ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ТIамехь хьалхарчаьрца бац кадыровхой": Бахмутерчу нохчийн тIемалочун къамел


Бахмут къуьйсучохь тIемаш бен Очерхаджиев Аслан (Фредриксен Адам)
Бахмут къуьйсучохь тIемаш бен Очерхаджиев Аслан (Фредриксен Адам)

Оьрсийчоь чугIоьртича дуьйна уггаре луьра а, къиза а тIемаш украинхойн Бахмутехь бу. Царлахь дакъалоцуш йу Мансур Шейхан цIарах йолу нохчийн батальон. Цу батальонехь дуккха а Ичкери Нохчийн республикин маршонехьа бинчу тIемийн декъахой бу. Цу тIемлойх цхьаъ - нохчо Очерхаджиев Аслан. Оьрсийчоьно дуьненайукъарчу инстанцешкухула, схьавалар тIедуьллуш, ша леха ваьккхича, Фредриксен Адам аьлла шен цIе хийцира цо. Редакцица къамеле ваьлларг гуттаренна НоргIе пачхьалкхе ваха схьавеана вара, цигахь цуьнан бизнес а йара. Амма Москвано йуха а шен "империхойн амбицех" дIахьедарш дича, цо дийцарехь, иза йуьстахаваьлла, Iен ца хIоьттира.

Кавказ.Реалии сайтаца хиллачу къамелехь Очерхаджиев Аслана дийцира, карарчу хенахь Бахмутехь долчу хьолах а, кадыровхошка болчу хьежамах а, Ичкерин кханенах шена хетачух а.

– Нохчийчохь хиллачу тIемашкахь дакъалаьцний ахьа? Хьайна хуучух дийцахьа.

Ичкери Нохчийн республикехь хиллачу хьалхарчу тIамехь дакъалаьцна ву со. Цул тIаьхьа, 1999-чу шарахь, машаран барт бохош, Оьрсийчоь йуха а Ичкерина чугIоьртира, со йуха а сайн Даймохк ларбан аравелира. Ма-дарра эр ду аса: шоллагIа тIом суна инзаре боккха бала бара. ХIунда аьлча, дукхах болу махкахой йолахой хилла, дуьненан хIумнах Iехабелла, Москвахьа бевлира.

Украинехь тIом боьдучу кху шарчохь дуккхачара Ичкерехь хиллачуьнца дустура цигахь дерг. И дустарш-м шаьш [дIахIуьттуш ду]. Оьрсийчоьнан куьйгалхойн, церан эскаран акхачу, цIийх цаIебачу амалца цхьатерра гуш ду. Цигахь а, кхузахь а, шайн доцчу латтанаш тIехь къизалла дIакхехьар, харц референдумаш дIакхехьар ду гуш.

Цу кепара украинхой хIаллакбаран Iалашо хIун йу кхеташ дац тхо

СССР дIайоьхначул тIаьхьа Оьрсийчоьно къобалйира Украинин суверинитет, ткъа тахана цара иза хилла йац боху. Иштта 1997-чу шарахь къобалйира цо Ичкерин суверинитет а, амма ши шо даьлча, шайн дешнаш йухадехира.

Цу тIемийн, кху тIеман башхаллаш а йу. Дуьнан элито Украинина гIо до, Ичкерица дерг дуьйцуш, Оьрсийчоьнехьа уьйзира цо. Хетарехь, хIинца Малхбузехьарнаш кхетта, царна ца лаьа оьрсийн эткаша Европин гIаланаш хьоьшийла.

Вайн пачхьалкхийн таронаш а ца йогIу цхьаьна: Ичкерин шен ВПК йацара, бацара тхан лартIехь тIеман гIирс а. Украинин шен герз а ду, хийрачу пачхьалкхаша делла керланиг ду.

– Дукха хан йуй хьо эмиграцехь волу?

– 2007-чу шарахь дуьйна. Цу муьрехь со чIогIа цомгуш вара. Цхьа шо гергга хан дарба лохуш чекхделира. Даймахкахь аса цадина зуламаш суна "тIейаздан" лууш бара: 2008-чу шарахь къайлахчу сервисийн белхахо вийна аьлла, 2013-2016-чу шерашкахь кхин а масех ницкъaхо вийна бохуш. Амма уьш харц бехкаш дара, НоргIерчу Iедале а, цхьаццачу гIулкхашца со кхочуш хиллачу Европин кхечу печхьалкхашка а со Оьрсийчу дIавалийтархьама вовшахтоьхна.

– НоргIехь хIун лелош вара хьо?

– Йуьхьанца бизнес йолийра аса - масех спортан клуб, нохчийн диаспорин политикин а, йукъараллин а дахарехь жигара дакъалецира. Официалехь герз кхоссаран спорт йира, тоьпашца, тапчанашца болх беш. Спортхо волуш цхьаццанхьа дакъалоцура.

Дуьненчухула лела атта хилийта, сайн цIе Фредриксен Адам аьлла хийцира аса. Оьрсийчоь суна тIаьхьара цайаларна. 2016-чу шарахь Швецехь масех сохьтана сацийна латтийра со. Амма Швецера Iедалхой долчух кхета ма кхиттинехь, сан хьолан политикин бух бовзарца, Интерполо дуьненайукъарчу лехарийн тептар тIера сан цIе дIайаьккхира.

Батальонан эскархошца а, украинхойн тIемалошца а лаьтташ ву Очерхаджиев Аслан, Бахмутехь дохийначу цIенна хьалха
Батальонан эскархошца а, украинхойн тIемалошца а лаьтташ ву Очерхаджиев Аслан, Бахмутехь дохийначу цIенна хьалха

– Карарчу хенахь хьо Бахмутехь ву. ХIун хьал ду цу гIалахь?

– ТIеман хьал ду кхузахь дерг, цкъачунна цхьана эшшарехь лаьтташ, ма-дарра аьлча, кхеташ хьал ду. ГIалина тIедетташ герз ду, ший а агIо вовшашлахь "дIашарйеш" йу-кх. Оьрсийн эскарехь герз оьшуш хьал дац. Мелхо а герзан кхийссарш сих-сиха ду. Цу тIехь цаьрца дIанисдала лаахь, оха тхешан болх дикка алсамбаккха беза. Оьрсийчоьнан агIоно жигара тхуна тIедетташ артиллерин йоллучу кепийн герзаш ду. Шинна агIора болх беш снайпераш бу. Наггахь тIелатарш до, мостагI жим-жима герга ван лерина ву. Йукъ-кара цу тIехь цуьнан аьтто а болу.

"Вагнеран" йолахоша а, кхечу ЧВК-ша Бахмутан бахархошна бакъйолу хоррор хIоттийна. Шaьш дIакхаьчначохь дуккха а, къаьста ца деш, адамаш дойъу цара: зударий, бераш, кегийрхой, къаной. Цхьа а лар йоцу иблисан къизалла йу иза. Хилларш гиначаьргара схьахезча, тхо ца кхета, цу кепара украинхой хIалакбаран Iалошанах. 1930-чу шарахь хIоттийна хилла Мацалла (Голодомор) санна инзаре хета суна хIара a.

Йа суна а, йа Мансур Шейхан цIарахчу батальонехь болчу кхечарна а кадыровхой кхузахь хаабелла бац

– "Вагнерхойн" тIеман таронийн мах муха хадор бара ахьа?

– Йолахой берриге цхьатера ма баций. Царех дукхах берш - хьалхатуьттуш лелошболу, тIеман говзалла йоцу нах бу. Уьш хIаллакбар Iалашонца дац аьлла ца хета суна. И адамаш иштта далийта чухехкаран цхьа агIо йу. МостагIчо тхан "латтарш", къелонаш, "къайлах меттигаш" гучуйахархьама лелош бу уьш. Вуьшта а дагадогIу тхуна, и набахтешкара арахецна нах йукъаралле дийна йухаберзийта ца лаьа Iедална, цундела цара уьш тхан куьйгашца дIахьокхуш бу.

Йийсаре лаьцна "вагнерхой" цхьа дIогара йоккха интеллект йолучарех бац. Йа хIоьттинчу хьолах кхеташ а бац. Дукхах болчарна шаьш кхуза хIунда даьхкина ца хаьа. Церан лаам - ма хуьллу дийна дисар.

– Боьдуш тIом болуш кадыровхойн батальонаш хаайеллий шуна кхузахь?

– Йа суна а, йа Мансур Шейхан цIарахчу батальонехь болчу кхечарна а кадыровхой кхузахь хаабелла бац. ХIунда аьлча уьш, тIамана гергахь бац. Кадыровхойн цхьа а бахьана дац Кремлана хьалхара балан. Тиктокан кинош йохуш, цхьанхьа бен-башха доцуш, дIакхуьссуш герз долуш, тIамехь ду аьлла цIе хилчахьана тоьу царна. Амма царлахь а ду баларш. Дукха хьолахь цхьанхьа бахан меттиг йоцуш, йукъабоьхкинчохь нисло и санна дерг. Йа украинхоша генара хьажийна герз тухучохь.

Кадыровхоша кху тIамехь дийриг оьрсийн пропагандо шегара тIедетташ дуьйцу. Хетарехь, йуьхьанца цхьамма "инзаре нохчий" хьалхататтар Iалашоне хIоттийна хилла. Амма иза церан чекх ца даьлла. Бахьанаш уггаре пайдабоцурш ду - кадыровхойн цхьаьллиг цхьа лаам цахилар. Церан жигаралла кхин а охьайаьккхина тIеман Iалашонаша а, Кремлехь цаьрга болчу хьежамо а.

Украинера тIом - хала а, тIех кхераме а гIуллакх ду. Кхузахь дийна виса чIогIа хала ду. ГIаттамхойх висинчу масех стагана го бина, тIе шортта герз тоьхна, уьш хIаллакбар санна дац. Кхузахь оьрсешна дуьхьал тIом беш кхузаманлера эскар ду. Кхеран эскархойн къоьлла йац, керланиг, диканиг герз ду. Украинхой шайн латта лардеш бу - иза йу царна а, церан латта схьадаккха баьхкичну мостагIашна йуккъера башхалла.

Украинхойн эскархошца лаьтта Очерхаджиев Аслан
Украинхойн эскархошца лаьтта Очерхаджиев Аслан

– ТIамехь кхелхинччу Оьрсийчоьнан эскархойх болчу хаамаша дийцарехь, кегийчу къаьмнийн республикашкара векалш тIаме хьийсорехь Кремл жигара хьийзаш йу. Иза цо стенна до аьлла хета хьуна?

– Москвано шайн оьрсий кхоош, йуккъерчу регионашкара шайн этнос ларйархама, лелош ду аьлла хета суна. Цу кепара, империна башха тешаме ца хета Кавказан, кхечу латтанаш тIера а божарий хIаллакбеш. Изза Iалашо йуьхьаралаьцна, тIамана йуккъе кхуьйссуш бу эзарнашкахь болу тутмакхаш "вагнерхой" a. Уьш тIамо охьуш бу.

– Украино толам боккхур бу аьлча, теший хьо? Иза хилийта хIун оьшу?

– Кху тIамехь тола а, сутара импери шен латта тIера лалла а мел оьшург Украинин долуш ду-кх. Тхоьгахьа тахана доллу дуьне ду, тIамехь дакъалоцуш дукха адам ду, маьрша доцчу къаьмнех тасайеллачу метрополин лайш цахила ойла йу. Цундела генарчу артиллерица мостагIчунна герз тохар луьсто хилийта хьажа деза, цхьаболу тIеман гIирс цатоаран болх нийсачу хорша баккха беза. И дерриге вуно сиха дан догIу.

ХIинцца латта а дакъалур ду, бронетанкийн декъаш гIашсалтешца цхьаьна дуьхьало йан гIур бу. Доллу эскар дIататталур ду. Оккупанташна йевзар йу украинхойн латта тIехь шайна хIоттон йолу жоьжахате.

– Маьршачу Ичкери республике хьо йухавоьрзур ву аьлча, теший хьо? Муха гIо хьуна цуьнан кхане?

– Дала дерзийтахь, тхо толамца тхешан Даймахка доьрзур ду. Нагахь Украино, йа кхечу пачхьалкхаша тхуна гIо дахь - иза дика хир ду. Ца дахь - оха тхешан боллу ницкъ тIеберзор бу-кх , иза кхочуш хилийта. Ичкери паргIат ма йеллинехь, сихха дан дезачарех суна уггаре ладаме хета гIуллакх, къоман къоьлла цахилийтар, урхалле нийсонехьа долу Iедал хIоттор. Республикера Iедал къацахетарийн кара цадахийтар, низам чIагIдар.

***

Карарчу хенахь хууш ду, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оператив тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.

БархI бутт бу, Оьрсийчоьнан эскар Бахмутал дехьа ца долуьйтуш Украинин эскаро латтош долу. Нохчийн Бумтахь хилларг санна сурт ду цигахь хIоьттинарг. Республикехь хьалхара тIом болуш цхьана шарчохь схьа ца йаккхалуш лаьттира иза а. Бахмутерчу тIамехь нохчаша дакъалацарна даредира Украинин тIеман министраллин талламхойн урхалло. "Нохчийн лаамерниш интер-легионан декъехь болуш Украинехьа леташ бу",- аьлла дара цу хаамехь. Цу легион йуккъехь бу Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьала латта резахилла кхечу пачхьалкхийн векалш а.

ТIаьхьарчу пхеа баттачохь украинхойн Бахмут гIалана гергачу кIоштахь 20 эзар оьрсийн эскархо велла. 80 эзар гергга чевнаш йеш лазийна ву. Бахмутна тIелатаран жигаралла лахйелла, аьлла оршот-дийнахь дIахьедира Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн къоман кхерамзаллин кхеташонерчу стратегийн хаамийн координаторо Кирби Джона. Хаам америкахойн талламхошна тIетевжаш, бина бара.

  • Хьалхо Оьрсийчоьно дIалаьцначу латтийн деоккупаци йархьама Украинин тIеман ницкъаша кечдина тIелатар, Киеван дIахьедаршка ладоьгIча, кестта хир ду - бIаьстенан чакхенгахь, аьхкенан йуьххьехь. Цу Iалашонна Малхбузехьарчу бертахьчаьрга тIеман гIирс бехнера цара. Бронетехника а, 150 чакхарма гена кхета ракеташ а, F-16 кеманаш а. Ракеташ, кеманаш, официалерчу хаамаша дийцарехь, царна ца кхачийра. Британхойн талламчаша бахарехь, оьрсийн эскаро Украинан латтанаш тIехь рекордийн терахьашца йуста тарлон фортификацийн чалхаш хIиттийна. Царна Украинан тIеман ницкъаша тIелатарш дийр ду.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хаам бира, Украинехьа тIом бечу батальонийн буьйранчаш болу меттиг йийцинчунна миллион доллар ахча лур ду ша аьлла.
  • Лаккхарчу Радехь сацам бина, Нохчийчоь Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина хилар бакъ деш, "нохчийн къомана йина геноцид" йемалйеш. Цу сацамна кхаж тесна гуламерчу мел волчу 287 депутато. Бинчу сацаман авторех цхьаъ Гончаренко вара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG