Титиевна ен кхел къевлинчу ражехь дIаяхьа бинчу сацамо гойту лаьцначунна тIехь лелориг харцо юйла, чIагIдо адвокаташа
Массех теш левеш яржа тарло къайле ларъеш, рогIера ладегIарш неIарш а къевлина дIаяхьа сацам тIеийцира Шеларчу кхело. Иштта дерзарх цец а буьйлуш, кхелан цIа дIатаса дийзира журналистийн а, дов тергалдан баьхкинчу арахьарчу мехкийн дипломатийн а.
Цхьа а къайле а йоцуш, дукхахболу тешаш лебина яьллачу кхело неIарш къовлар дикахо хета адвокаташна - оцу суьрто аьтто бо шайна лела харцо мелла а эвсара Iораяккха, боху Титиевн агIоно.
"Прокурорна баркалла ала догIу. Цунна ша тактикехь тоьлла моьтту, ткъа даьлларг-м ду стратегин гIалат. Кхело, цуьнга ла а доьгIна, полисхой къайлах лебан сацам арабаккхарца сакхт эккхийтина шегара – Европан адамийн бакъонийн конвенцин 6-гIа артикло ца магадо иза", билгалдаьккхира адвокато Заикин Петра.
Дов нахах хьул ца деш листа деза аьлла йолу принцип ю талхийнарг, Европан кхеланна Титиевна ечу кхелера дакха сакхт ду иза а.
Кхел къовла цхьа а бух бацара, боху Титиевн шолгIачу адвокато а – Дубровина Маринас. "Шайна дагадогIуш хIума дац олу тешаш бу кхузахь, кхел йиллина яьхьча а, ца яьхьча а. Тешашна тIехь бац цхьа а кхерам. Церан суьрташ дохуьйтуш кхело ишта а дацара", - боху Дубровинас.
Кхайкхийначу Iалашонашца а догIуш, къевлинчу ражехь лаххара а виъ теш левийр ву кхело. КхидIа маьрша хила тарло хьовсархошна хьелаш.
"Кхело ша шен гIалаташца аьтто бо тхуна хенан йохалла Европан кхелехь толам баккха, Страсбурго цул а кегий гIалаташ до харц, кест-кеста декхаре хуьлу Оьрсийчоьнан Лакхара кхел нийсонехьа яла, меттигашкарчу кхелийн сацамаш юхабаха", билгалдаьккхира Заикина.
Оьрсийчоьнан бехктакхаман процессан 228-чу артиклца а догIуш, кхел къевлинчу ражехь дIахьо, лебийраш айкханчаш я Iедална къайлах информаци латтош болу оперативан белхахой хилча, цара луш йолу информаци пачхьалкхан къайленашца йозуш хилча. Титиевн девнца яц къайле ларъян цхьа а хьашто. Цундела бу Шелан кхело бина сацам тамаше.
Исс бутт бу бакъоларъярхо Титиев лаьцна кхобу. 60 сов теш левина. Уьш берраш а санна бу Титиевна дуьхьаллаьтта полисхой.