ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман министраллица "лаамхойн тобанех" барт биначех хьалхарниг йу Нохчийчуьра "Ахмат"


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьра "Ахмат" тобано уггаре хьалха бартбина Оьрсийчоьнан тIеман министраллица – цара ма-аллара, лаамхойн тобанаш вовшахтохарехь. Республикера бахархой бертаза Украинерчу тIаме хьийсорах массийттаза дIахьедина бакъонашларйархоша.

Карладаккхар: видео тIехь кехаташна куьйгаш йаздиначарех дерг билггал далийна ду

Кадыров Рамзана динчу дIахьедаршка ладоьгIча, контрактана куьйгаш йаздечохь бара "Север-Ахмат" полкан буьйранча Зингиев Зайнди, "Ахмат" леринчу батальонан буьйранча Алаудинов Апти, пачхьалкхан думан Нохчийчуьра депутат-векал Делимханов Адам, Оьрсийчоьнан эскаран Коьртачу штабан куьйгалхочун гIоьнча Ким Алексей, Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" куьйгалхо Вайханов Байбетар. Хьалхо бинчу хаaмаша дийцарехь, цу "университетан" куьйгалхо Дашаев Адам ву – тIеман министраллица барт биначул тIаьхьа шайн хаамашкахь пачхьалкхан хаамийн гIирсаша хьахийра цуьнан цIе а. Амма цара дIайазйинчу видеошкахь Дашаев гуш вац. Вайханов тIехьа лаьтташ гуш ву, ткъа кехаташ дIасалуш гойту "Север-Ахмат" батальонан буьйранча Зингиев.

"ХIара вай динарг ган а гина, лаамхойн кхечу тобанаша а иштта контракташ хIитторг хиларах теша лаьа суна", – дIахьедира Кима. Контрактана куьг йаздаро "Оьрсийчоьнан тIеман министраллица тIом бечеран, шайн лаамехь тIаме баьхкинчеран соцпакет цхьаьнайогIуш хуьлуьйтур йу", аьлла билгалдаьккхира Алаудиновс. Нохчийн "Грозный-информ" агенталло йаздина, "[тIеман министран Шойгу] Сергейн омра кхочушдархьама", кепе далийна и кехаташ, аьлла. Йуха шайн хаам республикин куьйгалхочун цуьнца даьккхинчу суьртаца кечбина.

"Ахмат" йукъараллин спецназан" декъерчу лаамхойн тобанаш вовшахтохарехь "Оьрсийчоьнан тоьлла мохк" бу Нохчийчоь аьлла, дIахьедина Кадыровс. Нохчийчоьнан куьйгалхочо билгалдаьккхира, йолахошна Кадыров Ахмадан цIарахчу фондо гIирс латтош хилар – зорбанаша дийцарехь, и фонд бюджетхойн алапех бертаза ахчанаш сецоро йузош йу.

Оьрсийчоьно тIом болийчхьана Нохчийчухула Украине бахийтинчу йолахойн билггал долу терахь девзаш дац. Кадыровс бахарехь, цига хIора кIирнахь керла тIемалой бахкабо.

  • Мангалан-беттан 10-хь Оьрсийчоьнан тIеман министро Шойгу Сергейс омра делла лаамхойн доллучу эскаршка контракташ де аьлла, "Iалашонаш хIитторан, цаьрга кхачаран болх цхьаллина тIебалорхьама".
  • ЧВК "Вагнеро" Оьрсийчоьнан тIеман министраллица барт беш куьг йаздийр дац. Иза дIахьедира ЧВК долахочо Пригожин Евгенийс.
  • Хьалхо Кадыровс иза бахьанехь йемалвира Пригожин, вукхо цунах дерг ЧВК "Вагнеран" буьйранчашна, Нохчийчоьнан куьйгалхочун йуккъера дов дерзочу хенахь хьахийча.
  • Нохчийчуьра хьаькамаш, имамаш, буьйранчаш декхаре бу Украинерчу тIаме бахийта йолахой вовшатоха - и "барамаш" кхочушбархьама меттигера бахархой бертаза къайлахьчу набахтешкахь сецабо, нагахь уьш тIаме баха реза ца хилахь, церан гергарчу нахана бохам баккхарца кхерамаш туьйсу. "СК SOS"кризис-тобанан дIахьедаршкахь билгалдаьккхина ду цунах дерг.
  • "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" куьйгалхо Дашаев Адам хIоьттира стигалкъекъа-баттахь. Цу стагах лаьцна хууш дукха дац. 2011-2014 шерашкахь цхьалхачу бизнесхочун статус хилла цуьнан. Спортхо аьлла билгалдаьккхин ду, шоллагIа болх – сираш дохкар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG