ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман министраллина шантаж? Пригожинца девне хIунда ваьлла Кадыров?


Кадыров Рамзан а, Пригожин Евгений а, коллаж
Кадыров Рамзан а, Пригожин Евгений а, коллаж

Кадыров Рамзан а, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхо Пригожин Евгений а генара къамелаш дан волавелла. ШолгIачо шегахь "тIеман гIирсан къоьлла" йу аьлла дIахьедарш дина, украинхойн Бахмут тIеман министраллина йуьтуш, дIагIур ву ша бохуш, кхерамаш туьйссу. Ша дIавахча, и гIала кадыровхошна дIайала дагахь ву ша а аьлла. Цо мел дийцинчунна жоп луш, Кадыровс Путине кехат йаздина, "Ахмат" Бахмуте дехьайаккха бакъо йехарца. Пригожинина резавоцуш, цо пуьташ биттарна и бехкевеш, кхоссар йира. ТIеман эксперташа дийцарехь, Кадыров Кремлаца йолу йукъаметтиг меттахIотто дагахь ву. ЧВК куьйгалхочуьнца "бертахь матч" дIахьош хила тарло иза аьлла хета царна.

"Воккхахволу ваша" а, йуха Женя а

"Путинан повар" санна вевзаш волчу бизнесхочо Пригожин Евгенийс стигалкъекъа-беттан 5-хь дIахьедира, нийсса пхи де далале ЧВК "Вагнеран" йолахой украинхойн Бахмутера дIагIур бу аьлла. Шaйн дIадахаран бахьана тIеман гIирс цатоарца доьзна ду элира цо. Луьрачу тIамехь Бахмут къуьйссуш уьш лаьтта масех бутт бу. ОьгIазавахана видео дIайазйира цо, лаьттахь Iоьхкуш гуш беллачу йолахойн декъий долуш, уьш кхалхарна Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу штабан куьйгалхо Герасимов Валерий а, тIеман министр Шойгу Сергей бехкевеш, (цунах "боьха хIума" олуш.)

Йуьхьанца Нохчийчоьнан куьйгалхочо Пригожинина тIехIуттуш, къамелаш дира, нохчийн батальонашкахь тIеман гIирсаца дерг чолхечу хьолехь ду а элира. Пригожинах "сан воккхахволу ваша" бехира. "Жимахволу ваша" санна Бахмутехь уьш лаьттинчохь латта кийча ву ша аьлла, тIечIагIдира.

Украинан Донецкан кIоштара Бахмут гIала - Оьрсийчоьнан эскарца уггар а къиза тIемаш Украинан тIеман ницкъаша дIабаьхьна меттиг
Украинан Донецкан кIоштара Бахмут гIала - Оьрсийчоьнан эскарца уггар а къиза тIемаш Украинан тIеман ницкъаша дIабаьхьна меттиг

ШолгIачу дийнахь ЧВК-н куьйгалхочун пресс-центро аудио-къамел дIахIоттийра. Цу тIехь Пригожинс Кадыровна баркалла элира, "Ахматан" батальонаш цига гIург хиларах ша тешна вуйла а хаийтира.

Амма цу дийннахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIайаздира исс минотехь дина къамел, "воккхахволчу вешех" "Женя" бохуш, иза пуьташ биттарехь бехкевеш. Кадыровс дийцарехь, ЧВК "Вагнеран" тIемалоша шайна уггаре дика меттигаш дIалаьцна йара, ткъа уггаре хала меттигаш тессина йитнера. "Путинан повар" бехкевира цо толамаш шен долабахарна, "спектакль ловзорна".

Хьайна во долчу хенахь, хьайна вежарийн гIо-накъосталла оьшучохь, ахьа нохчийн вежаршка кхойкхура

"Айхьа Попасная схьайаьккхина бохуш лела хьо. Аса официалехь дIахьедо хьоьга: Попасная йоккхуш дакъа массара лецира, вай массо дара цигахь, вайн батальонаша схьайаьккхира Попасная. Кхечанхьа а, хьайна во долчу хенахь, хьуна вежарийн гIо-накъосталла оьшучохь, нохчийн вежаршка ма кхойкхура ахьа. Тахана, хьан тIаьххьара видеога ладоьгIча, со цецвели",- боху Кадыровс. ЧВК йолахошка ша волче сехьадовла, ша гIолечу хьелашкахь латтор ду шу олуш.

Попасная схьайаккхарах лаьцна кадыровхоша даккхий къамелаш дина бохуш 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь ша реза цахилар хаийтира сепаратистийн "ДНР"-н хьалханчас, ФСБ-н экс-белхахочо Стрелков Игора (Гиркина). Цо дийцарехь, тIом балале хьалха 20 эзар стаг Iийна гIала, "кадыровхоша цхьа а дакъа ца лоцуш" схьайаьккхина йара. И хаам Кавказ.Реалии сайте динчу къамелехь бакъбира украинхойн агIонехь тIом бечу нохчийн лаамечеран батальонехь болчара. Кхечу оккупанташа баьккхина толам шайн долабаккхар кадыровхоша дуьххьара деш хIума дац. Цара цу кепара дерш лелош кхечу оьрсийн батальонашкахь берш реза ца хуьлу, циггахь билгалдаьккхира къамелахочо.

Стигалкъекъа-беттан 7-хь Кадыровс кхин цхьа хаам бира. Цо дIахьедира, "ЧВК куьйгаллица дийцина чекхдаккхаза хIума дисна" аьлла. Амма оха и къастор ду. "Дац чаташкахь, телеграм-каналашкахь, вовшашна йуьхь-дуьхьал хIиттина". ХIара статья зорбане йолучу хенахь Пригожинс цунах лаьцна хIумма аьлла дацара.

Шен цIе меттахIоттон лаар дуй и?

Бахмутехь шайн аьтто цабалар тIеман министраллина бехк хилийта лаьа Пригожинина. Цундела леладо цо "во деанчун цIийзарш ", аьлла хета "Либеральная Россия" фондан кхеташонан декъахочунна, политологна Жaворонков Сергейна.

"Тхан гIуллакхаш ледара ду, тхо леш ду - амма тхуна гIо дийр ду - тхо кхин лийр дац" боху шатайпа хаамаш дуьххьара хезаш бац. Кадыровн болх - йеккъа цхьа пиар. Цуьнан батальонаш кхечарна тIаьхьахIиттина, шолгIачийн могIаршлахь лаьтташ йуйла гойту цуьнан конкурентийн дIахьедарша (Гиркин, Ходаковский), Къилбаседа Кавказерчу кхечу республикашкахьчул кIезга кхалхарш хиларо а. Уггаре хьалха Дагестанехьчул. Беллачийн терахьаш къайладаьхьана ду, иза массарна хаьа. Амма регионашкахь йолчу тезеташа гойту иза иштта хилар",- боху Жаворонковс.

Къамелахо тешна ву, набахтешкара арахецна шен нах Пригожина ма-кхиссара, Кадыровс Бахмут йоккхуш атийта шен батальонаш хьалхайохург цахиларх.

(ISW) тIом талларан институтехь болчарна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен ницкъаш Бахмуте дехьабаха бохуш кхерамаш тийссар "Оьрсийчоьнан тIеман куьйгаллина йеш цхьа шантаж хила мега, ЧВК "Вагнеран" йолахошна герз далийта лелош. Эксперташ мах хадорехь, Сватово-Кременная агIора Белогорловкехь а, Запорожан махкахь а лаьтта кадыровхой Бахмуте дехьабахар Оьрсийчоьнан куьйгалло магор дац. Украинин тIеман ницкъаш тIегIорта тарло бохуш лаьтташехь иза дар царгахьа ца нисло. Царна эшаме хир ду и тайпа гIуллакх.

Вуьшта а ISW тIом талларан институтехь болучарна хета, Kадыровн, Пригожинан цхьа а дов ца даьлла, мелхо а - и шиъ бертахь лелаш ву аьлла. Аналитикна хетарехь, хIоьттинчу цу хьолехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кремлехь йоьжна шен цIе меттахIотто лерина ву. Кадыровхоша Украиница болчу тIамехь толамаш цабахаро йожийна цIе.

"Вац иза тIегIорта дагахь"

Пригожин тIеман хьалханча хилар шеконе нисдели. Эхашарчохь шортта кхалхарш долуш 15-20 чакхарма бен дIа ца бахна цуьнан нах, аьлла дийцира оьрсийн федерал политологех цхьамма. Низамашкахь репрессех ларлуш, шен цIе йовзийта ца лиира цунна.

"Пригожина берриге бехк тIеман министраллина тIетоттуш хилар гуш ду - оха толам боккхур бара, "герзан къоьлла" ца хиллехьара. Оьрсийчоьнан бюрократин системех башха тешна боцчу "z-патриотийн" кхетамна тоьу оццул йолу бехказло",- боху къамелахочо.

Кадыровс а, зуламхочо Пригожинc а хIоттийнарг ледара спектакал йу

"Кху хьолехь Кадыровна гуш ду, селханлера бертахо тIе жIара йиллина, дIавоккхуш вуйла. Цундела, иза ца воллу, "Ахмат" Бахмуте кхоьссина, шена эшам бан. Амма пропагандин Iалашонца лелаш ву, ша кийча хилар гойту дIахьедарш деш",- тIетуху политолого.

Украинехьа тIом бечу нохчийн батальонех - уггаре йоккханиг Мансур Шейхан цIарах батальон - цхьана шарчохь тIом беш цкъа ца нисйелла кадыровхойн батальонашца дуьхь-дуьхьала. Бахмут йоккхучохь а бац уьш. Украинин тIеман ницкъашца цхьаьна хIара батальон йолчу хенахь.

"Кадыровс а, зуламхочо Пригожина а хIоттийнарг ледара спектакал йу. Хаамийн гIирсаша цунах цхьа ладаме хIума деш, церан дешнаш даржийна. Кадыровс ма-баххара дерриге иштта атта хилча, хIун деш Iаш ву и? Бахмут схьа хIунда ца йоккху цо?" - боху Мансур Шейхан батальонан векало Чеченский Богдана.

  • Зазадоккху-баттахь эксперташа дийцира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочунна дов даларах. Пригожина тIеман министралла йемалйарна тIехула дара иза. Цул хьалха Кадыровс ша а йира Украинерчу конфликтехь тIеман министраллина критика. Донбасс ларйан ца хиъна шуна бохуш. Оьрсийчоьнан тIеман куьйгаллера хьаькамаш хийца беза бохуш, дIахьедарш дира цо.
  • Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо цIаьххьана шен ойла хийцира. Цу дийннахь шен телеграм-каналехь цо хастийра тIеман министр Шойгу Сергей, Генштаб а. Оьрсийчоьнан тIеман хьаькамаша Украинин латта тIехь "хьекъалечу тактикица" бо тIом олуш.
  • ЧВК "Вагнер"- Оьрсийчоьнан официалехь доцу тIеман цхьаьнакхетаралла. Украинерчу тIамехь жигара бу уьш, Шемахь а, Африкехь а дIахьочу операцешкахь дакъалаца боьлху. Иза вовшахтоьхнарг Петербургера бизнесхо, президентаца Путин Владимирца а, Кадыров Рамзанца а гергарлонашца волу Пригожин Евгений ву. Оьрсийчоьнан низамехь шен долахь йолу тIеман компанеш лелон мегаш дац.
  • Стигалкъекъа-беттан 2-хь Америкин Цхьаьнатоьхначу Штатийн къоман кхерамзаллин кхеташонерчу стратегийн хаамийн координаторо Кирби Джона, америкахойн таллархойн хаамшна тIетевжаш, элира, Малхбалехьарчу Украинехь тIеман пхеа баттахь оьрсийн эскарера 20 эзар стаг кхелхина. Кхелхинчарех ах - "вагнерхой". Оьрсийчоьнан тIеман министралло кхелхинчеран терахь далош дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG