ТIекхочийла долу линкаш

 
ТIеман декхарш кхочушдан дуьхьал болчу хала бохкучу доьзалийн ахчанаш дIахедор тIедожийна Кадыровс
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман декхарш кхочушдан дуьхьал болчу хала бохкучу доьзалийн ахчанаш дIахедор тIедожийна Кадыровс


Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а
Даудов Мохьмад а, Кадыров Рамзан а

Церан божарий тIеман декхарш кхочушдан дуьхьал бовлахь, хала бохкучу доьзалшна Iедало кхачочу таронех а, ахчанех а баха церан доьзалш аьлла, тIедиллина Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Цунах лаьцна дIахьедина Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалахь хиллачу кхеташонехь парламентан спикер Даудов Мохьмад вистхиллачул тIаьхьа. Вукхо дийцира къечу доьзалашкара божарий реза цахиларх керлачу кадыровхойн полке язбала.

Даудовс дIахьедина, масала, Кадыровн тIедилларца ша "доладечу" Устрада-ГIалахь таро йоцуш а, "гуттар къен" а доьзал бу аьлла, билгалъяьккхина 412 хIусам ю аьлла. Цигахь балх балур болчу хенара ву 188 борша стаг, хIетте а царех кхоъ бен реза ца хилла керлачу полке гIуллакх дан ваха, кхин бан шайн болх боцушшехь, ахчанаш лур ду аьлча а.

"ХIораннан а керта а оьхуш, дийцира алапех, хIиттор долчу хьаштех, болх бинчул тIаьхьа хиндолчу пенсих а. 188 стагах кхоъ бен тIе ца тайра. Шиъ балха хIоьттина "Западе" (хетарехеь юьйцург ю дукха хан йоццуш кхоьллина "Запад-Ахмат" батальон - билгалдаккхар), школа чекхъяьккхина аьлла карахь аттестат ца хиларна виссина цхьаъ. Изза хьал ду кхечу сектаршкахь а, кIошташкахь а", - мукIарло дина Даудовс Кадыровца хиллачу кхеташонехь.

Цунна жоп лучу Кадыровс дуьхьалойийраш "малончаш" бу аьлла, тIедожийна федералан низамца таро йоцчу нахана хIиттийначу хьелех а, ахчанех а дIахедабе аьлла уьш.

"Болх бан ца луу нах бу уьш. Уьш адамаш а дац, йа хIуммаъ а яц. Махко царна миллиардашкахь ахчанаш дойу, царна хьалхара коммуналан ял дIало, гIо до, ткъа кхарна къахьега ца лаьа, гай тIе мIараш а хьоькхуш Iаш бу", - элира Кадыровс.

Оццу кхеташонехь Даудовс дIахьедира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Украинехь шуьйра тIелатар долийначу эхашерачохь 20 миллиард ахча дайина тIамна аьлла. Валюта а, ахча стенгара даьлла – республикан бюджетера йа шен Кадыровн кисанара дара- регионалан парламентан куьтйгалхочо ца хьахийна. Официалан хаамашца, дахначу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо даьккхинарг ду 26 миллион ах миллион сом.

"ХIокху эха шерачохь, пачхьалкхо латториг а, вайн вежарша дийриг а доцург…вайн паччахьо – Дела реза хуьлийла цунна - ахчанца гIо латтийна [ницкъаллин структурашна] 20 миллиард соьмана", - дIахьедира Даудовс Соьлжа-ГIалахь йоьдучу кхеташонехь. Видео зорбане хIоттийна махкарчу пачхьалкхан "Грозный" телеканало.

  • Оьрсийчохь къен лоруш бу, регионехь цхьана стагана ваха хIоттийначу барамал а лахара делахь хIора баттахь царна тIедогIу рицкъ. Нохчийчохь 2022-чу шеран мангал-баттера схьа дуьйна хIоранна а ваха оьшучу уггар лахарчу рицкъан барам бу 14 565 сом (марсхьокху-беттан 25-чохь динчу лараршца, Оьрсийчоьнан Центробанкан официалан курсаца 250 доллар ца кхоччуш – билгалдаккхар.).
  • ЦIерашца Нохчийчохь дакъош кхолларх дийца даьккхира мангал-бутт бовш – хIетахь Iалашо яра Оьрсийчоьнан тIеман министраллана юкъа а йогIуш йиъ батальон вовшахтоха: "Север-Ахмат", "Восток-Ахмат", "Запад-Ахмат" а, "Юг-Ахмат". Уггар хьалха кхоьллира "Север-Ахмат" – полкан бараме дIадахдира цу юкъахь болчийн терахь. Кадыровс шен телеграм-каналехь зорбане хIоттийначу видео тIехь гуш бу дIахIиттийначу эскархошлахь ППС-н а, МВД-н ГБР-н а белхахой хилла ца Iаш, могIарерчу нехан духарца нах а.
  • Стигалкъекъа-баттахь дийца даьккхира, Нохчийчуьра Украине тIаме бахначарлахь кеп-кепарчу зуламашна таIзарш дина нах хилар, царех цхьаболчийн хIинца а тоьхна хан чекхъяланза ю аьлла. "Можем объяснить" телеграм-каналан лараршца, Нохчийчуьра Украине вахначу 953 "лаамхочух" тептарера мел лахара а I0I стаг "криминалан хьалхалера а, тахане а" йолуш ву.
  • Марсхьокху-беттан 17-чохь Украинан тIеман министраллин талламхойн урхалло дIахьедира, Нохчийчохь вовшахтухучу керлачу йеа батальонашкахь ницкъахоша лечкъийна бигина нах бу аьлла. Киевн хаамашца, доккхачу декъанна бу уьш нохчийн ярташкара бахархой – царна кхерамаш туьйсу бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал даха йа къизаллаш лелор ю олий. Украинхойн таллархоша мах хадабо цуьнан, Оьрсийчохь тIом бан луурш кIезиг хиларца. Оцу чIагIдарех лаьцна комментариш ца ло йа Москвахь а, йа Соьлжа-ГIалахь а.
  • Товбеца-баттахь украинхойн агIоно дIахьедира, Нохчийчохь вовшахдиттина тIеман дакъош Херсонан кIошта дехьадахарх, дезертиралла лелочу салташца къийсам латторехь пайдаоьцур бу царах аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG