Йозуш йоцчу Ичкерин агӀончех вовшахтоьхна лаамхойн дакъош ду Украина ларйеш кхин дIа а. Кавказ.Реалии сайтан корреспондент хилира карарчу хенахь кхуллуш йолчу керла тобанан куьпахь.
Талламан а, диверсин а белхаш бан керла тоба вовшахтухуш ву Къаьстинчу лерринчу батальонан (ОБОН) тIемало Амаев Зумсо. Ша ОБОН юьсу Украинехь Ичкерин тӀеман министраллан куьйгакIел, и дакъа Украинехь тIемаш беш ду Арахьарчу легионан декъашхо санна.
Зубайра цӀе йолчу эскархочо Киевна гена йоццучу базин куьйгалла до, цига хьежош бу Амаевн тобанах дIакхета Iалашо йолу керла лаамхой. Царах дукхахберш бу цунна шена бевза-безарш, дуьххьара Нохчийчуьрчу шолгӀачу тӀамехь дакъалаьцна а, цул тӀаьхьа Шемахь Кремло гӀортор йечу президентан Асад Башаран эскаршна дуьхьал тӀом бина махкахой а.
Царех ву 37 шо долу Зубайр а. Нохчийчохь цуьнан цӀа дагийра меттигерчу Ӏедалша 2005-чу шарахь, тӀемалочун ваша къайлахчу тобанан декъашхо хилар гучудаьлча. Да-нана республикера арадаьккхира, хӀинца уьш кхечу регионехь бехаш бу.
Нохчийн лаамхошна атта дац тIамтIе кхача. Нагахь санна ОБОН-ан буьйранча Зумсо Хьажа-Мурад царах тешалла дан кийча велахь а, уггар а хьалха таллам бо царах, шайна йукъахь аьшпаш буьттург гучувоккху детектор а йолуш. ХӀинцале а кхойтта стаг дӀаэцна цу тобане. Кхин дуккха а бу Украине чубаха аьтто боцуш, оьшуш долу кехаташ цахилар бахьана долуш.
Зубайр –Амаевн гIовс ву керлачу декъехь. Дукхахболчу шен белхан накъосташа санна, шен йуьхь къайла а ца йоккхуш, реза хилира иза шех лаьцна кхин а кIорггера дийца. 2018-чу шарахь веана хилла иза Украине, Шайх Мансуран цIарахчу Ичкерин батальонехь хилла иза, ткъа 2022-чу шарахь ОБОН-е дехьаваьлла.
– Мел хан оьшу эскархочун талламбан?
– Оьрсийчоьнан паспорт дерг Украинел арахьа полиграфах чекхволу, цул тӀаьхьа шина баттахь ладоьгIуш Iа уьш. Церан кандидатура къобалйахь, кхуза схьабогӀу уьш. Кхузахь йуха а полиграф йо, кхин а кхо бутт баьлча контрактана куьг йаздойту. Талламаш бар эха шаре дахдала а тарло.
– Полиграф тӀехь стенах лаьцна хоьтту цара?
– Цара толлу и стаг Оьрсийчоьнан лерринчу сервисашца уьйр йолуш вуй хьожуш, цуьнан дахаре болу хьежамаш муха бу хаа лаьа царна.
– Хьан некъ муха нисбелира Амаевца цхьаьна Нохчийчохь?
– Сайн 19 шо кхаьчначул тIаьхьа, 2007-чу шарера схьа, цуьнан куьйгаллин бухахь тIом бина ву со. Хьалха-Мартанан а, ТIехьа-Мартанан а, Шуьйтан а кӀошташкахь лелла ду тхо, Оьрсийчоьнна дуьхьа тIемаш беш. Цу хенахь Нохчийчохь дӀабоьдуш бара партизанийн тӀом. Къилбаседа-малхбузерачу тIамехь Зумсо вара федералашна дуьхьал дӀахьочу операцийн терго латтош.
Цкъацкъа къамелашца кхетара тхо, дехьа агIор нохчий хиларх, царна тIетухура оха
2012-чу шарахь тхайн накъосташца, исс стаг вара тхо, Гуьржийчу дахара. Тхох цхьанна меттигерчу къайлахчу сервисашкара цхьаъ вевзаш вара. Герз эца а, керла нах вовшахтоха а лууш дара тхо, оха накъосталла дора Нохчийчохь бисинчарна. Гуьржийчохь президент Саакашвили Михаил волуш, гӀо дора цара тхуна. Амма Iедале Иванишвили Бидзина кхаьчча, цара тхоьга дIахьедира, шаьш тхо Оьрсийчоьне дӀадала мега аьлла.
Цул тӀаьхьа Туркойчу дӀадахара тхо. Дукха хан йалале тхох бархӀ стаг Шема вахара. Цигахь дуккха а тхайн махкахой дуьхьалкхийтира тхуна, Нохчийчохь тӀом бина бевза-беза туркой а.
– Амаевца цхьаьна Шемахь хилла хьо 2014-2015-чу шерашкахь, хIун лелош дара шу хIетахь цигахь?
– Шеман халкъан армин салташна гIо дора оха (йуьйцург йу шемахойн оппозицин халкъан арми.-Редакцин билгалдаккхар). Асадан эскаршна дуьхьал тIемаш беш бара уьш, Алеппе чувуллучохь Iаш дара тхо, керла тIебаьхкина нах а Iамош.
– Хала дарий?
– Шемахь доьхна хьал дара: керла тобане эцначийн тIеман зеделларг дацара, тхуна луш йа алапа а дацара, харц-бакъ хене дуьйлура тхо. Цкъацкъа хан йогIура цхьанггахь а шай доцуш.
Меттигехь дуьхьало йечу армин цхьа къаьсташ структура а йацара. Кеп-кепара тобанаш йара цуьнан декъехь, девнаш дуьйлура церан вовшашца, доза а, схьайаьккхина хIума а йокъура. ДаIишан [терроран тобанан] агIончаш кхочура цига.
Церан девнашна а, политикана а йукъа тхо ца гIертара.
Тхуна дуьхьал авиаци йара, ткъа оьрсийн кеманаш дохон хӀумма а йацара, лоххахула доьдуш бен- тӀаккха чудаийта хьажа мегар дара.
Оцу юкъанна ДАӀИШ-ан тобанашкахь дийца долийра, коьртачу декъана шайн могӀаршкахь тӀом беш нохчий бу бохуш. Амма ас цкъа а тӀе ца оьцура церан кепаш. Халкъан эскаран тӀемалошца хаддаза тийсадаларш хуьлура церан, цара массарна а дуьхьал бохург санна тӀом бора.
Цхьана муьрехь цигахь совца аьтто ца хилира, тобанашна йукъахь девнаш латтар бахьана долуш. ХӀордехула дехьавала гIоьртира Зумсо, амма цуьнан кеманна тӀелатар дира, ткха иза ша лецира Желтойн махкахь цхьана гӀайри тӀехь.
2016-чу шарахь со Туркойчу йухавахара, доза хадийна аьлла, лецира со, масех баттахь набахтехь латтийра со, цул тIаьхьа Дубайхула, Мароккехула Украине веара. Цхьа хан йаьллачу заманчохь Шейх Мансуран цIарахчу батальонехь нисвелира.
– Украинин малхбалехь тӀом биний ахь?
- ХӀаъ. ХIетахь "ДНР-н" сепаратисташца тийсадаларш дара. Цара латтийра тIом, схьагарехь, доккхачу тӀелатарна кечам беш. 2018-чу шарахь дуьйна Мариуполехь ву со Шайх Мансуран батальонехь Зумсо Хьажа-Мурдаца (хӀинца ОБОН-ан буьйранча ву иза) цхьаьна. Закаев Ахьмада 2022-чу шарахь Ичкерин тӀеман министралла кхолла сацам бича, ОБОН-е дахара тхо.
Оьрсийчоьно буьззинчу барамехь тӀелатар долийначул тӀаьхьа, Киевна гергахь йолчу Броварихь а, цул тӀаьхьа Херсонан а, Харьковн агӀор а, Бахмутехь а дара тхо. Талламан а, диверсин а, штурман а белхаш дӀахьо оха, Белгородакн кӀоштахь дӀайаьхьначу рейдехь дакъалоцуш а дара тхо. Цигахь, дагадогӀу суна, йийсаре лаьцна [оьрсийн] эскархо Украинин къайлахчу сервисашка дӀавеллера.
– Муха дог-ойла йолуш тIом бо аша?
– Бекхам бан лаарца.
– Хьан хьесапашца, Оьрсийчоьнан агӀор уггар дукха эшамаш стенгахь хилла?
– Шайна хьалхара бала тийса дуккха а бу Оьрсийчоьнан. БӀе стагах лаьтта взвод а хӀоттийнера цара Харьковна уллохь, берриш а бохург санна байъира. Дийна бисинарш йухабевлира, царна тӀаьххье керла кхин тоба йахийтира. Иштта хӀора дийнахь хуьлура - хӀора позицехь кхузза-кхузза.
Цо дагайаьккхира суна Нохчийчоь. Дуьххьара федералаш тхуна тӀелеттачу хенахь, 1994-чу шарахь, дуккха а белларш бара церан. Тхан буьйранчаш кхерабелира, декъий бахьана долуш чума олу цамгар йаржарна, декъий дӀадаха аьтто хилийта, тӀом сацийра цара.
– ХIинца хала дуй шуна тIом бан?
– Нохчийчохь санна хала дац кхузахь. Чов йинехь, дарба дан аьтто бу. ЦIахь тIемалочун гех кхеттехь, дийна ца вуьсура. Кхузахь лазийнарш санитараша маса дIабуьгу. Эшахь, Киевера лоьрийн кема а доуьйту.
– Шун батальонера Джамбетов Хьусейн кадыровхойн агӀор дехьаваьлча, цецваьллерий хьо?
- ХӀан-хӀа. Цул хьалха а цхьа цавашарца, кура лелаш вара иза, кадыровхочун лелар дара цуьнан, масала, Кадыровх лаьцна вониг ала а кхоьрура иза. Джамбетов Ӏедале гӀерташ стаг вара, гӀараваьлла буьйранча хила лууш вара иза.
Тхуна йамартло йале хьалха, цо дехар дира, Донбассера Херсонан агӀор, тийна долчу дӀавахийта ша аьлла. Цигахь шена садаIа денош а эцна, цул тIаьхьа Европе дӀавахара иза. Иза воккха фантазер ву. Тхоьга бохура цо, цхьа шатайпа шен парти вовшахтухуш ву ша.
ТIом – суна дагаоьху ан бераллин дуьххьарлера мӀаьргонаш йу
ТӀаккха цхьана ханна дӀавайра иза. Тхуна ма-хаъара, иза Чалаев Замидаца зӀене ваьллийла [Кадыров Ахьмадан цӀарахчу полисхойн лерринчу полкан буьйранчаца]. Вукхо цунна дош деллера цхьаъ дийр ду аьлла, жимма хан йаьлча Джамбетов Оьрсийчу дӀавахара.
Нохчийчохь тхан цхьаболчу тӀемалошна мотт тоьхнера цо. ХӀинца церан гергарнаш хеттарш дан тIеийзабо, йа нуьцкъала тӀаме бахийта гӀерташ бу уьш.
– ТIамехь кадыровхой ган а гой шуна?
- ТӀом боьдуш, нисло, хьуьнхахь тхуна йуккъехь шовзткъе итт чакхарма хуьлуш. Цкъацкъа дечу къамелашца кхетара тхо, дехьа агIор нохчий хиларх, тIетухура оха. ХӀаъ, тхан гергара стаг хилла тарлора цигахь, амма хӀун дийр дара оха?
Тхуна хаьа, Нохчийчохь кӀентий лоьцу, бертаза тӀаме бахийта. Масала, цхьаммо шен доттагӀчуьнга машен йехна хиллера, цигахь пиво чохь банка а йуьтуш, ткъа и криминал йу. ТӀаккха оцу стагах таллам бой, [тIамтIе] дӀавуьгу.
Ала дашна, кадыровхой массарел а сиха хуьйцу. [Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь депутат волу, Кадыров Рамзанан уллорчун] Делимханов Адаман гӀоьнча ву хийцаршца болх беш. Оьрсийн агIоно украинхой йийсаре эцахь, кадыровхой схьа а богIий, цара оьцу уьш хIораннах а 200 долларш луш, цул тIаьхьа уьш дIасахуьйцу.
***
Амаев Зумсон керлачу декъан кхин а ши тӀемало реза хилира Кавказ.Реалии сайтан корреспондентца къамел дан. Царах цхьаъ ву Самад. Стохка дуьйна ОБОН-х дIакхета гӀертара иза, цу гӀуллакхана Польшера схьа а веана, Львовехь полиграфах чекхвелира иза. Амма нах схьаоьцу низамаш хийцаделлера, Самадан дийзира Украинера дӀаваха. Польшехь иза хьевелира, цигахь виса бакъо лун кехаташ карладаха дезарна. Кху шарахь йуха а кхечира иза Киеве.
– Суна Зумсо [Амаев] вевза дуккха а шераш ду, со цуьнца Шемахь вара, хӀинца цуьнан тобанах дӀакхета лаьа суна. Массо а талламех чекхваьлла, церан сацаме хьоьжуш ву со.
– ТIом бан хьо ван лууш велахь, хIун кехаташ оьшу?
– Европера хилар дика хир ду кехаташ. Оьрсийчоьнан паспорт ца хилчахьана. Дуьххьара со цу чу вахара эскархошца барт а бина оьрсийн паспортаца. Паспортан хан чекхъйаьллера. Польшин документех пайда а оьцуш, шолгӀа а чувеара со. Соьгахь тахана а ду Ичкерин паспорт, [дозанал арахьарчу Ичкерин Ӏедалан куьйгалхочо Ахьмада] Закаевс делла.
– Хьо Соьлжа-ГIалара ву?
- ХӀаъ. Суна дагайогIу сан бераллин дуьххьарлера мӀаьргонаш –тIом бу. Оьрсийчоьнан тоьпаш бахьана долуш лармашкахь буьйсанаш йохура ас. Со а, сан доьзал а хаддаза дӀаоьхура республикерчу кхечу йарташка, цу хенахь цигахь тӀемаш ца хуьлура. Тхо Польшехь дехаш ду 2000-гӀа шерийн йуьххьехь дуьйна.
- ХӀун Ӏалашо йолуш тӀамехь дакъалоцуш ву хьо?
– Шемахь а, Украинехь а сан цхьа Ӏалашо йу – сан даймохк. Со жима волуш а, йалх-ворхӀ шо кхаьчначу хенахь а, цига гIертара со, даим а тхайчех дог лозура сан.
Тхешан пачхьалкх –хьан латта дозуш ца хилар ду и. Ткъа диссинчун хьокъехь политикийн барт хир бу, со ца кхета цунах, ас сайна тӀедожош дерг до, сайн ницкъ кхочург а до.
ТIом бан беза - Оьрсийчохь кхечу маттах ца кхета, дийцарша пайда ца бохьу.
***
Амаев Зумсон керлачу тобанан кхин а цхьа тIемало ву -Билал. 2006-чу шарахь дуьйна Украинехь веха иза, цул хьалха Нохчийчохь Оьрсийчоьнан Ӏедалшна дуьхьало йеш тIемашкахь дакъалоцуш вара иза.
– 2006-чу шарахь со кхийтира, Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахошна сох лаьцна хууш хиларх, цхьаммо суна мотт тоьхна хиларх. Лаьмнашкахь йолчу Шуьтан кӀоштара дӀаваха дийзира сан, кадыровхой суна тIаьхьабевллера.
Со Украине дехьавелира, кхузахь сан дика накъостий хиларна, цул тӀаьхьа Европе ваха дагахь вара со, хӀунда аьлча [президентан Викторан] Януковичан заманахь кхузахь а суна тIаьхьабуьйлура. Амма сан хаза аьтто хилира. Кхечеран гIуллакх ца хилира: цхьаболу нохчий Оьрсийчоьне дӀабелира.
ТIейогIучу заманчохь украинхоша тхайна герзаца а, технологешца а гIо дийр ду аьлла хета суна
Цул тӀаьхьа украинхо йалийра ас. Со Европе кхуьйкхура, амма Украина тайра суна. Кхузахь сайн даймахкана гена а вац со, луларчу гӀала вахча санна хетара. ХIетахь а Украинехь гуттаренна а ваха бакъо йара сан. Балхахь вара со.
Оьрсийчоьно ГӀирма схьайаьккхича, со ца тешара иза жима конфликт йу бохучух. Со кхетара, хенан йохалла тӀом чӀагӀлур буйла. Амма хIетахь тIамтIе ца вахара со, шеконаш йара сан. Донбассехь тӀом болабеллачул тӀаьхьа а Оьрсийчоьне дӀалуш бара сан махкахой. Царна йукъахь бара Украинин дуьхьа тӀом бинарш а.
ЦӀабирзинчарех цхьаберш байина, вуьйш чубоьхкина, хьийзош хилла бохуш хезира суна, Тумгоев Тимур а санна. Амма хӀара, хIинцалера Iедал [Украинехь] долуш хилла хIума дацара, цундела 2022-чу шарахь Оьрсийчоьно буьззинчу барамехь тӀелатар долийча, ас сацам бира, зуламца къийсам латтор мехала ду аьлла.
– Хьан хIусамнанна хIун аьлла хийтира?
– Бакъдерг аьлча, йоккхайуьйш йацара иза, со тIеман стаг вац. Амма партизан санна лела хаьа суна, хьуьнан кIоргенехь а, некъаш тIехь а кIело йан а хаьа, тоххара Нохчийчохь а санна.
Со кхузахь вехаш вара аьлла, гӀо ца хилира суна Украинан къайлахчу сервисийн талламех чекхволуш. ХӀинца ши бутт бу со батальонех дIакхета бакъо йаларе хьоьжуш волу.
ХӀун Ӏалашонаш йуй? Украинехь вайн пачхьалкхана бух кечбан аьтто бу аьлла хета суна. Вай Iилма карадерзон деза, вай лардала Iама деза. Хьалха санна - Нохчийчоьнан дуьхьа къийсам латтон, цхьана автоматца ведда леларх - тахана гӀуллакх хир дац. Дронаш а, кхин долу керла герз а долахь хила деза.
Аьтто мел болчу хIуманна тхо кхузахь Iама дезаш ду. Суна хетарехь, тӀейогӀучу хенахь украинахоша гӀо дийр ду тхуна герзаца а, технологешца а.
- Украинан малхбузера Ивано-Франковскехь мемориалан у диллина къобалйазчу Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран сий деш. Цу тӀе йаздина ду Дудаевс аьлла боху дешнаш, "Украинан малх схьакхетча Оьрсийчоь хӀаллакхир йу" - и цитата бакъ хилар тӀечӀагӀдеш дац.
- Карарчу хенахь къаьстина, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оператив тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.
- Оьрсийчоьнан эскарехь гӀуллакх деш хилла Нохчийчуьра меттигера бахархой йийсаре лаьцна Курскан кӀоштахь Украинин эскарш чудаьхкинчу хенахь. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу тӀеман аналисташа тӀечӀагӀдо: кадыровхой дукха хьолахь тӀеман могӀанна генахь буьсу бохуш.