Германин Iедалхоша Оьрсийчоьне дIадала тарло нохчийн гIаттамхойн хиллачу хьалханчан Басаев Шемалан йоI а, йоьIан кIант а. Бертаза Украинерчу тIаме хьажорна кхоьруш Оьрсийчура дIабахнера уьш. Шен хьасташна тIетевжина цунах лаьцна Кавказ.Реалиига хаамбина нохчийн бакъоларйархочо, жигархочо Янгулбаев Абубакара.
Абдулмежидова Хьава а, цуьнан кIант а мухIажарийн куьпахь ду. Цара шайна тховкIело йоьхуш чуделла дехар Iедалхоша луьстуш ду, амма тоххара Германира Оьрсийчу депорт йина хиларна, йуха а дуьхьало йан кхерам бу царна.
Басаевн доьзало 2013-чу шарахь Германига гIо дехнера, амма царна дуьхьало йира, 2018-чу шарахь Оьрсийчу дIахьовисйра уьш, тIаккха Нохчийчу бахара. Мобилизаци йолайелчхьана цуьнан воккхаха волчу кIанте куьгйаздайтира тIекхойкхуш деанчу кехатна дуьхьал валахь цуьнан нана "оьрсийн салташна картолаш цIанйайта Украине" йохуьйтур йу шаьш аьлла, дийцина бакъоларйархочо. ТIаме ца вахийтархьама, Туркойчухула а, Хорватихула а Германи кхечира доьзал.
"Басаев Шемалан йоьIан кIант тIаме хьажорца цхьа спектакль хIоттон гIерта Нохчийчуьра Iедалхой, иза доккха бахьана дара царна. Иза дуьхьал ваьлла хиллера, тIаккха нанна кхерамаш тийсинера. Кехаташ кечдечу йукъанна республикера дIабахара уьш", - дийцина Янгулбаевс.
Цо билгалдаьккхира, царна депортаци йаран бахьана хила тарло, дуьненайукъарчу бертаца а догIуш, доьзало шаьш дуьххьара чудаьхкинчу Евробертан пачхьалкхе – Хорватига тховкIело йеха йезаш хилар.
Кавказ.Реалии сайто йаздира, лахьанан-беттан йуьххьехь Хорватихь масех иттаннашкахь Нохчийчуьра бахархой лецарх – цара латкъамаш бора тховкIело йоьхуш чуделла дехар нуьцкъаша йухаэцийтира шайга бохуш. Пачхьалкхан кхело бакъо ца йелира цхьа могIа нохчийн мухIажарш тIеэца.
- Басаев Шемал (1965 – 2006) – нохчийн гIаттамхойн буьйранча вара, Нохчийн Ичкерия республикин маршо герзашца къуьйсучу тобанан а , Къилбаседа Кавказехь тIемаш бечийн а лидер вара иза. Ичкерин эскаран инарлин чин дара цуьнан, (веллачул тIаьхьа генералиссимус вира цунах). Ставрополь-махкахь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Дагестанехь а, Москвахь а цхьа могIа теракташ йира цо. Оьрсийчохь официалехь номер 1 йолчу террорхо аьлла, ООН-на а, Евробертан а, иштта Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн госдепан а террорхойн тептаршкахь ву иза.
- Украинерчу тIамехь вийра ЧВК "Вагнер" тобане вербовка йина хилла Ямадаев Сайд-Хьусейн – нохчийн хиллачу тIеман командиран, думин депутатан, Оьрсийчоьнан Турпалхочун Ямадаев Русланан кIант ву иза. Цхьана заманахь лоруш, дош лелаш хилла ЯмадаевгIеран доьзал Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан политикан конкуренташ а, цуьнан шен мостагIий а лорура – тIаьххьарчу иттех шерашкахь оцу цIийнах дуккха а нах белла.
- Австрихь пикет хилла мобилизацих уьдучу Нохчийчуьра бахархошна тховкIело йалар тIедожош. Акци хьажийнера тIеман гIуллакх ца дан шайн кхетамца уьдучийн дуьненайукъарчу денна.