранча хIоттийна эскаран инарла Герасимов Валерий. Цул хьалха хилла волу буьйранча Суровикин Сергей цуьнан гIовс хIоттийна. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, муха вевзаш вара Герасимов, цуьнан тIеман карьера муха йоьзна йу Нохчийчоьнца.
Коьртачу штабан куьйгалхо Украинехь долчу эскарийн буьйранча хIоттор доьзна хила мега, муьлхха а операци дIахьочу хенахь йуккъехь хуьлу зIенийн терахь лахдан Iалашонца. "Оцу тIамехь мах хьалабаккхар ду и", – дIахьедира Украинан къоман кхерамазаллин а, дуьхьалонан а Кхеташонан секретара Данилов Алексейс, иштта билгалдаьккхира цо, цуьнца а догIуш, тIебогIу ши-кхо бутт жамIаш долуш хир бу.
Ма-адарра аьлча, Оьрсийчоьнан Iедалан ка ца долу шайна Украинехь оьшучу жамIе кхача
Герасимов Казанехь вина ву 1955-чу шарахь, Казанан Суворовскан тIеман доьшийлехь студент вара иза, Казанан лаккхара танканийн буьйраллин доьшийла а, гIагIдиллинчу танкийн ТIеман академи а чекхйаьккхира цо, тIаккха дийшира коьртачу штабан ТIеман академехь.
Украинерчу оьрсийн эскаран тобанийн керла буьйранча – "нохчийн инарлаш" олучех цхьаъ ву. Оьрсийчоьно Нохчийчохь бинчу шолгIачу тIамца доьзна ду цуьнан дахар. 1998-чу шеран чиллан-баттахь дуьйна Герасимов Владикавказехь тIеман декхарш дIахьош вара Къилбаседа-Кавказан тIеман гонан 58-чу эскаран куьйгаллехь. 1999-чу шеран марсхьокху-баттахь цуьнан дакъоша Нохчийчуьрчу шолгIачу тIамехь дакъа лоцура.
Оцу регионехь иза хиланза масех шо даьлча, 2006-чу шеран гIуран-баттахь Герасимов Къилбаседа-Кавказан тIеман гонан штабан куьйгалхо хIоттийра. Дукха хан йалале и дарж охьадуьллу цо, 2012-чу шарахь Шойгу Сергейс хьехар дича, эскарийн Коьртачу штабан куьйгалхо а, Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовс а хIоттаво иза. Иштта пачхьалкхан кхерамазаллин Кхеташонан декъашхо а ву иза.
2015-чу шарахь йолайеллачу Шемарчу операцина жоьпаллехь ву Герасимов, оцу бахьанца Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белла цунна.
Оцу 2015-чу шарахь Украинан тIеман прокуратуро Герасимов Валерий "Донбассерчу тIеман коьрта идейхо" ву элира. 2016-чу шарахь Bellingcat талламийн тобано Оьрсийчоьнан Коьртачу штабан куьйгалхо жоьпаллехь ву элира Украинан Донецкан кIоштана тIехула йолчу стиглахь MH17 маьрша "Боинг" кема дохорна.
Американ а, Евробертан а санкцеш йу Герасимовна дуьхьал йаьхна.
Шен дош ца лардина эпсар
Оьрсийн бакъоларйархочо, адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра дийцина Кавказ.Реалиин сайте, Украинехь долчу эскаран тобанийн керлачу буьйранчо шех мухо ойланаш кхуллу.
– Герасимов 1998-чу шарахь дуьйна вара 58-чу эскаран буьйранча, тIаккха хьалхара гIовс а, 2001-чу шарахь эскаран хьалханча а хилира. 1999-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь лелла коьрта тIеман ницкъ бу и. 2000-чу шеран зазадоккху-баттахь Боти-Йуьртахь дIайаьхьначу тIеман операцин артитектор лору и стаг. Аьлча а, цо гайтина "къеггина" жамI санна дуьйцу цунах лаьцна.
Кхузахь Герасимовца цхьана кхин инарлан цIе йаккха мега – оцу хенахь [Къилбаседа Кавказера] "Запад" тобанна буьйралла деш хилла волчу Шаманов [Владимиран], цхьа а бахьана доцуш къизаллаш лелош Нохчийчухула чекхваьлла ву иза. Оцу хиламашна тIера ваккха йиш йац цуьнан куьйгкIелахь хилла волу Герасимов а.
Нохчийн Боти-Йуьртахь йина "къегина" операци оьрсийн эскаран планашца дIа ца йахара. Эскаро кхузахь собар дора Соьлжа-ГIалара гIаттамхой Олхазар-КӀотар агIонехьа схьабахкаре. Олхазар-КӀотарна го бина йолу тоба шен терахьца эвлахь хиллачарал дукха йара. Уьш чекхбевлла хиллехь а, церан цхьаъ дан аьтто хир бу бохург а дац и. Аьлча а, кIезга хIума далур дара цаьрга.
ТIаккха [оьрсийн эскаро] бакъо йелира йуьртарчу бахархошна арабовла, аьлча а, маьршачу наханна. Царах а тешна, бахархой арабевлира, амма эскархойл кхин гена ца бевлира уьш. Дуккха а адамаш – зударий, бераш, къаной – эвла йистехь латтийра, оьрсийн эскаран позицешна хьалха сецабеш. Оцу кепара эскаро ша лардора нохчийн тIемалоша тохарш дарх. Йуьртан бахархой лелийра цара шайн кхерамазалла ларйеш. Оцу хенахь церан коьртеш тIехула тохар дора эскаро.
Суровикин а, Герасимов а - Нохчийчохь хиллачех ву. ТIахььара бу уьш. Кхин бан а бац
Шайн терахь тоъал дукха хиллачу оьрсийн эскаран Олхазар-КӀотарахь дуьхьало йеш хиллачу тIемалойн ницкъ эшо аьтто хилира, нохчийн тIеман тобанаш дIайахара йуьртара, царлахь вара Гелаев Руслан а (Нохчийчуьрчу шина тIамехь уггар коьртачех цхьаъ волу буьйранча. – Ред. билг.). Зазадоккху-беттан 20-чу деношкахь Боти-Йуьртахь йийсаре лаьцна бIеннашкахь нах дIабигира… Цхьаболучарна меттигехь герз диттира, цхьаберш автозакаш чу а боьхкина, Ханкаларчу тIеман базе бигира. ТIаккха йийсархой дIасакхехьаран вагонаш чу дIагулбира.
Амма цхьаберш вагонаш чу бохкалц ца бехира, хIунда аьлча автозакаш чохь шелонех белира уьш. Йеккъа цхьана тобанера 24 гергга стаг велира. Талламан набахте бохкалц ца баьхнарш бу уьш. И тешнабехк бара, хIунда аьлча [Боти-Йуьртахь лецначу наханна] амнисти йийр йу аьлла дош деллера. Цхьаверг амнисти хиллалц вехира, амма ишта нах кIезга бу.
Герасимовс дозалла деш "къегина операци" и йалахь, цо Украинехь лелора дерг коьрте дан мега – эскаран йерриг тобанашна куьйгалла деш хир ву и цигахь. Цигахь [Боти-Йуьртахь] мел хиллачунна и жоьпаллехь ву ала ца хIутту со, хIан-хIа. Амма Герасимовс операцина куьйгалла дора, шен кIуьйгкIелахь болучара лелочунна жоьпаллехь ву иза. Лакхара эпсар вара иза. Жоьпаллехь а вара.
ТIеман инарлийн кхин йоккха резерв йац Кремлан. Суровикин а, Герасимов а - Нохчийчохь хиллачех ву. ТIахььара бу уьш. Кхин бан а бац.
***
Украинерчу оьрсийн эскаран тобанийн буьйраллехь нах хийцаро Кремлан сабӀарзделла хилар гойту, чIагIдо Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу комментарехь политикан Iилманийн доктора, украинхойн "Центр гражданских свобод" вовшахтохаран эксперта Савва Михаила.
"ЖамIаш гуш доцуш йолчу агIонашкахь эвсара боцучу хьалханчаша куьйгалла дан йиш йу йеххачу хеначохь (гайтаме масала ду Рогозин [Дмитрий] "Роскосмосан" куьйгалле хIоттор). Украинерчу тIеман жамIаш ражна ладаме ду. Йерриг раж а, Путинан агIончаш а дийна биссар ду цуьнца доьзна. И жамIаш тидаме лаьцна дерриг дуьнено. Ма-дарра аьлча, Оьрсийчоьнан Iедалан ка ца долу шайн Украинехь оьшучу жамIе кхача. Цу кепара жамI хилийта оьшуш болу бух бац церан. Оцу хьолехь шайга далуш долу цхьа хIума леладо цара, – буьйранчаш хуьйцу. Беламе хиллалц сих-сиха хуьйцу. Хьекъале сацамаш бац уьш. СабIарздаларан акт йу и", – чIагIдо Саввас.
- ТIеман тийсдаларшкахь, Украинан малхбалера оккупаци йинчу латтанаш тIехь а оьрсийн эскаро вуно дукха тIеман зуламаш лелорах дIахьедо Украинан Iедало а, дуьненайукъарчу хьукматаша а. Уггар Iадош, резонансе хилира Бучехь, Ирпенехь нах байъарш, амма лелийначу тIеман зуламийн терахь эзарнашка даьлла. ЦхьамогIа зуламашна гунахь бу шайх кадыровхой олурш – Нохчийчохь куп тоьхна йолчу Росгвардин а, МВД-н а Кадыров Ахьмадан цIарх полкийн эскархой.
- Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а тIемашкара схьа дуьйна муха хийцаелла йукъаралла, Украинерчу тIамна дуьхьал стенна ца бовлу нохчийн а, оьрсийн а наной аьлла, къамел дира Кавказ.Реалиино, и хаттар листинчу эксперташца а, бакъонашларйархошца а.
- Нохчийчохь тIемаш болчу заманчохь шен са а ца кхоош, Оьрсийчоьнан салташа лелийначу зуламех тоьшаллаш гулдеш, дийнна архив вовшахтоьхна, тIаьхьо Швейцари и дехьаяйаккхинчех ю Газиева Фатима. ТIаьххьарчу шерашкхаь Бельгихь йехаш ю Газиева, шен бакъоларйаран болх дIа а ца тосуш, жигара дакъалоцу цо нохчийн диаспоран дахарехь. Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь Газиева Фатимас дийцира Украине гIортарх шена хетачух а, 2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархоша ша лачкъорах а, Нохчийчохь тIемаш лаьттачу хенахь салтийн наноша хIиттийначу дуьхьалонан акцех а, тахана тийна Iарх а.