Украинхойн лерринчу сервисаша Ичкерин Шейх Мансуран батальонца цхьаьна дӀайаьхьира "Маршо йа Ӏожалла" операци. Цара тIеман дозанехула дехьаваькхира Оьрсийчоьнан эскарца тIемаш беш хилла ши нохчо. Хьалхо а хилла ду кадыровхой украинхойн агӀор дехьабовлар, царах дукхахболчарна шайн цӀераш ца йовзийтар гIоле хета, цӀахь шайн доьзалшна таIзар дарна кхоьруш.
ТСН телеканало 8 минотехь сюжет гайтира лерринчу операцех лаьцна. Краматорскехь йаьккхинчу видеосюжетера хиъна, 38 шо долу Алсултанов СейфуллахI а, 45 шо долчу Маликов Ӏабдулла а Ичкерин Шейх Мансуран батальонан чат-ботаца зӀене а бевлла, шайн дакъош долxу меттигах лаьцна информаци украинхойн агIоне дӀакхачийна хилар.
"Сан Оьрсийчоьнца мостагIалла ду. Иштта бӀешерашкахь лаьтташ йу и гамо. Оьрсийчоь мел йу, и зулам эшалур дац", - элира СейфуллахIа. Волгоградехь 242-чу полкехь эскархо хилла ву иза, цо чӀагӀдо, ша Оьрсийчоьнан тӀеман министраллица контракт йира, аьтто баьлча украинхон агӀор дехьавала дагахь.
Маликовн истори кхечу кепара йу: кӀоштан полисхочо цуьнан регистраци талла йезаш йу аьлла левина, полицин декъе чу а вигина, ларми чохь латтийнера иза массийта дийнахь, тIехь ницкъ а беш.
"Диъ де даьлча, лармичуьра ара а ваьккхина, контрактна куьйгаш йаздийр дуй ахь аьлла, хаьттира цара. Ас элира, хӀан-хӀа. Со кхетамчуьра валлалц йиттира, йуха а ларми чу кхоьссира", - дийцира дӀалаьцначу Луганскан областан кIоштахь эскарехь хилла волчу дезертиро.
"Маршо йа Ӏожалла" цӀе йолчу операцих лаьцна кIорггера болу хаамаш къайле хилла буьсу. Хууш дерг ду оцу эскархойх цхьаъ, украинхойн дронна тӀаьхьа а хIоьттина, минаш йолчу меттигехула цхьаъ ах километр схьавеана хилар.
Дуккхачарна лаьа дехьабовла, амма массо а вац ваьхьаш
Украинерчу Ичкерин векало Мамут Адама тхан редакцица динчу къамелехь билгалдаьккхира, нохчийн орамаш долу эскархой украинхойн агӀоне дехьабовлар дуьххьара дац аьлла. Масийттазза Украинан агIонехь тӀом беш долу Ичкерин дакъош массийтаза "Iаьржачу зоне" дахара эскархой схьабало – иштта хилла Курскан кӀоштахь а, Донбассехь а. Цхьана дийнахь виъ стаг дехьавелира, бохуш дуьйцу къамелхочо.
"Суна дагадогӀу лаххара а кхоъ и тайпа хилларг. Царех хӀора а мехала ду, хӀунда аьлча, цо гойту нохчийн эскархошна [Оьрсийчоьнан эскарера]: церан аьтто бу дийна биса, кхиамца вайн агӀор дехьабовла а, оккупанташна дуьхьал цхьаьна тӀом бан а. Дуккха а дехарш ду мобилизаци йинчу салташкара, амма кхерам лакхара хилар бахьана долуш, массо а ца хIуьтту дехьабовла", - билгалдоккху Мамута.
Цо дийцарехь, чат-ботехула дехар схьакхаьчначул тӀаьхьа, Ичкерин дакъош зӀене довлу СБУ-ца а, Украинин ницкъаллин структурашца а, эскархой фронтан могӀанехула чеккхбахар вовшахтоха. Къаьсттина тидам тӀебохуьйту, уьш йийсархойн тептарш йукъе ца бахийта а, царна тIехь Ӏазап латто тарлучу Нохчийчу дIацабигийта а.
Нохчаша кест-кеста доьху шайх лаьцна информаци гӀара ца йаккхар. Царна хаддаза дуьйцуш ду, нагахь санна уьш дехьабовлахь царна хира долу таӀзар
"Кхин дӀа муха нисло церан кхоллам? Масех стаг Европе дӀавахана, амма дукхаберш шайн лаамехь тхан батальонех схьакхетта. Церан йиш йу ОБОН-ах, Шейх Мансуран йа Дудаев Джохаран батальонех дӀакхета – уьш цхьа Iалашо йолуш бу. Дуккха хьолахь, цара [дезертирша] хоржу шайна бевзарш, йа шайн махкахой йукъахь болу тIеман дакъош", - дуьйцу къамелхочо.
Украинерчу "Сова" экспертийн тобанан куьйгалхочо, политолого Савва Михаила чӀагӀдо, Украинехь боккха тидам тӀебохуьйтуш хилар Къилбаседа Кавказерчу къаьмнаша, Москван империн политикана дуьхьал латточу къийсамна, къаьсттина нохчашна.
"Музейхь суна гира 1944-чу шарахь Украинин националистийн боламо леррина нохчашка аьлла арахецна кехат, советан Ӏедална дуьхьал къийсам дӀаболо кхайкхам беш. Цо гойту, и ойла дукха хенахь дуьйна Украинехь хилар: импери йохар дӀадолор ду Къилбаседа Кавказехь, уггаре а къамнийн йукъаметтигаш гIоьртина а, антиколонистийн ойланаш а чIогIа йоллучехь", - боху Саввас.
Цундела нохчийн орамаш долу Оьрсийчоьнан эскархой дехьабовлар, Украинин хаамийн гӀирсашкахь дуккха дуьйцуш а хуьлу, къаьсттина, уьш наггахь бен ца хилар тидаме эцча, бохуш кхин дӀа а дуьйцу политолого.
"Цуьнан масех бахьана ду. Эскархойн гергарнаш закъалтхой санна буьсуш бу республикехь. Дехьавала сацам бан, вуно чIогIа чолхе хьал йа чIогIа доьналла хила деза. Оьрсийчоьнан йийсархой мелла а маьрша бу зӀене бовла а, информаци йала а. Нохчаша кест-кеста доьху шайх лаьцна информаци ца йаржор. Цаьрга даим а олуш ду республикан куьйгалхочо а, цуьнан гоно а ден къамелаш карла а дохуш, нагахь санна, уьш дехьабовлахь йа йийсаре лацахь, царна ден долчу таIзарх лаьцна", - билгалдоккху Саввас.
Цо мукӀарло до, и охьадагардина бахьанашна тIехула нохчийн эскархой украинхойн агIоне дехьабовлар шуьйра даьржар дац аьлла.
Дуккха хьолахь уьш цӀа уьду
"Суна хууш ду цхьаъ, йа дийнна тобанца Украинин агӀор дехьабоьвла хиларх лаьцна. Иза дукхахьолахь хуьлуш ду, нагахь санна церан дехьа агӀор болчу нохчашца зӀе йелахь. Нагахь санна, и зӀе йацахь, эскархой шаьш куп тоьхначу меттигера бевдда, цӀа берза гӀерта", - аьлла комментари йира "Цхьаалин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.
Цуьнан дешнаш тӀечӀагӀдо кхелан статистико а: 2024-чу шарахь Соьлжа-ГӀаларчу кхело теллира 113 бехктакхаман гӀуллакх "эскарера къайлаха дIавахар" артикалца - статистикаца дуьстича тӀеман хьалхара шина шеран терахь ду иза. Бехкебечу эскархошна йукъахь, нохчийн къома а, кхечу къоман а йолахой а бу.
Сулеймановс дуьйцу, тIама йуккъехула дехьавалар инзаре кхераме ду: уьш буьйранчашна гучубовла тарло, йа минашна тӀе ког баккха мега, йа дроно тӀелатар даран кхерам бу, ткъа украинхойн агIор дехьабевллачул тIаьхьа ларамаза царна тIе герз тоха тарло.
Ткъа дехьабевлачаьрца йолчу йукъаметтигех лаьцна аьлча – тIом боьдучу меттехь, баш тамехьа ца хуьла
Къамелхочо дийцира нохчийн шиъ эскархо бода болчу хенахь дехьаволуш, тила а велла, шайчарех дIахаьдда украинхошна тIе нисваларх.
"Хьалха воьдучу нохчочунна цигаьрканан серло гинера, иза цхьа билагло йу моьттуш, дуккха хазахетта украинхойн окоп чу кхоссавелла хиллера. Оцу хIумнах цецваьлла украинхойн эскархо мара а воьллина: "Тхо схьакхечи" аьлла, мохь тухуш. Важа цуьнан карара а ваьлла, герзах ка тоха гIоьртинера. Оцу заманчохь шолгIа эскархо ткъа метар окопана тIехьа висина хиллера, собар деш. ТIаьхьо хилларг къастийча, ший а цхьана эскаран декъе дIаккхачийнера - дуьйцу Сулеймановс.
Цул тӀаьхьа, ший а эскархо украинхойн декъехь висира, йалх бутт баьлча царех цхьаъ вийра, Оьрсийчоьнан позицешна тӀелатар деш, бохура къамелдечо.
"Дехьабевллачаьрца йолчу йукъаметтигех лаьцна аьлча, йуьхьанца цаьрца цхьа а йовхо ца хуьлу, иза а кхетаме ду. Амма, украинхоша вуно дика тӀеоьцу и тайпа йийсархой, лоьрийн гӀо а кхачадо, царна луъучу эскаран декъехь дIа а тарбо. Дукха хьолахь нохчий шайн лаамхойн батальонех дIакхета, амма бара царлхаь украинхойн адкъошкахь биса лууш берш а", - дерзийра Сулеймановс.
- Европе эмиграце дӀабаханчу Ичкерин агӀончийн масех дакъа ду Украинехьа къийсам латтош. Масала ОБОН арахьара легионан йукъехь, Шейх Мансуран а, Дудаев Джовхаран батальонаш а, "Акха арданг" а, Spesial Operation Group (SOG) а, Гелаев Хьамзатан цIарах батальон а.
- Меттигера бахархой Украинана дуьхьал бертаза тIом бан хьийсош бу хIинца а бохуш, хаамаш кхочу Нохчийчуьра. Оьрсийчоьнан эскаран могIарш дузаран цхьа кеп йу – пластикан биргIанашца а, тоькаца а тIехь ницкъбар. Цунах лаьцна тхан редакцига дийцира, тIеман министраллица контактана куьг йаздан хьийзийначу нохчочо. Цуьнца а, бакъонашларйархошца а хилира тхан къамел.
- ТӀеман хьалхарчу деношкахь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочо жигара гӀортор йира Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал агресси йарна. ТӀаме шен Ӏуналлехь долу эскарш хьовсош, керла "йолахойн" дакъош а кхуллуш. Ша республикехь регионо конфликтехь дакъалацар бахьана долуш резадацарш кхолладелира, амма Ӏедало сихонца дӀахадийра уьш. Иштта, тӀамо репутацин а, санкцийн а тӀаьхьалонаш йитира Кадыров Рамзанна а, цуьнан гонна а, дуьненаюкъарчу нохчех болу кхетам а хийцира.