ГIалгIайчуьра а, Ставрополь-махкара а бахархошна тIедогIург лахделла инфляцина тIетохар деш 2023-чу шарахь, дукхахйолчу Оьрсийчоьнан регионашкахь и гайтам лакхара боллушехь. И терахьаш далийна Росстата. ГIалгIайчоь тIаьххьарчу меттигехь йуьссуш йу пачхьалкхера цхьана стагана йукъарчу барамехь хуьлучу пайданан тIегIане хьаьжча.
Оьрсийчоьнан йалх регионехь официалехь билгалдаьккхина бахархошна тIедогIу рицкъ лахдалар: ГIалгIайчохь а, Ставрополь-махкахь а лахдина уьш процентан иттолгIа декъана – пачхьалкхехь йуккъерчу барамехь 5,6% лакхадаьллашехь.
Оцу йукъанна процентан цхьана декъана ГIалгIайчохь тIедогIург лахдалар нисделла база лахара хиларца доьзна. Дуккхаъчу шерашкахь республико тIаьххьара меттигаш дIалоцура бахархошлахь цхьана стагана йукъарчу барамехь хуьлучу пайдехула: 2023-чу шеран тIаьххьарчу зерашца болх бан хан йолчу цхьана вахархочунна баттахь тIедогIу 24347 сом, пачхьалкхехь а лахара гайтам бу и. Цунна тIаьхьа йогIу Кхарачой-Чергазийчоь (25111 сом – 280 долларшкахь), ГIалмакхойчоь (27080 – америкахойн 300 долларшкахь).
Бахархошна тIедогIург совдаларца, официалан хаамашца, хьалха йу Нохчийчоь, Адыгей (11 проценташ), иштта ГIалмакхойчоь (9%) а. Шеран жамIашца уггар а лахара пайда хуьлучу регионашлахь йу Дагестан (0,4%), Волгоградан кIошт (2%) а.
* *Аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а хьал ду статистикана йукъахь, амма ца дуьйцу оккупаци йинчу Украинан Запорожьен а, Херсонан а кIошташкара а, сепаратистийн лоручу "ДНР", "ЛНР" меттигашкара а.
- 2023-чу шеран жамIашца Оьрсийчоьнан бахархошлахь къоьллехь вехаш ву 13,5 миллион стаг. Цхьана шарчохь хала хене бовлучийн терахь лахделира 800 эзар стагана, йа 0,5 процентан пунктана – боллу бахархойх 9,3 процент, хаамбо оьрсийн Свобода сервисо "Коммерсантана" тIетевжина.
- ГIалгIайчоьно йуха а тIаьххьара меттиг дIалецира регионашлахь белхазаллин тIегIанехь. 2023-чу шеран тIаьхьарчу кварталехь республикера 27,4 процент нах официалехь болх боцуш ву. Талламехь тIаьххьара могIаршкахь йу Дагестан (84 меттиг, йа 12,5%), Нохчийчоь (83 меттиг, 10,4 %), ГIебарта-Балкхаройчоь (82 меттиг а, 8,8%), Къилбаседа ХIирийчоь (81 меттиг, 8,6%).
- Дагестанера а, ГIебарта Балкхаройчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а пенсхой уггар лахара алапаш оьцуш бу Оьрсийчохь. И хаамаш схьаэцна пенсин, страхованин Фондан официалан зерашна йукъара.
- 2023-чу шеран жамIашца хIоттийначу рейтингехь тIаьххьарчу итт регионна йукъахь нисйеллера ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIалмакхойчоь. Коьртачу экономикан а, социалан а гайтамийн баххаш тIехь и таллам бинера пачхьалкхан "РИ Новости" агенталло.