Оьрсийчуьра туристаш шайн пачхьалкхе юхаберзорхьама Хонкарас шена тIе мел лоцу чIагIо.
Туризман бизнесан масех къайле яста а кийча бу Къилбаседа Кавказана.
Туркойчоьнан културан, туризман министран гIовса Яйман Хьусайна хаамбина, Оьрсийчоьнца масех юкъахь туризман проекташ кхочушъян шайн бартхиларх.
Яйман Хьусайн, Туркойчоьнан посол Дириоз Хьусайн, хIусамийн цIенойн ассоциацин президент Байындыр Тимур, туризм кхиоран депаратментан директоран гIовс Темурджи Ахьмад а журналисташца цхьанакхийтира, шайн Iалашонех лаьцна дийца.
Хонкаран официалан векалша билгалдаьккхира: оьрсий а, туркой а вежараллин къаьмнаш хилар, хIунда аьлча, бIешерашкара схьа дуьйна ю церан културехь а, экономикехь а юкъаметтигаш аьлла.
Президентан ЭрдогIан Реджепан векалш догйовха бу, оьрсийн, туркойн гергарло чIагIлург хиларх. «Кху шарахь 5 миллион Оьрсийчуьра турист тIеэца дагахь ду тхо» боху цара.
Оццу Iалашонашца, Туркойчоь лерина ю спортан туризм, зияртан программаш, кхин а кхиаме проекташ а хьалхататта, масала, йовзийта оьрсашна Каппадоки а, Истамул а, туркойн Iаьржачу хIордан йистош а.
Туркойчоьнан културан, туризман министран гIовса Яймана леррина билгаладьккхира, Iаьржачу хIорде Оьрсийчуьра туристаш хьийсорах бертан дийцарш шина а агIонан кхочушхилла аьлла.
Сочин, Новороссийскан, Ялтин, Севастополан, Истамулан порташ юкъа а озош, юкъара круизан проект йоло а дагахь ю ши пачхьалкх.
Чартеран рейсаш юхайолийначул тIаьхьа, оьрсийн бахархошна турийн мехаш кхи лакхадевр дац аьлла, тешам белла Яймана.
Къилбаседа Кавказехь туризм кхиочаьрца зеделларг довзуьйтуш, масала, Iаморан семинараш вовшахтухуш, туркойн юкъаметтигаш хир юй аьлла, Кавказ.Реалиин журналисташа хаьттича, Яймана жоп делира, Ростуризман куьйгалхочуьнца хиллачу цхьанакхетарехь и хаттар а хьахаделла хиларх а, шаьш муьлххачу а дарехь цхьана хила кийча хиларх а.
Цо иштта дагадаийтира, дуьненчохь уггар алсам туристаш лела билгалбаьхначу мехкашлахь, Туркойчоь 6-чу меттигехь хилар. "Оьрсийчуьрчу коллегашца туризмехь тхайн зеделачуьнца дакъадан кийча ду тхо", элира Яймана.
ХIоттийначу рейтингехь тIейогIучу хенахь 3-чу меттигехь хила Iалашо лаьцна Туркойчоьно.
Оьрсийчуьра турпроекташ, къаьсттина Къилбаседа Кавказехь кхиаме хетарш, шайн конкуренташ лорий аша аьлла, деллачу хаттарна жоп дала реза ца хилира Туркойчуьра културан, туризман министраллан векал. Политикан лерира цо и хаттар.
Туризман проекташ тIаьххьарчу хенахь йийцар жигардаьккхина мехкийн урахаллашкахь. Дахначу кIиранах Къилбаседа Кавказан регионийн куьйгалхоша мехкашкахь туризм кхион эшарх дийцира Оьрсийчоьнан премьер-министрца Медведев Дмитрийца хиллачу кхеташонехь.
Къилбаседа Кавказехь курорташ кхиорах дийца долийна Мисарарчу Синайхь кема доьхначул тIаьхьа а, Туркойчохь оьрсийн кема дохийначул тIаьхьа шина пачхьалкхана юкъахь чартеран кеманаш лелар сацийчхьана а.
Оьрсийчоьнан политикаша къайла а ца хьош дуьйцура, шайн курорташна тIе тидам а бахийтина, жимма куьйгаш тоьхча, Мисарара а, Туркойчуьра а садоIучу меттигел а оьшуш хирг ца хилар.
Делахь а, цкъачунна дерриг а дуьйццучохь дисина.