ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIамтIе йа набахте: Нохчийчохь машенна тIеллеттачул тӀаьхьа йолийна рейдаш


Гуьмсе, "Спецназан университет", гайтаман сурт
Гуьмсе, "Спецназан университет", гайтаман сурт

Кадыров Рамзана Нохчийчохь терроризмна а, кхерамзаллина а тӀехь толам баккхарх лаьцна дӀахьедарш динехь а, регионехь хьал гӀоьртина лаьтташ ду. ГIадужу-беттан 24-чохь Соьлжа-гӀалин йистехь эскархошна тӀелатар дина аьлла, дӀахьедар динчул тӀаьхьа, ницкъаллин структураша масех йарташкахь цхьа могӀа талламаш дIабаьхьира. Меттигерчу бахархоша а, бакъонашларъйархоша а дийцарехь, цу кепара рейдаш лелош йу Украинина дуьхьал бечу тӀамехь нах дакъалаца хьежо.

ГIадужу-беттан 24-чу дийнахь Петропавловская олучу эвлана йистехь муьлш бу ца хуучу наха тIелатар динера Росгвардин 46-чу оперативан бригадан машенна. Оцу эскаран дакъа Хьалха-Мартан кIоштахь дӀахӀоттийна ду, 2022-чу шеран чиллин-баттахь дуьйна Украинина тӀелатарехь дакъалоцуш ду, оцу бригадин цхьаболу эскархой оккупаци йинчу Херсонан кӀоштахь талораш деш хаабелла. Цхьа долу хьостанаша дийцарехь, Росгвардин машенна тӀелатар динчохь, цхьа эскархо винера – иза ву Тюменан кӀоштара Верещагин Дмитрий; кхин цхьаъ, дарбан цIинехь масех де даьлча велира, цуьнан цӀе хууш йац.

Таханлерчу дийнахь, талламах лаьцна цхьа а информаци йац. Республикерчу Ӏедалша цхьана а тайпа комментари ца йира хиллачунна, амма ницкъхоша масех йарташкахь рейдаш дIайаьхьира – цунах лаьцна хаам бира нохчийн оппозицин жигархоша а, бакъонашларъйархоша а, церан информаци тӀечӀагӀйира Кавказ.Реалии редакцин хьостанаша. Меттигерчу бахархошна хетарехь, Росгвардин машенна тӀелатар - иза эскархоша хIоттийна сурт дара, Украинера тIаме божарий хьийсо Ӏалашонца.

"И тIелатар хиллачу новкъахула леллачунна хаьа, тӀеман коврашна цигахь тӀелатар дийриг хьераваьлла хила везий, - бохура тхоьца къамел динчу республикера вахархочо. - Шинна а агIора цигахь йиллина меттиг йу, гена йоцуш жимма нилха хьун бен а йоцуш. Дуккха а маьрша нах бу цигахь машенашкахь дIаса лелаш. Эскаран машенна тIелатар дича, маьршачу нехан машенашна герз ца кхета йиш йац цигахь. Ткъа муха аьтто баьлла тӀелеттачеран тидамза цигара дIабахана, кӀелхьара бовла?"

Оппозицин NYSO канало бинчу хаамца, тӀелатар динчул тӀаьхьа ницкъахоша рейдаш дӀайахьира ЦIоьнтарахь, Беркат-юьртахь а, Ильиновская-эвлахь а, ша Петропавловскехь а. Иштта, "Мемориалан" бакъонашларъйархоша а бира хаам, цу дийнахь дуккха а нах лецна хиларх. Чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан а, къоман гвардин а белхахоша, маьршачу нехан керташкахь лехамаш бира, документаш а, машенаш толлуш, ткъа шайна жимма а низам дохийна аьлла хеташ верг, полисхойн дакъошка дӀа а вуьгуш. Ткъа цигахь, дийцарехь, царна ультиматум хIоттайора: йа бехктакхаман гӀуллакх дуьхьал доккху хьуна, йа Украинера тIаме воьду хьо аьлла.

Цу "харжамах" кIелхьара вала аьтто баьлларг, дӀахецале хьалха шатайпанчу чоьте оьцуш вара: уьш декхаре бора, ницкъахоша тIекхайкхича тIеван веза аьлла. Иштта нисделла республикерчу кхечу редакцин хьостан гергарчуьнца а. ХӀинццалц цуьнан низамашца а, Ӏедалца а цхьа а проблема ца хиллехь а, полицин декъехь цуьнан йерриг а персоналан информаци схьа а эцна, цуьнан телефон теллира.

Нохчийчохь лелош йолу “методикаш” кхечу Оьрсийчоьнан регионашкахь а лелор йу

Тхан къамелхо тешна ву: Росгвардина динчу тIелатарца доьзна дац нах лецар, "лаамхой" санна Украинера тIаме дӀахьежо вовшахтухуш бу аьлла.

Хьалхо, редакцин хьостанаша хаам бора, нохчийн бахархой нуьцкъала тайп-тайпанчу бахьанашца Украинера тӀаме хьежорах лаьцна, масала : маларш йа наркотикаш лелорна, йа гомосексуализман шеконаш хиларна. Иштта нуьцкъаха тIаме хьежийра Кадыровн критикашца гергарло хилларш, масала ЯнгулбаевгӀеран гергарнаш а, оппозицин блогеран Халитов Хьасанан ваша а, политикан Закаев Ахьмадан вешин к1ант а.

Нагахь санна, хӀинца а Нохчийчоьнан Ӏедална тIаме бахийта нах гулбан "зачисткаш" йан йезаш хиларо гойту адамийн къоьлла хилар а, "леррина тӀеман операци" олу официалан пропаганда эшна хилар а, бохура Исханов Хьусейна, Ичкерин куьйгалхо хиллачу Масхадов Асланан гIоьнчас.

"ХӀинца Нохчийчохь жигара лелош йолу "методика" тӀейогӀучу хенахь Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а лелор йу", - тешна ву эксперт. Божарий муьлххачу а бахьанашца дӀалоьцур бу, ткъа бахьана ца хилахь, наркотикаш, йа патармаш йа герз “карор ду."

Маршонан къийсамах йисина тIахьало

Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIаме хьийсон "лаамхой" алсам баха кховдийначу кепех цхьаъ йара -юкъараллехь "лела ца хуучу" кегийрхошца кхетош-кхиоран болх дIабахьар. Масала, уьш Гуьмсехь йолчу "спецназан университетехь" тIеман говзалла а Iамийна, Украинера тIаме хьийсон. Цунах лаьцна Кадыровс дӀахьедар дира гIадужу-баттахь ницкъаллин структурийн буьйранчашца хиллачу цхьанакхетарехь. Цуьнца цхьаьна цо хьахийра, республикера тӀаме хьажийна 50 эзар гергга "лаамхо" аьлла.

Нохчийчохь дӀайоьду божарийн мобилизаци, Нохчийн къомана къайлаха йечу геноцидан кеп йу, тешна ву Исханов Хьусейн. Цо дийцарехь, нохчийн къоман йа Iалашо, йа хьашт дац, кхечун къоман тIамехь дакъалаца, къаьсттина, шайн махкахь Оьрсийчоьнца шиъ тӀом хиллачул тIаьхьа.

Нохчийчохь цхьа а доьзал бац, дӀабаханчу тӀемашкахь шайн гергара стаг дIакхалхаза

Украинехь тӀом болабелчхьана дуьйна, нохчийн Iедало дуккха кепаш лелийна нах тIаме хьежо бахьанаш лоьхуш. "Харцахьа" лела бахархой а, оппозиционерийн гергарнаш хьийзорал совнаха, бусулба динна йен пропаганда а йу хIара. Оцу гурашкахь луларчу пачхьалкхана дина тӀелатар "гIазот" ду , массо а бусалба нах цу тӀаме баха декхаре бу бохуш. Цул совнаха, Кадыровс хаддаза критика йо тӀаме баха лаам боцчу махкахошна.

Амма, тахана а республикехь пропагандин кхин хилла кхиаамаш бац. Нохчийчуьра Украине хьажочу "лаамхойх" дукхахберш, тайп-тайпа хьостанаша дийцарехь, кхечу регионашкара йолахой бу.

"Тахана, Iедало нахана тIехь массо а агIор ницкъ беш боллушехь, керла-керла пропагандин кепаш лелош, нехан дог ойла хийца гIерташ, церан и Iалашо кхочуш ца хиларо гойту, халкъан и зуламан тIом бу аьлла кхетам хилар, бохуш дуьйцу Ичкерин политико Закаев Ахьмада.

"Путина а, Кадыровс а нохчашна шайн нах байинчу мостагIан агӀор тӀом байтар - иза халкъ сийсаз даккхар ду. Со тешна ву, цара тIаме хьовсочу республикерчу бахархошна йукъахь цхьа а доьзал хир бац, дӀабаханчу тӀемашкахь вевза-везаш стаг дIакхалхаза. Цундела нохчийн халкъан кхетам а, хьажам а бу оцу тIамах", - аьлла, дерзийра Закаевс шен къамел.

Соьлжа-ГIалин йистехь Росгвардин машенна тӀелатар динчул тӀаьхьа, Кадыров Рамзана доьазза хаам бира Украинера тӀаме "кхин а цхьаъ лаамхойн тоба" хьажорах лаьцна. Царна йукъахь хьалхо дIаьйаьхьначу "зачисткашкахь" лецна хилла нах бу, йа бац, билггал хууш дац.

  • Украинехь шуьйра тIом болийначул тIаьхьа Нохчийчоьнан урхалхочо дIахьедора, оцу тIамехь вала шен "лаам" хиларх. Изза шайн лаам дIа ца гойту мехкан бахархой сийсазбо цо. Оцу йукъанна 14 баттахь боьдучу тIамехь Украинехь хаавелла вац политик. ХIунда ца воьду Кадыров тIамтIе, листира тхан сайто.
  • Украинан эскаран Интернационалан легионера нохчийн лаамхоша дIакхайкхийра Белгородан кIоштара йуьртан администраци дIалаьцна аьлла – и нисделира Оьрсийчоьнан дозанашкахь йолчу регионашкахь лаьттахула операци дIахьочу йалхолгIачу дийнахь. Кавказ.Реалии сайто листира, йозуш йоцчу Ичкерин агIончаша хIун дакъа лоцу тIемашкахь.
  • ГIадужу-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дӀакхайкхийра Украине хьажо керла полк кхолларх лаьцна. Кадыровс и дIахьедар дира президент Путин республике веана ши бутт баьлча – махкара бахархоша дийцира редакцига, Оьрсийчоьнан куьйгалхо веъча, цу тайпа тӀаьхьалонаш хиларна шаьш кхоьруш дара аьлла. Керлачу полкан декъе мила схьаэца дагахь бу а, полкан могIарш муха дIадузу а – Кавказ.Реалиин материалехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG