ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIепаза байначу нехан терахьца регионашлахь лидер йуьссуш йу Нохчийчоь


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. 2020-чу шеран марсхьокху-беттан 12 де. Гайтаман сурт
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь. 2020-чу шеран марсхьокху-беттан 12 де. Гайтаман сурт

2022-чу шеран жамIашца, доьза байначу нехан терахьца дуьстича, кхоалгIа меттехь йу Нохчийчоь – Москва а, Москван кIошт а дIайаьлча. Дайначу шарахь республикехь 1 601 стаг лехамашка велла – йерриг пачхьалкхехь байначу нехан 4% йу иза. Нохчийчоьнан бахархойн терахь 1% ду йерриг Оьрсийчоьнан бахархойх.

"Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн лехамийн, адам билгалдаккхаран гIуллакхехула йолчу чоьтаца" а догIуш, 2022-чу шарахь Оьрсийчохь тIепаза вайна лоруш вара 38,5 эзар стаг. Уггар дукха доьза байнарш Москвахь (2 387), Москван кIоштахь (1 850), Нохчийчохь а бу. ВорхIалгIачу меттехь бу Краснодаран мохк – кхузахь тIепаза вайна лору 1 123 стаг.

Дагестанехь доьза вайна вуьссуш ву 316 стаг, Къилбаседа ХIирийчохь – 239 (кхечу къилберчу регионашца дусьтича, и терахь кхузахь дайначу шарахь дукха лекхара дац), ГIебарта-Балкхаройчохь – 179, Кхарачойн-Чергазийчохь – 153, ГIалгIайчохь – 111, Адыгейхь – 107.

Талламах, кхелах лечкъаш, лехамашкахь болу бехкебечу нехан терахь а довзийтина МВД-но. Оцу барамехь пачхьалкхехь Москва дIайаьлча шолгIа меттигехь бу Краснодаран мохк (3 588 стаг), йоалгIа меттиг – Дагестанан йу (3 052), ворхIалгIа – Ростован мехкан (2 619). Нах лехамашка беллачу регионийн топ-15 йукъабогIу Ставрополан мокх а (1 563), Нохчийчоь а (1 559).

  • ТIаьххьарчу кхаа шарахь Нохчийчохь тIепаза вайна 4 984 стаг. Байна нах наггахь бен ца карочу регионашлахь а иштта "лидер" ю Нохчийчоь. И зераш 2021-ра шо довш зорбане дехира пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло, Оьрсийчоьнан МВД-н диллинчу хьасташна тIетевжина.
  • Дечкен-беттан 18-хь адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" центро тIечIагIдина кадыровхоша дечкен-беттан 8-хь нохчийн Iалхан-ГIалара 25 гергга вахархо лачкъийна хилар. Лечкъийначарлахь СолсаевгIеран вежарий Хьамзат а, Леча а вара, республикерчу Iедална критика йарна Соьлжа-ГIалахь царна тIехь ницкъбеш бу, аьлла дIахьедира церан гергарчу наха. Иштта Iазапехь латтош ву лаьцначех кхин а цхьа стаг, Мусаев Iусман. ТIаьхьо цуьнан гергарнаш а лечкъийра.
  • "Бакъонийн жигаралла" ("Правовая инициатива") проекто йовзийтина Нохчийчуьрчу "шолгIачу тIамехь" байначу нахах лаьцна ша йина проект. 330 стагах лаьцна информаци ю талламехь.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедора, махкахь къайлаха набахтеш йац бохуш. Масала, шен гIалин бухахь лаьцна латточу наханна лерина ларманаш йац бохура цо. Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима къайлахчу набахтех лаьцна дийцира, иза ша хилла цу чохь, Кадыровс Iазап латторехь дакъалацарх а дIахьедира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG